ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Историн книги тIера репрессеш йинчу къаьмнех лаьцна дакъа хуьйцур ду – Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

СССР-н къаьмнашна депортаци йарх лаьцна дакъа хуьйцур ду школашна леринчу Оьрсийчоьнан исторех лаьцна книгаш тIехь, дийцина Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо Темрезов Рашида шен телеграм-каналехь. Хьалхо цхьамогIа Къилбаседа Кавказерчу йукъаралхоша йемалйира и книга.

И тема луьстур йу репрессешна кIел нисделла къаьмнаш дехачу регионийн куьйгалхойх лаьтташ йолчу белхан тобано, иштта Iилманан министраллин куьйгалло а, дIахьедина Темрезовс.

"Белхан тобанна хетарг оцу книгин авторна Мединский Владимирна дIахаийтина. Важа реза хилла. Цо аьлла, и дакъа хийцамаш доцуш хьалхалерчу книги тIера схьаэцна хилла хиларх – иза меттайало дош а делла цо", – билгалдаьккхина Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо.

Темрезовна хетарехь, къаьмнех хьакхайеллачу репрессех лаьцна "историн бакъдерг хийцо йиш йац".

Хьехархой а, историкаш а дуьхьал хилла оцу кепара арахецначу историн книгина. Путин Владимиро 25 шарахь гергга пачхьалкхана куьйгалла дарх, "леррина тIеман операци" (ишта олу Оьрсийчохь официалехь Украинерчу тIамех) дIайахьарх дийцарал сов, книги тIехь дуьззина дакъош хийцина.

Книги тIехь чIагIдо, Сталинан Iедало депортацеш йаран бахьана хиллера, гIалмакххоша, нохчаша, гIайгIайша, балкхароша, гIирман гIезалоша оккупацин Гитлеран эскарца йукъаметтигаш лелор. Книгехь респрессешна кIел нисбеллачу нахах лаьцна дакъа "Оккупантийн гIоьнчаш" аьллачу цIарца арахецнера.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца Мединскийн арахецарца йолчу историн книгин йерриг зорба йухаэцна, дIахьедина республикан парламентан хьалханчас Даудов Мохьмада. Нохчийчоьнан куьйгалло Iилманан министраллица дийцаре деш ду, репрессеш лелийначу къаьмнех лаьцначу коьртехь хийцамаш бар. Амма тIаьхьо цунах лаьцна йоза дIадаьккхира.
  • Советан заманахь депортаци йира миллионаш наханна, амма шайн къоман билгалонца буьззинчу барамехь махках даьккхира II къам: немцой, полякаш, финнаш- ингерманландцаш, кхарачой, нохчий, гIалгIай, балкхарой, ГIирман гIезалой, туркой-месхетхой, гIалмакххой, корейхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG