ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ISW: Путина буьйранчаш хийцаро оьрсийн эскаран жигаралла лахйина


Герасимов Валерий, Путин Владимир, Шойгу Сергей
Герасимов Валерий, Путин Владимир, Шойгу Сергей

Украинана тIамца тIелата Оьрсийчоьнан президентан сацам кхоччуш структура йолуш оьрсийн эскаршна тIехь буьйралла долуш ца хилла. Иштта тIом боьдучу йукъанна куьйгаллехь масийттазза хийцамаш баро а, Украинехь оьрсийн эскарийн тохарш дан таро лахйина. Буьйраллин структурина дезорганизаци а йина, армин куьйгаллехь болчийн барт а ца латтийна. Иштта тIечIагIдарш до оханан-беттан 30-чохь, Украинерчу тIамца боьзна хиламаш зуьйчу америкахойн тIом толлучу Институто зорбане йаьккхинчу рапортехь.

Рапортана тIетевжина оьрсийн Свобода Радионо йаздарца, Оьрсийчоьнан тIеман буьйраллин барт цахилар а, царлахь кеп-кепара тобанаш вовшахйеттар а – керла феномен йац, делахь а, тIаьхьарчу хенахь оцу кепара хIуманаш цкъа а ца хиллачу тайпана дукха хила доьлла.

Рапортехь билгалдоккху, Украине чугIоьртинчу юьххьехь оьрсийн эскаран тобанан куьйгалле йукъара буьйранча ца хIоттийра Путина, тIеман хьалхарчу муьрехь куьйгаллин эвсаралла лахйира цо. Аналитикаша билгалдаккхарехь, Путин Владимирна моьттуш хила тарло Киев маса схьайоккхур йу ша, тIамехь толам баккхар шен геополитикан кхиам санна дIагайта а. Путинан лелар дусту, дуьненан ШолгIа тIом боьдуш а, и бирзинчул тIаьхьа а советан Iедалан диктаторан Сталин Иосифан леларца. Доккхачу декъанна, маршалца Жуков Георгийца толамхочун цIе йаккхар къийсина волчу.

Стохка оханан-баттахь, Киев схьайаккха аьтто ца нисбелча, Путина Украинерчу эскаран куьйгалле хIоттийра эххар а инарла Дворников Александр. Стигалкъекъа-беттан 9-чохь Донецкан а, Луганскан а кIошташ шайн контроле эца хIоттийна Iалашо йара церан бохуш, чIагIдо. И Iалашо кхочуш цахилча Дворниковн метта стигалкъекъа-бутт бовш инарла Жидко Геннадий хIоттийра.

ЧIагIдарехь, и инарлаш Коьртачу штабан хьаькаман Герасимов Валерийн уллора нах хиллера. Марсхьокху а, гезгамашин а беттанашкахь Украино кхиаме тIелатар даро керла хийцамаш байтира Оьрсийчоьнан тIеман буьйраллехь. Герасимовн орбитера боцчу нахана тIевирзира, Путин, бохуш чIагIдо. Оцу хенаца дузу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, "Вагнер" ЧВК кхоьллинчу Пригожин Евгенийн а айавалар. Эххар а, Путина, билгалдаккхарехь, ультраниционалистийн йукъараллера накъосталла оьшуш тобанан куьйгалле хIоттийра инарла Суровикин Сергей.

ТIаьхьо, хьасташа бахарехь, Ростов-ГIалахь гIуран-беттан 18-чохь хиллачу цхьанакхетарехь Герасимов гIоьртира Путин тешон, "шира гварди" йухайало йеза бохуш– буьйраллера хьалхо дIабаьхна инарлаш. Дечкен-беттан 11-чохь Герасимов хIоттийра Украинерчу оьрсийн эскаран тобанан куьйгалле.

Оцу йукъанна, Путина хьалха а санна, озабезам ца бира цхьана а вовшашна дуьхь-дуьхьал лаьттачу "фракцешкахьа". Чиллин-беттан 22-чохь тIеман министран Шойгу Сергейн а, Пригожинан а цхьанакхетар вовшахтуьйхира цо, царна йуккъера цакхетамаш дIабахархьама.

Билгалдоккху, Путина даим а санана, командирашна ротаци йо, дIа ца боху даржашкара, йа дIа а ца тоьтту. ДIабаьхна бохуш, хаамашкахь бийцинчу командирашна, масала, Лапин Александрна йа Теплинский Михаилна, масех бутт баьллачул тIаьхьа керла даржаш делира.

Аппаратан къовсамехь эххар а муьлхачу тIеман тобано толам боккхур бу доьзна ду, аналитикашна хетарехь, хиндолу Украинан контртIелатарца. Оцу йукъанна билгалдоккху, Путинна атта хир дац Коьртачу штабан хьаькам, президентана шен муьтIахь хилар гайтина Герасимов даржера дIаваккха.

  • Оханан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцира Соьлжа-ГIалахь "Вагнер" ЧВК кхоьллинчу Пригожин Евгенийца шен хиллачу цхьанакхетарх лаьцна. Цо бахарехь, цу шиммо дийцаредина "Iаламат коьрте дуьненаюкъарчу маьIнехь" долу хеттарш а, малхбузенан санкцеш а. Нохчийчоьнан урхалхочун а, "Вагнер" ЧВК-н куьйгалхочун а юкъаметтиг галйаьлла бохуш, комментареш йечу йукъанна нисделла и цхьанакхетар.
  • Ша "Путинан гIашсалти" лоручу Кадыровс, Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал тIом бечу йукъанна диллина дIагойтура ша Пригожинехьа узуш хилар. Цул совнах, церан структураш цхьана йара: Нохчийчухула тIаме хьийсон "лаамхой" бу бохурш "Вагнер" ЧВК а кхочу.
  • Зазадокху-баттахь тIеман министралла а, цуьнан куьйгалхо Шойгу Сергей а, иштта Оьрсийчоьнан эскарийн Коьрта штаб а хастийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Украинехь тIемаш дIахьочу юкъанна "хьекъале тактика" лелайо Оьрсийчоьнан буьйранчаша аьлла, дIа а хьедеш. И дIахьедар Пригожинца девне валар санна кхетон тарло, важа цо хьахийна вацахь а – текстан чулацам могIарерчу эскархочуьнга бича санна бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG