ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израилах лаьцна кехат бахьана долуш гIуда тоьхна Дагестанера вахархочунна


ХIинжа-ГIалара аэропортехь протест йен бахархой. 2023-чу шеран гIадужу-беттан 29-гIа
ХIинжа-ГIалара аэропортехь протест йен бахархой. 2023-чу шеран гIадужу-беттан 29-гIа

Экстремистийн билгало гайтарна бехке лаьрра Дагестанера вахархо Гасанов Имам. Дербентехь рекламан стендана тIетоьхнера цо Израилан байракх тIехь кехат, и пачхьалкх терроризмана бехкейеш. Иштта дагестанхочо ГIазза секторехь йолчу конфликте шен болу хьажам дIагайтина.

Протокола тIехь йаздарца, Гасанов лецира чиллан-беттан 1-чохь. Полицин белхахошца къамел деш, ша бехке хиларна къера хилла иза – билггал муьлха символика цо кехата тIе йиллина хилла а, боккъал а экстремистийн леринчу организацин и хиллий а, хууш дац.

Кхелехь мел а дайн таIзар де шена аьлла, дехна цо. Цхьана эзарна тIера шина эзар соьме гергга гIуда, йа чохь даккха 15 дей-буьйсий догIура цунна. Мел а лахара гIуда кхайкхийна Гасанов Имамна кхело.

  • ХIинжа-ГIалара аэропорт гIадужу-беттан 29-чохь дIалецира масех бIеннашкахь наха, Тель-Авивера транзитан рейсаца баьхкина пассажираш лоьхуш. Гулбеллараш дуьхьал бара Израила ГIаззехь лелочунна, регионера жуьгтий арабаха бехира цара. Аэропорта чу хьаьддера адамийн жIуга, кема гIоттучу-дуссучу асане а кхаьчнера уьш.
  • Дагестанера Лакхарчу кхеле лахьан-бутт йуккъе баьлчхьана нах лецарца доьзна 143 латкъам кхаьчна жуьгташна дуьхьал ХIинжа-ГIаларчу дуьненан аэропортехь къепедацарш лелийначул тIаьхьа. Цхьахволчунна бехкаш дохку бакъоларйаран органийн белхахочун дахарна тIекховдарна, оцу артиклехула велла дIаваллалц чохь йаккха хенаш кхачош а нисло. ГIуллакх зуьйш йу Оьрсийчоьнан Талламан комитетан пачхьалкхан Iедална дуьхьал дина зуламаш толлу урхалла. Административан протоколаш хIиттийна 901 стагана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG