ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израильца долчу девнехь Палестинехьа вистхилла Кадыров


Израильна, Газа секторна йуккъера доза дохош бу ХАМАС-н эскархой, 2023 шеран гIадужу-беттан 7-хь
Израильна, Газа секторна йуккъера доза дохош бу ХАМАС-н эскархой, 2023 шеран гIадужу-беттан 7-хь

Палестинина тIехIуттуш вистхилла Кадыров Рамзан, регионера тIом сацоре кхайкхина цо, тIом боьдучу метте Нохчийчуьра "къепе хIотторан" эскар хьажор а хьехна. Палестинера радикалан ХАМАС тобано Израильна тIелатар дарх, бIеннашкахь байъинчу нахах цо ца дийцира.

"Оха буьззинчу барамехь къобалдо Палестино дийриг", – дIахьедира Кадыровс шен телеграм-канале хIоттийначу видеокхайкхамехь. Цунна хетарехь, "Малхбузено, Европо шайн ницкъаш дIагулбо, Палестина хIаллакйархьама". Бусулбачу пачхьалкхашка кхайкхам бина цо, "барт бина, оцу девна йукъагIорта, шайн доттагIашка-европхошка, Малхбузене кхайкхам бе, маьрша нах бехачу гIаланашна тохарш ца дар" аьлла.

"Со тIамна дуьхьал ву, и тIом сацабайта беза, дуьне мел ду иза ца баржийта, – аьлла Кадыровс. – Йа тхо къепе хIотторан тобанаш санна цига дIахьовсо деза, тIаккха оха къастор ду, нийса мила ву, харц мила ву. ТIом дIахьош верг сацор ву".

Шоьтан Iуьйранна Газа сектор Iуналлехь латтош йолчу палестинхойн радикалан ХАМАС тобано (Америкехь, Европан пачхьалкхашкахь террорхойн лерина йу иза) тIелатар дира Израильна. Ракеташца динчу тохарш а деш, тIемалой Израилан дозане кхечира, маьрша нах бойъуш, уьш закъалте лоьцуш. Масала, Израилан къилбехь йолчу кибуце Беэрехь байъинчу маьрша нехан 100 сов декъеш карийра. Иштта кибуца Реиман гергахь, Газа секторна масех километр генахь Iуьллучу Негев гIамаран аренехь хиллачу эшаран фестивалехь 260 сов стаг вийна.

Израилан эскаро Газа секторна тохарш до, цигара маьрша нах бойъуш. Израилан Iедало дIахьедина, пачхьалкх тIеман хьолехь йу аьлла. Израилехь байъинчу нехан терахь 800 стаге кхаьчна, 100 вахархо закъалте лаьцна. Газа секторан могушалла Iалашйаран министралло дIахьедина, регионехь 560 стаг верах.

ГIадужу-беттан 9-хь ХАМАС-н ракета Кадыров Ахьмадан цIарх долчу маьждигах кхетта бохуш дуьйцура Израилерчу Абу-Гош эвлахь – цунах лаьцна дIахьедира пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министралло. Амма ТАСС агенталло и хаам харц бу элира. И маьждиг 2014 шарахь доьттина ду – Кадыров Рамзана схьадиллира иза.

  • Кадыров Рамзана шога критика йо дозанал арахьа бусулбачу динан хьокъехь харцо лелийча, амма гуттара а тидамза дуьту цо Оьрсийчохь бусулба нах хьийзор. Нохчийчохь Iедало магийна йоцу динан кеп лелочу наханна тIехьбевлла хьийза ницкъахой.
  • Кадыровхой Украинехь гIарабевлира "тикток-эскарш" аьлла: тIеман эксперташна а, тешашна а хетарехь, нохчийн салтий Оьрсийчоьно схьайаьхначу территореш тIехь бу. Цигахь цара роликаш йоху йохийначу гIишлошна йукъахула герзаш детташ а лелаш, маьрша нах "кIелхьарбоху" шаьш бохуш. Америкахойн "ТIом зуьйчу Институто"(ISW) чIагIдора, нохчийн тобанаша тIемашкахь башха дакъалоцуш дац, дукха хьолхаь уьш тылехь Iа аьлла. Цунах лацна дуьйцура иштта Украинехьа тIемаш бечу Къилбаседа Кавказера бахархоша а. Нохчийчохь кхоьллина йолчу "Ахмат" тобанан "лаамхочо" дийцира, Украинехь кадыровхоша дуккха а тIеман зуламаш лелийна хиларх. Цунах дуьйцура оккупацехь лаьттинчу украинхоша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG