«Берзан кΙорнеш хьаьжцΙа йоьлху,
Бух бац цаьргара дуьйлучу зуламийн,
Са ца тоь къизачу акхаройн,
Малхах а тΙехь лата гΙерта.
Оцу берзалойн жайна – цергийн къомсарш ю,
Церан доΙанца а тΙехь зуламе ойла еха.
Тхан кешнашкахь, Далла хьалхахь,
оцу баьццарчу акхароша,
Хьакхарчаша санна, до шайн зуламаш.
ХΙай, шайхаш! Латта догийла шун когаш кΙел.
ТΙунде аш шайн кешнаш!
НаьΙалт хилларш, хуьлда шуна наьΙалт!
Шун доΙанийн Ιаьржачу тΙулга тΙе
тΙунлойла сан жΙаьла».
Дош дашца а далош, гочйича, иштта яра Джикаев Шамила ХΙирийчуьрчу «МагΙ ДугΙ» («Вайн Зама») цΙе йолчу тептара тΙехь арахецна байт. Поэта юьхьараэцнарг дара хьалхо, нохчий а, гΙалгΙай а хьаьжцΙа боьлхуш, хΙирийн цхьана юьрта йисттехь, кешнашна уллехь севцича, меттигерчу бахархошца церан даьлла дов.
Макка-Медана боьлхурш бехке бинера бухурчу наха, цара кешнех хьаште меттиг йина шайна, аьлла. Иза аьттехьа иштта дац, бахарх гΙуллакх а ца хилла, леттера ши агΙо. Ишшта дара Джикаевн байт дуьнентΙе яларан бахьана.
Амма кхеташ дацара, муха хΙутту кхетамчохь волу, иттех шен жайна а, литературехь дуккхаъчу яздархойн байташ хΙирийн матте а яьхна, доккха зеделларг долуш волу кхузткъалара ваьлла поэт и тайпа могΙанаш яздан.
Цо уьш зорбане даьхча, меттахбевлира ХΙирийчуьра бусулба нах. Цара маситтаза арз дира Ιедалшка а, прокуратуре а бусулба дин сийсаз дарна иза жоьпе озор доьхуш. Амма шаьшлахь экспертиза ен кепаш а хΙиттош, низамхоша доцург а дина, дуьтура Джикаевс яздинарг.
Ишттачу хьелашкахь нисделира стохка аьхка БуьрийтΙехь, гΙалин йисттехь иза, корта а боккхуш, вийна карор. Хиллачо ир-кара хΙоттийра махкара юкъаралла. Наха, шеко а йоцуш, бусулба вора вевзаш воцу зуламхо. ТΙаьхьо иза меттигера вахархо, бусулба дин тΙеэцна волу оьрси Мурашев Давид ву, аьлла, кхайкхийра полицино.
ТΙаьххьара и волу меттиг а евзина, герзаца волчу цуьнца тΙом бан бахара Ιедалхой. Цара вийра Мурашов. Ткъа вуккхо тΙаьххьара а, ша вуьйчу даьлча, Джикаев вийнарг ша а ву, ша цунна цо бусулба дин сийсаздарна бекхам а бина, аьлла, мохь туьйхира, бохура хаамийн гΙирсаша. Оцо кхин а марсабехира бусулба нахаца гамбелла керста хΙирий.
Дино къастош долчу хΙирийн шина декъа юкъа йоьлла гΙир йижош дуккха а болх бира Ιедалша. Амма дов толлу, аьлла, лаьцна кхебира махкара хΙирех болу имамаш а, Ιелимчаш а, могΙара бусулба хΙирий а.
Кху деношкахь шо кхаьчна Джикаев Шемал вийна. Цуьнан цΙе мехкан иэсехь чΙагΙъеш, БуьрийтΙехь, «Сийлаллин Беш» олучу кешнийн куьпахь хΙоллам хΙоттийна поэтна. Пачхьалкхан университетехь цхьана дешаран чоьнна а тиллина Джикаев Шамилан цΙе, цу чу гулдина цуьнан байтийн жайнеш, йозанаш, бедарш. И ваьхначу урамо а лелор ю кестта цуьнан цΙе, зорбано чΙагΙдарехь.
ХΙирийн телевизионо довзийтира хΙоллам схьабоьллуш хΙоьттинчу гуламехь университетан филологин факультетан декана Хозиев Бориса дина къамел. «Вай хиламо яхье доху. Цунна вай кхоччуш делла жоп хир ду хΙоллам хΙоттор. Шамиль Федорович вайн дуьхьа лелла, вайн дуьхьа къа а хьегна цо. Вай иза тидамехь латто деза», - бохура Хозиевс.
Иштта вазво шина динан юкъаметтигаш къесточохь воьжна лоруш волу Джикаев Шамил Къилба ХΙирийчохь а. Цигахь цуьнан цΙарах пачхьалкхан преми а тΙехь юкъаяьккхина Ιедало. Иза луш хир ю тоьллачу яздархошна, Ιилманчашна, культуран белхахошна.
Джикаев хΙирийн Ιедалша сийлаллехь вазвар шина кепара туьду адамаша ХΙирийчохь а, арахьа а, бусулбачара а, керстанаша а. Цхьана декъо къобалдо иза Ιедалша вазвар. Кхечара, хьашт дацара цунна гонаха даздина хΙуманаш лелон, иза бусулба дин ша сийсаздарна кхелхина ву, боху. Шинна а аг1оно хетарг, ца лечкъош, довзуьйту интернетехула.
Хетарш мухха а делахь, лаьтташ бу хΙинца динан къовсамехь кхелхинчу поэтан хΙоллам БуьрийтΙехь. Оцу хьоло даиманенна а хаа яздо хΙирашна шаьш шина динан къовсама юкъанисделла къам дуйла, боху дуккхаъчу вебсайташа. Оьшарий-те иза вазван, цунна хΙоллам хΙоттон, урамийн цΙерашка вилла?, - хеттаре буьйлу интернетхой.
Шеко йолуш ду Джикаевс яздина хилларш а, цунна гонаха адамаш шина декъе декъадалар а, аьлла хета кхечарна.
Ткъа БуьрийтΙехь хΙоллам схьабоьллуш къамел диначех Маршо Радионна телефонан зΙенехула схьакарийнарш а ца хилира реза, шаьш муха дог-ойла йолуш яьккхина Джикаев Шамил вазвеш гΙулч дийца.