Волгоградан махкара хьехархоша а, лоьраша а латкъамаш бо тӀеман хьашташна хIинца а шайгара ахчанаш доху аьлла. Цхьаболчаьрга лучу беттан алапа тIера "иттолгIа" дакъа охьадуьллуьйту, вуьйш декхаре бу - цхьана дийнахь доккху алапа дIадала. Кхин дIоггара къоьллехь йоцчу къилбан регионо тIом баьлла кхо шо дузучу хенахь хIунда лоьху тIамна ахча бахархойн кисанашкахь, бюджетан белхахойн муьтIахьаллина цо мел Iаткъам бийр бу а, дийцира эксперташа тхан редакцин корреспондентана.
Дечкен-бутт бовш Волгоградера индустриалан техникуман белхахошка хаамбира, "тIеман хьашташна" шайн лаамехь 1 процентера 10% гергга ахчанаш охьадохкур ду аьллачу кехатана куьйгаш йаздан деза аьлла. Цара дIалецначу даржашка хьаьжжина хир бу ахчанан барам. Цунах лаьцна информаци гучуйелира меттигерчу хаамийн гIирсашкахь.
Цара бохура, шаьш тхо тидаме оьцур ду, тхо цхьанан "цIен тептарехь" хир ду
VI.ru сайто къамел дира Волгоградан мехкан губернаторан урхаллан пресс-гӀуллакххошца, цигахь цара дӀахьедира, доллу ахчанаш цара шайн лаамехь луш ду, шайга цхьа а арз ца кхаьчна "алапаш тIера ахча низамехь доцуш сецош хиларх лаьцна" аьлла. Редакцино хеттарш дира техникуман масех белхахочуьнга, амма уьш реза ца хилира цунах лаьцна дийца.
Ишта 2024-чу шеран гIуран-бутт чекхболуш хаам бира, Волгоградан кӀоштара Михайловка гӀалин Коьрта дарбан цIийнан белхахошка а баьхна хилар, цхьана денна кхачош долу алапа "Перспективное развитие" цIе йолчу фонде диллар. "СВО-н" эскархойн хьашташна оьшу бохура. Дарбан цӀийнан коьртачу лоьро Буянов Вячеслава дӀахьедира хIетахь, шена дуьххьара хезаш ду цу тайпа йал дӀаяларх лаьцна аьлла. Ткъа могашаллин комитето харц ца дира ахчанаш лехьор, амма дӀахьедира, уьш массара а шайн лаамехь охьадохку ду аьлла.
Тхан редакцин корреспондентан аьтто хилира Михайловскан Коьртачу дарбан цӀийнан цхьана белхахочуьнца къамел дан. Цо тӀечӀагӀдира лаамаза ахчанаш охьадохкуьйтуш хилар бакъду аьлла: "Йуьхьанца тхоьга элира, "леррина тӀеман операцин" декъашхошна цкъа ден гIо ду хIара аьлла. Ткъа цул тӀаьхьа керла кехат кхечира, хIора баттахь тхан алапа тIера кехаташ хIиттош билгалдаьккхина хилла ахча сацор долуш ду аьлла. Кехаташна оха куьг йаздийр дац, тхешан "лаамехь луш ду" аьлла тIечIагIдийр дац оха аьлча, тхо тергоне оьцур ду шаьш, цхьана "цIен тептарехь" хир ду тхо элира"
Пазаташ, эскархошна дронаш
Къилбаседа Кавказехь а, Оьрсийчоьнан къилбехь а пачхьалкхан секторан белхахошкара тӀамна а, тӀеман хьашташна а бохуш, ахчанаш дахар долийна дара Украинехь тӀом болабеллачу йуьххьехь дуьйна. 2022-чу шеран чиллан-баттахь, тIом бола а балале, дийца даьккхира, Кубанера Ейскан кIоштара дарбан хIусамшкара белхахошкара "ца лаахь а, лууш санна" Луганскан а, Донецкан а кӀошташкара арабаьхначу нахана лерина, шаьш цхьана дийнахь доккху алапа дIало баьхна хилар.
ТӀом болийначу хьалхарчу беттанашкахь Ростовн кӀоштарчу "Ростех" корпорацихь беракеманаш деш болчаьрга а баьхнера, цхьана дийнахь даьккхина ахча "ДНР-ра" а, "ЛНР-ра" а эвакуаци йинчу нахана гӀо дан дӀадала дезар ду. Волгоградера лоьрашка кхайкхамбинера, Донбассера арабаьхначу нахана ахчанца гӀо дахьара аьлла. Дагестанерчу полицин белхахоша а хаам бира "ЛДНР-н" хьашташна бохуш ахчанаш сецийра шайн, амма меттигерчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло тӀаьхьо харцйира и информаци.
Пачхьалкхан политика йу, шайн ма-торру бахархошна тIера "цIока йаккхар"
Эвакуаци йинчу нахана деш гIо ду баьхнехь а, тIаьхьо Украинана дуьхьал тIом бечийн хьашташна хьажош ду элира гIо.
Доккхачу декъана Краснодар-махкарчу хьехархошлахь дIасадийкъира кехаташ, эскархойн хьашташна "шайн лаамехь сагӀа далар" доьхуш. Ставрополерчу Невинномысскехь цхьана берийн бешан белхахошна тIедожийнера шансон-иллиалархочун концерте билеташ эцар, цунах схьадаьллачу ахчанан цхьа дакъа цхьана "СВО-на гӀо латточу фонде" дӀаделлера. Эскаран хьашташна аьлла, чухула йухучу бедаршна тӀера дронашна а, тепловизоршна а тӀекхаччалц гулйеш йара Къилбаседа ХӀирийчохь а.
Нохчийчохь Кадыров Ахьмадан гIоьналлин фондан цӀарах тӀеман хьашташна аьлла а ийцира цхьацца гIирсаш: техникана а, тӀеман гӀирсана а тӀера Оьрсийчоьно дӀалаьцначу Украинин дозанашкахь бехачу бахархошна "гуманитаран гӀоьнна" тIе кхаччалц.
Волгоградера бюджетан организацешкахь болх бечу белхахоша а масийттазза латкъамаш бира тIеман хьашташна ахчанаш дохуш хиларх лаьцна. Къаьсттина, сагӀа дала реза ца хиллачу Волгоградан энергоэффективан центран белхахочо дийцира шен алапана тӀетохарш лахдарх лаьцна. Хаам бира, ахчанаш "Перспективное развитие Волгоградской области" фонде дехьадохуш хиларх лаьцна. Цу фондера ахчанах эцнера ишта, ДПС-н экипаж дIасалелон премиум-классан Lexus машен а.
Казармехь санна атмосфера
Пачхьалкхан политика йу, шайн ма-торру бахархошна тIера "цIока йаккхар" аьлла хета Волгоградера "Дозор" боламан координаторна Кочегин Евгенийна: "МогӀарерчу наха пазаташна, тIедухучу хIумана, квадрокоптершна, ишта кхин йерг а оьцуш, харж мел йен, пачхьалкх аттачу йер йу. Йоллу бюджетийн приоритет – тIом бу. Ткъа дисинарг, могушалла Iалашйарех а, меттигашкара социалкех а доьзнарг, цигара схьаэца деза, дIасхьа а хьажош, ишта ца дахь, баланс нислур йац".
Волгоградан пачхььалкхан университетан хиллачу доцентана, юридикан Iилманийн кандидатана Мельниченко Романна хетарехь, харцахьа хир дара, тIемаш бар – пачхьалкхан бен гIуллакх дац баьхча.
Суна сайн бIаьргашца гина ду, куьйгалхойн хьехархошца йолу йукъаметтиг. Долахочо шен лаьшца лелориг дагатосура суна
"Муьлхха а пачхьалкхан бала боллу бахархошна тIебужуш бу. Вайн махко даим жигара тIемаш бу беш доллу европахойн дуьненца, и бохург хIун ду, Оьрсийчоьнан халкъера ресурсаш оьшу, адамашна тIера экономикан гIирсашна тIекхаччалц", - боху юристо.
Цо дийцарехь, оцу кепара "бюджетан белхахошка лаамехь ахчанаш охьадахкийтар" санна йолу феномен кхоллайаларан бахьана экономикан сферехь ду: "Пачхьалкхан секторан белхахой уггаре а ледара социалан дакъа ду политикан агӀор, иза, цкъа делахь, 100% пачхьалкхах бозуш бу, шолгӀа делахь, ницкъ бац церан. Лакхарчу доьшийлехь суо хьехархо хиларе терра, суна сайн бIаьргашца гина ду, долахочун шен йалхошца санна йукъаметтиг хилар куьйгаллин хьехархошца".
Амма экспертна хетарехь, стратегин агӀор дерриг а кхеташ дац: "Бюджетан белхахой, шайн политикаца тасадала ницкъ ца хиларе терра, хӀинца а Ӏедалан элитан гӀортор йу. Цаьргахула, хаамийн гӀирсашкахулачул а алсам пачхьалкхан идеологи чӀагӀйо а, латтайо а. Бюджетан белхахой даима а хилла шайн лаамехь "СВО-на" гӀо деш, амма "лаамехь ахчанаш охьадахкар" бахьана долуш, церан муьтIахьалла кхерамна кIел йу, ткъа бюджетникийн Iаткъам бойла йу могIарерчу бахархошна а".
Волгоградан кӀошт экономикан кхиарца Оьрсийчоьнан Федерацин юккъерчу барамна лахахь йу, амма иза уггаре а къечу регионех цхьаъ йу а олийла дац аьлла, комментарий йира экономисто Жаворонков Сергейс: "Суна хетарехь, кхузахь дуьйцург урхаллин дикаллех лаьцна хаттар ду. Итт шо а ду кIоштан куьйгаллехь Бочаров Андрей волу. Иза, политикан карьера йина, говзалла йолу тIеман стаг ву. Цуьнан ка йаьлла, Оьрсийчоьнан барамашца аьлча, оцу регионехь казармехь санна хьал хIоттон. ХIаъ, хIинцалерачу хьелашкахь центро формалехь доцу декхарш а тIедохку губернаторшна – ахча гулдар, йа шайна хетарехь, цхьахдолчу тIеман дакъошна и дIасахьажон а. Амма мел а цивилан регионашкахь меттигерчу бизнесца барт бина деш хIума ду и, хIунда аьлча, губернаторан даим а хуьлу царна дуьхьал дан гIуллакх".
Кхечу эксперто, шен цӀе йовзийта ца луучу меттигерчу политико дуьйцу, тӀеман ветеранашна ахча даларан харжийн доккхаха долу дакъа регионан бюджетана тӀедоьжна бохуш. Цо бахарехь, харжийн цхьа дакъа могӀарерчу бахархошна тIедуьллу, хӀунда аьлча, цу кепара хьаькамаша "шайн йовхачу кабинета чуьра ара а ца бовлуш, дIагойту шайн патритизм".
- Нохчийчьура бюджетан белхахошна тIедожадо регионан куьйгалхочун а, нохчийн хьаькамийн а публикацешна бухахь лайкаш, комментареш йитар. Оцу йукъанна бIостане тIеоьцу и хIума нохчаша, бохура оппозицин блогерша а, жигархоша а.
- Американ а, Евробертан а санкцешна кӀел йолчу Кадыров Ахьмадан фондо 36 миллиард гергга ахча дайина кхаа шарахь гергга Украинехь бечу тӀамехь. Иза йерриг а республикан шеран бюджетан доьалгIа дакъа ду, ткъа Соьлжа-гӀалин кхаа шеран бюджет а йу. Оцу йукъанна ахча стенгара долуш, хаанза дуьсу.