ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров а, цуьнан доьзалера моггIара хьаькамаш а. Хьанна кхаьчна керлачу Iедалехь даржаш?


Кадыров Рамзан а, Алханов Руслан а
Кадыров Рамзан а, Алханов Руслан а

Нохчийчоьнан Iедалан хIоттам "хийцабелла": 99,97% кхаьжнаш а кхочуш, харжамашкахь буьззина толам баьккхинчу Кадыров Рамзана керла министрийн кабинет вовшахтоьхна. Кхин дIоггара хийцамаш цуьнца бацахь а, кхузахь дуьйцург ду, дуккхаъчу шерашкахь мехкан куьйгалхочун гонехь хилла нах дIасахийцарх.

ГIадужу-беттан 7-чохь премьер-министран даржехь тIечIагIвира, кхул хьалха а оцу гIентахь хилла волу Хучиев Муслим. Кадыровца гергарлонехь иза вацахь а, Кавказ.Реалиин хьасташа дийцарехь, Москвахь тIетовжийла ю цуьнан, цундела иза ца лайча ца волу Кадыров.

  • Министрийн кабинетан хьалхара гIовс лаьттина Тумхаджиев Iисагахь ю Кадыровн гергара зуда, ткъа цуьнан да, Тумхаджиев Абубакар, юха а автомобилан некъийн министр дIахIоттий, ишшта ву иза вице-премьер а.
  • Кхин а цхьа вице-премьер - юьртбахаман министр Закриев ИбрахIим - Кадыровн йишин кIант ву.
  • РогIера вице-премьер Таймасханов Бекхан - юьззина бакъонаш йолу Нохчийчоьнан векал ву Оьрсийчоьнан президент волчахь, Кадыровн эвлара Ахмат-Юьртара схьаваьлла ву иза.
  • Культурин министр хилла Дааев Хож-Баудди - Ахмат-Юьртара ву, ишта Кадыровн гергарчех а ву иза. Социлан блоках жоп луш вице-премьер вина цунах а.
"Кадыров Рамзанан шича Байсултанов Идрис - дешаран а, Iилманан а министр виссина

Вице-преьераш хIиттийна ишта Висмурадов Абузайд (Кадыровн юьртахо а, доттагI а), Хакимов Хьасан (Кадыровн командехь ву 2006-чу шарера дуьйна), Магамадов Iабдул (Кадыровца ву 2000-чу шарера дуьйна), Умаров Джамбулат (2005-чу шарера схьа дуьйна ву Кадыровн гонехь). Верриг а жимачу Нохчийчохь хIинца исс вице-премьер ву.

  • Чоьхьарчу гIуллакхийн министр витина Алханов Руслан - Кадыровн цхьахайолчу йоьIан марда, Ахмат-Юьртара вахархо.
  • Йиша яхана нуц Черхигов Рамзан - транспортан а, зIенан а министран гIентахь виссина.
  • Кадыровн шича волу Байсултанов Идрис - дешаран а, Iилманан а министр витина.
  • Кадыровн кхин цхьа шича - спортан министр хилла Ибрагимов Турпал-Iела хIинца латтанийн, бахаман а министр ву.
  • Синбахамаллин министран гIовс Iийна 22 шо долу Кадыров Рамзанан йоккхаха йолу йоI Кадырова Iайшат оцу министраллан урхалхо хIоттийна. Керла министрийн кабинет йовзуьйтучу кхеташонехь шен деца цхьана коьртехь яра иза аьтто агIор хиина.
  • Баширов Iусман къинхьегаман министран дарже ваьккхи. Кадыров а санна, бенойх схьаваьлла ву иза а.
  • Спортан министр тIечIагIвина, Ичкерин заманахь Дудаев ДжовхIаран хилла хадархо Дадаев Муса. Кхул а хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча вара иза, ларийна иза белхаш бан ТIехьа-Мартанан администрацин куьйгалехь а, юьртабахаман министран даржехь а.
  • Кегийрхойн урхалле юха валийна, министралла юхаметта а хIоттош, 2020-чу шарахь и урхалла дIасайохаяле хьалха цуьнан коьртехь хилла Кадыровн цIийнах волу Ибрагимов Iийса.
  • Пачхьалкхан думан VI-чу а, VII-чу а гуламашкахь депутат лаьттина Селимханов Мохьмад вице-премьер а, экономикан министр а ву хIинца.

Финансийн министраллан куьйгаллехь висина Тагаев Султан а.
ГIишлошъяран а, ЖКХ-н а министр хIоттийна Зайпуллаев Муслим, къоман политикан а, арахьарчу зIенийн а, зорбанан а, информацин а министран даржехь тIечIагIвина ишта Дудаев Ахьмад а, могушалла Iалашъяран министр Сулейманов Эльхан а, индустрин а, энергетикан а министр Шаптукаев Рустам а, Iаламан ресурсийн а, гонахарчу средан а министр Темирханов Сайд-Мохьмад а, туризман министр Байтазиев Муслим а.

Кхерамзаллин а, юкъараллин а, экономикан а Кхеташонан куьйгалле валийна Кадыровн гергара стаг, Ахмат-Юьртара схьаваьлла Усмаев Вахьит. ХIинццалц Нохчийчоьнан республикан министрийн кабинетан куьйгаллехь вара иза, иштта мехкан урхалхочун секретариатан куьйгалхо а вара.
Кадыровс вовзийтира иза, шен гIовс ву аьлла, шен тIедахкарш кхочушдийриг ву иза аьлла, дIа а хьедеш.

"Министрийн кабинетера 24 стагах 13 - Кадыровн хамалгӀера ву

Министрийн кабинетехь волчу 24 декъашхочух 13 - Кадыровн хамалгIера ву, оцу юкъанна, вице-премьерех волчу цхьаннан (Висмурадов Абузайд) лакхара доьшийла чекхъяккхарх шеконе диплом ду- 2007-чу шарахь ХIинжа-ГIалара финансийн а, бакъонан а институт чекхъяьккхина, "Юриспруденци" корматалла караерзийна цо боху. Ткъа синбахмаллин министран янне а яц лакхара доьшийла.

Экономикан лаккхарчу школан белхахочо, Къилбаседа Кавказан талламчийн тоба вовшахтоьхначу Иванов Евгенийна хетарехь, оцу кепара даржашка нах хIиттор нохчашлахь хуьлу хIума дац. "Шен гонера нах урхалле хIиттор- даьржина хIума ду" аьлла бу цуьнан хьажам.

"Масала, Трампан президентан администрацехь ворхI стаг вара оцу кепара дIахIоттийна, Трампан йоI Иванка а, нуц Кушнер Джаред а цхьаьна. Байден Джос чIагIо йира, шен цIийнах болу нах КIайчу цIийнехь хир бац аьлла, амма дош ца элира шен гIоьнчийн берех. Ткъа хIинца - царех пхеанна администрацехь белхаш белла", - дуьйцу Ивановс.

Делахь а, эксперта бахарехь, пачхьалкхан куьйгалле гергара нах битарх баьржачу хаамаша гIовгIа оьккхуьйту, къаьсттина тергонехь латточу Нохчийчохь.

"Хийцамаш хуьлучу юкъанна дика ю ишта команда. Лелачу низамехь, Кадыровс рогIера мехкан урхаллехь йоккху хан тIаьххьара ю, ткъа дукха хан йоццуш бинчу хийцамаша бакъо ло Кадыровна мехкан урхаллехь 2026-чу шаре кхаччалц висса. Оцу хьелашкахь мутIахьалла йоцург а, маьIне хир ду Кадыровн командо эвсара болхбар", - дерзадо шен къамел Ивановс.

Эксперто билгалдаккхарехь, тахана Нохчийчоьнан куьйгалхочух - боккха тешам бу президентан, цундела Кадыровс ша вовшахтуху шен администраци а министрийн кабинет а. Кхечу регионашкахь, урхалла дар эвсара цахиларо, йа кризисан хьелашка валавора (Дагестан, ГIалгIайчоь, Къилбаседа-ХIирийчоь), цхьа билгалъяьхна Iалашонаш кхочушъян хьийсийна, регионна хийра болчу хьаькамех урхаллин командаш гучуюьйлура юьхьанца дуьйна а.

"Шен гергара а, бевза-беза а нах мехкан урхалле кхачон хьийза Кадыров

Нохчийн политикна, "Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" юкъараллин президентана Кутаев Русланна хетарехь, керла хIумма а дац кхузахь: "Кадыровс шен уллора а, гергара а нах лаккхарчу даржашка хIитторах хIумма а хийцалуш дац, йа дикачу агIор а, йа вочу агIор а, церан лаамех а, церан дог-ойлех а доьзна кIеззиг хIума ду Нохчийчохь, цара нисдеш хIума дац. ХIинццалц а ша лелийннарг ду Кадыровс кхин дIа а латториг, шен уллора а, гергара а нах мехкан урхалле кхачон хьийза иза. Хадданза оцу агIор воьдуш ву иза".

***
Шо хьалха Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто керла санкцеш ехира Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал, кхел йоцуш нах хIаллакбарна а, адамийн бакъонаш хьешарна а, къоманна тIехь къизаллаш лелорна аьлла. Санкцеш хьакхаелира урхалхочун хIусамненах Кадырова Медних а, церан йоьIарех Iайшатах а, Каринех (Хадижат) а. Цхьаьнатоьхначу Штаташа кхайкхам бира кхечу пачхьалкхашка а, билгалбаьхначу Кадыровн доьзалерчу нахана дуьхьал шаьш а санна, санкцеш яха аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан 20 шо долу йоI - Кадырова Хадижат - хIоттийра стохка ГIуран-баттахь Соьлж-ГIалин школазхойн дешаран департаментан хьаькаман дарже.
Пачхьалкхан гIуллакхдарехь даржашкахь бу Кадыровн доьзалш, йижарий, шичой, маьхчой ишта кхин дIа а.

Кавказ.Реалиин зерашца, цхьацца хенашкахь пачхьалкхан даржашкахь бара Кадыров Рамзанан 100 гергга цIийнах болу нах. Шен гергара а, хIусамера а нах лакхарчу даржашка хIитторах шегара бехк баьккхича, мехкан урхалхочо дIахьедира: "Суна эхь ца хета. Ас сайн халкъах, республиках жоп луш делахь, со ларавеш велахь, царна хIун бен ду, мила хир ву министр, кIоштан куьйгалхо, администрацина коьртераниг я Iедалан куьйгалхо? Сан кIезиг сагатдо цо".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG