ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Адамна Нохчийчоьнан лаккхара совгIат делла – Кадыровн цIарах орден


Кадыров Адам
Кадыров Адам

Нохчийчоьнан куьйгалхочун 16 шо долучу кIантана Кадыров Адамна республикан лаккхара совгIат дина – Кадыровн цIарах орден. Дахначу шарахь Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь цо йиттира КъорIан дагорна бехке вина лаьцначу Журавель Никитина, цул тIаьхьа цунна дуккха а сийлахь цIерш а, цхьа могIа даржаш а делира.

Кадыров Адаман регионан лаккхара совгIат даларх хаам бира Нохчийчоьнан хаамийн а, зорбан а министро Дудаев Ахьмада. Цо элира иза "догIуш дина совгIат ду, цуьнан оьздангаллин амалш хиларна а, ша дечу г1уллакхна тешаме хиларна а”. Шен ден, республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан, кхерамзаллин декъан куьйгалхочун даржехь ву кхиазхо.

Иштта тахана хиъна Кадыров Адама толам баьккхина хилар Гуьмсера "спецназан университетан" ницкъаллин дакъошлахь герз тохар къовсучу чемпионатехь. Кхиазхо волчу Кадыровн кIант "шен корматалла кхин тIе а шарйеш схьавеана, элитан дакъошна тIахьа ца виса",дIахьедина Кадыров Ахьмадан цIарахчу лерринчу полицин полкан куьйгалхочо Чалаев Замида. Чиллан-баттахь Адамна мидал йелира Дубайхь дIадьахьначу UAE SWAT Challenge спецназан къовсадаларшкахь. Оцу йукъанна цу къийсадаларшкахь дакъалаьцна а вацара иза.

Марсхьокху-бетта 21-хь, жимахволу Кадыровс шен инстаграмехь шиъ сурт зорбане хIоттийра Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца. Цхьаьна суьртан тIехь жимстаг президентаца лаьтташ ву кеман бертехь.

2023-чу шеран марсхьокху-беттан 15-хь Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь Кадыров Адама КъорIан дагорна бехканца лаьцначу Журавель Никитина йиттира. Полисхой реза ца хилира цунна дуьхьал гIуллакх даккха, хIунда аьлча, оцу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIента бехктакхаман гIуллакх доло бакъо лун хан тIекхаьчна йацара.

Цул тIаьхьа цунна йелира "Нохчийчоьнан турпалхо" цIе а, республикан куьйгалхочун кхерамзаллин декъан куьйгалхочун дарж а, лаккхара орденаш йелира ГIиргIазойнчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а хьалха гIуллакхаш кхочушдарна, ишта "Даймехкан Сий" орден а, кхин а динан "Умматан хьалха декхарш кхочуш дарна" а, I-чу бараман "Ислам динан гIуллакх дарна" орденаш а, "Трудовая доблесть России" мидал а, "Оьрсийчоьнан спезназан университетан гIуллакх дарна" I-чу бараман мидал а. Хьахийначерах цхьа йолу мидалш цунна лойла дацара, ханна иза жима хиларна.

  • Нохчийчоьнан куьйгалло дуккхаза а массарна а хезаш къобалдира Кадыров Адаман лелар. Кадыров Рамзана дIакхайкхийра, "дика хира дара" шен кIанта Журавель вийнехь аьлла. Кхела чохь даьхначу цхьадолу суьрташ тIехь Журавелан йуьхь тIехь йиттина билгалонаш йу гуш.
  • Чиллан-бутт бовш КъорIан дагийна аьлла бехкевинчу Журавель Никитина 3,5 шо хан туьйхира йукъарчу хьелашкарчу колонихь даккха. 300 сахьтехь белхаш бар а тIедожийна цунна, Делах тешачийн дог-ойла аьшнашйарна. Бехкана къера хилла Журавель, цо аьлла хиллера, КъорIан дагаде аьлла, тIедиллар кхаьчнера шега аьлла. Оцу гIуллакхехула волайнхой бу аьлла, билгалвелира Нохчийчуьра 13 имам. Стенна тIехь биллина бехк, Журавелян аьлларг доцург, кхин тоьшаллаш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG