ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Адамна керла совгIат дина – цо дакъа лаьцна а доцчу къийсамехь


Кадыров Адам
Кадыров Адам

Керла совгIат кхаьчна 16 шо долчу Кадыров Адамна – Дубайхь дIадаьхьна бохучу спецназан UAE SWAT Challenge къийсаршкахь. Конкурс йоьдучу доьалгIачу дийнахь тоьлла жамIаш гайтина Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллин лерринчу " полкан "Ахмат командо.

Мехкан куьйгалхочун кIанта дакъалаьцна дац къийсадаларшкахь, делахь а совгIаташ доькъучу хенахь хьалха сцени тIе ваьлла совгIат схьаэца - и гуш ду, нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада зорбане йаьккхинчу видео тIехь. Цо бахарехь, Кадыров Адам Дубай веана хилла махкара эскархойн "гIолаца".

Пачхьалкхан "Грозный-информ" агенталлин хаамца, Нохчийчоьнан урхалхочун кIант хилла совгIаташ доькъучохь, шен ден "кхерамзалла латточу декъан хьаькам" санна. И дарж Кадыров Адамна делла стохка гурахь, КъорIан дагорна лаьцна латточу Журавель Никитина йиттинчуд тIаьхьа кхин долу совгIаташ лучу хенахь

Дубайхь "спецназан къийсадалараш" дIахьочу хьалхарчу дийнахь нохчийн "Ахмата" йоьалгIа меттиг йаьккхира. Хьалхайелира царел а Казахстанера а, Iарбойн Цхьанатоьхначу Эмираташкара а командаш; изза жамI дара кадыровхойн спецназан конкурс йоьдучу шолгIачу дийнахь а. ХIетахь Беларусера а, ГIиргIазойчуьра а эскархой туьйлира. КхоалгIачу дийнахь "Ахмата" 12 могIа дIалецира, Бахрейнна, Йуккъера Африкана, Сербина, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна, Туркойчоьнна меттиг буьтуш.

Нохчийчоьнан Iедалхоша жигара дуьйцура "спецназан къийсадаларех" лаьцна, спецназан эскархой конкурсе хьажорах дуьххьара дIахьедира стохка – хIетахь "Ахмата" хьалхара меттиг баьккхира йукъарчу лараршкахь.

  • Оьрсийчохь адамийн бакъонашкахула волчу векалан аппарато бехказло хӀоттийна, кIелхьарбовлуш жоп делла, КъорIан дагорна Соьлжа-ГIалахь лаьцна латточу Журавель Никитина йеттарна. Адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчун аппарато (УПЧ) инцидентана комментарий ца йина, тIетевжина уьш гезгамашин-баттахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Соьлжа-ГIаларчу коьртачу урхалло бинчу талламна. Цуьнан хьесапашца, йиттинв аьлла бехкзуламан гIуллакх дуьхьал айдан реза ца хилла "зулам дина меттиг бац" аьлла.
  • Лаьцначунна йиттинчул тIаьхьа Кадыров Адамна масех официалан совгIат а, дарж а делира, доккхачу декъана Оьрсийчоьнан тIеман министраллина йукъайогIучу Шейх Мансуран цIарахчу батальонан куратор вира цунах. Дечкен-баттахь оцу даржехь а волуш, цо кхерамаш тийсира Малхбузера а, Украинера а шен ден "мостагIашна".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG