ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Ахьмадца веллачу Нохчийчуьра хьаькаман доьзало украинхойн докъар арадаккха долийна


Докъаран аренаш, гайтаман сурт
Докъаран аренаш, гайтаман сурт

Украинан Херсонан кIоштара дIалецначу дозанаш тIера докъар аракхехьа долийна Оьрсийчоьнан масех компанино: Беларуссина латтадо цара докъар, ткъа цигахь цунах йалта а дой, экспорт йо кхоалгIачу пачхьалкхашка. Иштта йаздина ду Беларуссин талламан центро а, украинхойн KibOrg хакерийн вовшахтохаралло а, оьрсийн Маршо Радион "Схема" проекто а йукъахь бинчу талламехь. Цхьахйолу фирма йоьзна йу Кадыров Рамзанна гергарчу ИсаевгIеран доьзалх.

Федералан пачхьалкхан "Йалта" информацин системин къевлинчу йозанашкара, цу йукъа йазбеш бу аграран продукци шайна кхачон хиллачу бертах хаамаш, журналисташна хиъна, 2023-чу шарахь Херсонан кIоштара 4,9 эзар тонн докъар арадаккхарх. "Велес-Агро", "Агротрейд", "Торгтрейд" фирмаша шайна йукъахь декънера и дIакхачор.

Соьлжа-ГIалахь регистраци йинчу "Торгтрейд" компанино оккупаци йинчу Херсонщинера арабаьккхина шарахь лучу боллу бараман ах – 2,6 эзар тонн. Нохчийчуьра 77 шо долчу Моллаева Розин долахь йу и компани. Цуьнан цIарах йолчу номерца телефон тоьхча жоп делла, Соьлжа-ГIалара финансийн департаментан администрацихь болх беш волчу Берикханов Тамерлана.

Моллаева йоцург а, Берикханов воьзна хилла Исаев Зурабца а, Исаев Хьусейнан вешин кIантаца. ТIаьххьарчо куьйгалла дира Нохчийчуьра Пачхьалкхан Кхеташонан, Кадыров Ахьмадца цхьана вийра иза 2004-чу шарахь стигалкъекъа-беттан 9-чохь "Динамо" стадионехь динчу эккхийтарехь. "Торгтрейдан" долахочуьнца Исаев Зураба болх бина финасийн департаментехь, цхьана Мекка ХьаьжцIа а вахана и шиъ. Кадыров Рамзанна гергара доьзал бевзинчул тIаьхьа, цуьнан бизнес кхиа йуьйлира. 2023-чу шарахь регистраци йинчу компанина тIебогIу пайда 50 эзар соьмана тIера 200 миллион соьме гIоьртира (693 еврона тIера 2,16 миллион евроне).

Талламчашка дийцинера Берикхановс, шен компанино оккупаци йинчу территореш тIера йалта Беларуссира "Триал Эксперт" заводана латтош ду аьлла. Цигахь оцу рапсах даьтта доккху, цул тIаьхьа "кеп-кепарчу пачхьалкхашка" кхачадо, йу царлахь Израиль а, Малайзи а, хаамбина индустрин директоро Якубович Игоря, дIалаьцначу администрацин хьаькам йу ша ша бохуш, хеттарш динчу журналисте.

Таллахошна карийна кхин а ши компани а йу оцу кепара Беларуси кечйайта аьргалла латтош. Царех цхьаъ украинхойн бизнесхочун Тихомиров Антонан долахь йу. 2015-чу шарера 2016-чу шаре кхаччалц схьа аннекси йинчу ГIирмера Ялтехь "Цхьааллин Оьрсийчоь" партихь секретаран болх беш вара иза. ШолгIа фирма йу Барнаулера Оьрсийчоьнан совдегаро Лукьянченко Алексейс куьйгалла деш.

  • Къилбан тӀеман гоно хьалхо официалехь тӀечӀагӀдира, Украинан дӀалаьцначу территори тӀехь Оьрсийчоьнан эскарша йуьртабахаман сурсаташ лечкъош хилар. ТӀеман кхелийн практикех лаьцна хIоттийначу рапортехь гучуделира нохчийн Шела гӀалахь дӀатарйинчу цхьана декъан капитанна Запорожье кӀоштара 800 тонн маьлхан хIуш бахьана долуш хан тоьхна хилар.
  • Оьрсийчоьнан эскарша дӀалаьцначу Украинерчу Запорожье кӀоштахь маьлхан хIуш лачкъорца доьзначу гIуллакхехула сацам бира стохка гIадужу-баттахь Ростоверчу гарнизонан кхелехь. 42-чу мототоьпан дивизин 70-чу полкан цхьана декъан буьйранча Темирханов Дереник (Борисович) бехке хилар тӀечӀагӀдира.
  • 2022-чу шеран охан-баттахь Украинерчу Мелитополера 1,5 миллион евро мах болу йуьртабахаман техника арайаьккхира Оьрсийчоьнан эскархоша. ТIаьхьо GPS-трекершца иза гучуйелира Соьлжа-ГIалина гена йоццучу Закан-юьртахь. Ала дашна, цигара ву Хучиев Тамерлан – цо 11 шарахь белхаш бина Кадыров Ахьмадан цIарахчу йукъараллин фондан куьйгаллехь. Нахалахь олу цунах Кадыровн "долара бохча". Тракторш а, комбайнаш а латон аьтто ца хилира, царна геннара блок тоьхнера.
  • 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь оккупаци йинчу Мариуполехь лечкъийначу гаджетийн долахошна шайн телефонаш хаайелира Нохчийчоьнан шахьарера электроника йухкучу туьканахь. Украинан ТIеман ницкъийн векалша кхетийра, меттигерчу бахархошкара уьш нуьцкъаша схьайаьхна хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG