ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хьайн сурташ даийта тхуна, Рамзан!"


Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан а, Оьрсийчоьнан премьер-министр Медведев Дмитрий а Соьлжа-ГIалахь, 19Ман2012
Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан а, Оьрсийчоьнан премьер-министр Медведев Дмитрий а Соьлжа-ГIалахь, 19Ман2012

Тахана интернетах пайда оьцуш ву, ала тарло, цу чу кхача аьтто мел болу нохчо. Царех ву, масала, социалан Твиттер-машанехь дукха хан йоццуш шен агΙо схьайиллина волу Нохчийчоьнан администрацин куьйгалхо Кадыров Рамзан а. Цуьнга Европерчу нохчийн кегийрхойн цΙарх яздина ду бохуш, беламе кехат лела интернетехула, пайдаэцархоша кар-кара а луш.


Яздина да вевзаш вацахь а, интернетехула нохчаша вевза-везачуьнга дΙасакхоьхьуьйтуш оьрсийн матахь яьлла лела хΙара текст.

"Дела реза хуьлда, Рамзан, тхан гΙайгΙа ахь барна!
Дерриг а дика ду тхан, могуш-маьрша ду, иштта лаьттийла хьоьгара хьал а.

Тхуна чΙогΙа хала ду кхузахь, Европехь. Школашкахь а, институташкахь а деша тΙетеΙадо тхо. Оха тхаьшкахь ахча дац аьлча, уьш къиза гежа тхуна юьхьдуьхьал – зене хΙумма а дац, шуна тΙера оха дΙалур ду, олу. Ткъа дешна девлча, Ιамийначу корматаллица болх бе, олу.

Къаьсттина луьра, кийрахь дог доцуш бу кхузара хьаькамаш – кхаьънаш эццане а ца оьцу, цул сов, оцу идиотийн дошманехь дан а дац и дош, куьйга эшар кхетон безаш хуьлу.

Оццул эхь ца хеташ, нийсса схьаолу – машен хехка лаьий хьуна, хьада, гΙой, деша а деший, экзаменаш дΙало. Полицеранаш къаьсттина эхь дайна бу, церан ур-аттала лецнарш чутΙеΙон багажникаш а яц.

Президенташ ткъа? Уьш-м махьарла а бахана беха, цΙахь лелош фондаш а яц, амма шаьш тхан лечкъийна ахчанаш къайла хьош, вилспеташ тΙехь лела балха, делахь а, бакъдерг-м тхуна хууш ма дуй.

Кхин цхьаъ а ду, тΙех кура бу уьш, шайн доьзалехь даьхна сурташ ца магадо тхуна чоьнаш чохь дΙадетта, оха чΙогΙа дегабаам а бо цунах. ГΙо дехьа тхуна, Рамзан, хьайн амал доллучул. Хьайн сурташ даийта тхуна, Кадыровн фондан чоьтан ноьмар а яийта!"

Самукъане кехат шен цхьана социалан машанчуьрчу накъосташна довзуьйтуш болчех цхьаъ хала а ца хилира схьакаро. Мансур ю цуьнана цΙе. ШолгΙа шо ду и мухΙажир ваьлла Европехь веха. Меттигера мотт Ιамочу школера иза цΙаварраха хилира тхан цуьнца хΙара къамел. Цо дийцарехь, кехат кеч а дина, дΙасадаржийнарг, цунна шена а ца вевза, амма чулацам самукъане хетта цунна.

Мансур: « И дешнаш, оцу чохь (интернетехь) гина, кхузахь хΙийзадо тхо, олуш, вайн цΙера проблемаш а гойтуш, чΙогΙа дика яздина хиларна, хазахетта, схьаяздинера ас сайна а. Цхьанне а луьйш а доцуш, хьо кхузахь эшара тхуна, аьлла!»

Хьалха газеташа, телевизионаша дош даржо бакъо еккъа шайгахь лелош хиллехь, тахана и таро ю муьлххачу а стагехь, куьйга кΙел компьютеррий, интернеттий хилчхьана. Доза доцуш дукха яьржинчу сайташ тΙехь, виртуалан юкъарлонан майданашкахь гуллучу миллионаш адамашлахь бу вайнах а. Оьрсийн баккхийчу хьаькамех масал оьцуш, дукха хан йоццуш церан декъа вахана Кадыров Рамзан а.

Амма ала хала ду цуьнан цΙарх Твиттер чохь лелачу кхаа микроблогах муьлхарг ю бакъъерг – кхаанна а тΙехь ду хьажархочунна Кадыровгара ю аьлла хеталуш ойланаш. Бакъду, кΙира хьалха нохчийн администраторан пресс-секретара Керимов Ιаьлвис хаам бира зорбанехула, оцу кхаа блогах цхьаъ бен яц Кадыровс лелориг, аьлла.

Делахь а, цуьнан ю Керимовс бохучу сайта тΙера къамелаш а дац цо цуьнан яц бохучу блогаш тΙе даьхначел гΙиллакхаллехь билгалдовлуш. Кадыров Рамзанан амалан а, къамелийн а ша-башхалла гойту Керимовс билггал цуьнан, цо лелош ю бохучу микроблога тΙе даьккхинчу йозано.

«Журналисташа хоьтту соьга, мел бисина тΙемалой низамехь йоцчу герзахойн могΙаршкахь. Цхьа а могΙарш а бац Нохчийчохь. Массех шайтΙа ду. Къена мукхадахк а бу. Цуьнан а садер ду кестта», -боху Кадыровс.

Ахь тешор ярий интернетна хьайн ойланаш ма-ярра, аьлла Маршо Радионо шега хаьттича, Кадыровга Европерчу кегийрхоша яздина ду боху кехат интернетехула шен накъосташка дΙасадахьийтинчу Мансура дийцира, машанехь яздийриг толлуш оьрсийн а, нохчийн а къайлаха сервисаш Ιойла шена хаьа, ша цундела ларло, аьлла. Изза даре кхойкху цо ойланца, аларца маьрша хуьлу кхиболу нах а.

Мансур: «Цу чохь, интернета чохь, хилча, ша кхерамзаллехь ву моьттуш цхьацца верг хила ма хуьлий, дагахь лаьттарг, цхьа меттиг хилча, охьа ма дуьллий, чохь латтон кΙорда а дой. Ларлуш хила веза-кх, олуш дерг а цхьа хьекъале олуш, Ιуттуш дерг а, хьекъалца деш.

Оьрсийн доменаш тΙехь дерг церан (ФСБ-н) тергонехь ма дуй. Бахьанаш а карош, схьа а лехьош, шаьш цхьа болх бо, зуламхой дΙабохуш ду шаьш, бохуш. Дагара а ца дуьйцуш, наха ойла ен йолччу кепехь олуш, Ιедал кочадогΙур долу хΙума а ца дуьйцуш... ЦΙахь кхераме ду, интернетехула паргΙат къамел дан а йиш яц цигахь, цундела ларлуш хΙума дан деза-кх».

Мансура къадош дерг дац бух боцуш. Масалш а ду дуккха а. Ши шо хьалха Литуварчу бусулба йоьΙаца Кусайте Эглеца интернетехула гергарло а тасаделла, иза шаьш долчу Москох кхайкхина нохчийн йиший, ваший, МагмадовгΙар, лийцира Ιедало. Иштта уьш болчу яха араяьллачу новкъара лецира Кусайте а.

Тахана а дац церан дов дирзина. Бахьане диллина царна, уьш экстремисташ бу, Нохчийчохь я Москохахь лелхийтарш дан кечлуш бара бохург. Даьлларг дац цаьргара цхьаъ бен – цара маьршша къамелаш дина интернетехула, шаьш къайлахчу сервисо тергонехь кхобийла а ца хууш.

Деношкахь ГΙебарта-Балкхаройчуьрчу «Э» шех олучу, экстремизмана дуьхьало яран декъан куьйгалхочо шен пресс-конференцехь дийцира, шайна Одноклассники.ру маши чухула вовшашца къайлаха юкъарлонаш леладеш 1700 харц къамелаш ден стаг хаавелла, царех цхьаболчарна дуьхьал 7 бехктакхаман гΙуллакх а айдина, аьлла.

Гуш ма-хиллара, нехан къайленаш Ιедалх хьулъеш а яц интернето.

Дешан маршо янне а яц, интернетах вогуш хила веза хIораниг а ца боху цхьаммо а. Делахь а, масалш а дац бух боцуш. Дукхахболчарна хаьа мел бегΙийла дац шен ойла хецна яржочунна юьхьмаршаца ша вовзийта.

Цундела лела интернетехула дукха хьолахь йоцу цΙерш – никаш. Маршонна маьрша, гарехь, нохчашлахь Кадыров бен хила йиш а яц. Цо шен цΙе а ца лачкъош олийла ду Кавказ имаратан лидерх Умаров Доккех мукхадахк а, цуьнан гонах «шайтΙарчий» а. Амма шех Кадыровх изза аьллачунна, дийна виса лаахь, тΙоьхула хила веза даржехь лаххара а Оьрсийчоьнан президенте кхочуш веза хьаькам а, гонаха - бΙаьннашкахь и ларвеш хехой а.

XS
SM
MD
LG