Журналисташа юха а тIехтохарца багарбина Нохчийчуьрчу Iедалехь болу Кадыров Рамзанан гергара нах. ХIунда?
Масcарна а хууш долчунна тIера долор вай. Цивилизаци йолчу пачхьалкхашкахь зорбанан гIирсаш доьалгIа Iедал лоруш ду. Прессо Iора доха "халкъан леш" лело хьарамлонаш, ткъа хьакъ долу органаш хуьлу цхьаъ дан дезаш. Амма бозуш боцу репортераш, бох баларан Iалашонца бен царна тIаьхьауьдуш боцчу Оьрсийчохь и тайпаниг ца хуьлу, яздо КавказРеалиино.
Кадыровх лаьцна дукха яздо. Цунна критика йон цхьаъ вийча а, хьийзича а, озабезам бича а. Ткъа жамI?
Хууш ма хилла иза Путин Владимира хIоттийна ву куьйгалхо. Ткъа цунна иза дерриг а мегаш ду. Оццу Путине а дала мегар ду Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга луш доллу хаттарш.
Прессехь болх бечу нахах доккхах долчу дакъано чIагIдо журналисташа хаамаш бан беза, ткъа цунах муха пайда эца беза бохург юкъараллана тIехь ду бохуш. Амма кхузахь галдаьлларг ду и юкъаралла федералан телеканалашкара пропагандан сюжеташка хьоьжуш хилар. Цунна оьшуш бац кхечу хьастанаша баржо хаамаш.
ШолгIа. Нохчийчоьнца дерг кхеташ ду (массо а боьлла цигара вон хаамаш кхочуш хиларх). Юккъерчу барамехь субъекташ схьаэцча, цигахь цхьанха а спортзалехь цхьа а ца уьдуьйту. Амма кхузаманахьлера Нохчийчоь коррупцин а, барам боцу харцонийн гIап ю бахар, лаххара а, кӀоргенза доцу хIума ду.
Кадыровс куьйгалла дон Нохчийчоь Оьрсийчохь луъург лелоран лаккхара тIегIа хила а мега. Амма мелла РогозингIар, ЧайкагIар, ПатрушевгIар бу шайн берех лаккхара Iедалхой а, миллиардераш а беш? ХIун, Forbes журналан 70 миллион доллар мах болу долахь долу кема карийна вице-премьер Шувалов тоьлаш ву? Я гIоле ву "Роснефть" компанин куьйгалхо Сечин Игорь, баттахь 2 миллион 300 эзар сом алапа оьцуш волу?
Муьлхха а Оьрсийчуьрчу регионехь тIе машен тоьхна шу дайина Iедалхо дIаваха мега, цхьа а доьхуш жоп а доцуш. Муьлхха а Оьрсийчуьрчу регионехь хьо набахте хьажо мега, нагахь ахь некъ хадабахь "дикачу нехан". Муьлхха а Оьрсийчуьрчу регионехь Iедалхочо, цхьа а бекхам а боцуш, дIахьажо мега журналист реанимаце (йицйелла шуна Кашин Олеган а, Турчак Андрейн а истори) иштта дIа кхин а.
Цхьаммо ала мега: къоланаш до, заьIап во, амма ца воь. Дика ду делахь. "Яковлев Димин" цIарах низам ду. Цуьнца а догIуш, Iамеркахошна дихкина ду Оьрсийчуьра бераш шайн доьзалкахь даха эца. 2012-чу шарахь иза тIеоьцуш реза хиларца кхаж тесира Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутаташа. Цунна тIе куьгтIаIийра Путин Владимира.
Ткъа цул тIаьхьа масийтта бутт балале Лахарчу Новгородан кIоштахь бер делира, сихха дарба дан иза дIадига кехаташ кечдина Iаш Iамеркера доьзал а болуш. Амма цу доьзале ца дайтира иза.
Цундела Iехавала хьашт дац. Кадыров дакъа ду Оьрсийчоьнан элитан, цунна вист ца хуьлуш шен гIуллакх дан ца хаар бен кхин хийцаделла хIума а доцуш.