Москвахь керла маьждиг делларх йолу идей къобалйина Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира, аьлла дIахьедина Кадыров Рамзана. Южное Бутово кIоштарчу шен ден Кадыровн Ахьмадан цIарх болчу урамехь доьллур ду иза, бохуш чIагIдо Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
И хаттар Кадыровс, Путина а дийцаре дира селхана хиллачу Москварчу цхьаьнакхетарехь, дуьйцу Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграм-каналехь. Кадыровс чIагIдарехь, Путино аьлла "динца болчу наханна и проект вуно ладаме йу, маьждиг доттарца долу хаттар хьалххе дуьйна дийцаре дан дезара". "Оццул деза совгIат дарна" ша "баркал олу", дIахьедина Кадыровс.
Кхечу хьасташа ца дуьйцу Кадыровн, Путинан хиллачу цхьаьнакхетарехь маьждиг доттарх сацам бина бохучух. Президентан официалан сайтехь а дац цунах хIумма а. Москварачу Iедало комментари йина йац оцу хаммашна.
Кадыровн могушалла эшна йу боху хаамаш даьржинчу йукъанна а, Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь латточу КъурIан дагорна лаьцначу волгоградхочунна Журавель Никитина цуьнан 15 шо долчу кIанта йетташ видеоно шуьйра резонанс гIаттийначу йукъанна хилира церан Кремлехь цхьаьнакхетар - шен кIанта динчух воккхаве ша элира Кадыровс.
- Кадыров Рамзана шога критика йо дозанал арахьа бусулбачу динан хьокъехь харцо лелийча, амма гуттара а тидамза дуьту цо Оьрсийчохь бусулба нах хьийзор. Нохчийчохь Iедало магийна йоцу динан кеп лелочу наханна тIехьбевлла хьийза ницкъахой.
- Мангал-беттан 7-чохь Подмосковьера Котельники гIалара маьждигехь пIерасканан рузба дечу хенахь гIишло чу баьхкинера ОМОН-н белхахой: "Когара мачаш ца йохуш, наха ламаз дечу хIусамчу лилхира уьш. Ларам боцуш, маьхьаршца, боьха мотт лебеш, коьчаоьхура уьш. Маьждиге баьхкинарш сийсазбора – царех дукхахберш Оьрсийчоьнан бахархой бу", – чIагIдора видео тIехь и сурт гинчо. Президенте Путин Владимире бистхуьлуш, видео дIайазйира бусулбанаша, ницкъахойх шаьш лардар доьхуш. Полихсошна дуьхьал шога барамаш бахар доьху цара.
- Охан-баттахь Москван мэро Собянин Сергейс дIахьедира, шахьаран Косино-Ухтомскан кIоштахь дан лерина хилла маьждиг кхечу меттигехь дийр ду аьлла. Хьалхо оцу протестхошна кхел йе, йа уьш тIамтIе хьийсабе аьлла, кхайкхам бинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цуьнан сацам "чIогIа дика бу" аьллера.
- Кавказ.Реалиин сайто масийттаза йаздира Кадыров Ахьмадан культ кхолларх. Эксперташна хетарехь, "динан билгалошнашца" лелайо иза, республикера арайолуш а йу и культ.