ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзана мидал йелла шен 17 шо долчу кIантана


Кадыров Рамзан кIантаца Элица
Кадыров Рамзан кIантаца Элица

Нохчийчьонан куьйгалхочун 17 шо долу кIантана Кадыров Iелина (цуьнах Зелимха а олу) мидал йелла "Нохчийн Республикина гIуллакхаш дарна" аьлла, омрана куьгйаздина Кадыров Рамзана.

Мидал йелла, цо "спорт а кхиорна а, йукъараллехь къобалдина гIуллакхаш дарна а" аьлла, хаамбира шен теллеграман агIонехь нохчийн премьер-министро Даудов Мохьмада. Масо агIор бевзаш бу цуьнан кхиамаш, оьзда а, жоьпале стаг ву иза, аьлла тIетуьйхира Даудовс.

Кху шеран зазадокху- баттахь республикерчу боксан федерацин президент а, "Ахмат" спортан клубан коьрта директор а хилира Кадыров Iели. Амма цу даржахь муьлха белхан Iалашонаш кхочушйо цо, билггал хууш дац.

Стохка, зазадокху- батттахь Кадыров Iелина "Терроризмаца къийсам латторехь" кхиамаш бахарна, аьлла некха тIехь лело билгало йелира.

  • Мангал-беттан 8-чохь Кадыровн 17 шо долчу кIантана Элина а, 16 шо долчу Адамна а нускалш далийна, Нохчийчохь къайлах той хIоттийнера. Нускалш далош йогIучу коврано йохийнера дуьхьал йогIу машен, йаздора "Новая газета Европа" хьасто. Цу шиннан нускалш ду Оьрсийчоьнан думин депутатан Делимханов Адаман а, сенаторан Геремеев Сулейманан а гергара берхIийтта шаре довлаза зудабераш. Ший а ву федералан тIегIанехь Нохчийчоьнан цIарах лелаш.
  • Товбеца-баттахь Путин Владимир цхьаьнакхийтира Кадыров Ӏелица. Кадыров Рамзана бахарехь, Путина декъалвира кIант хиндолу захолонца, шен къамелехь Кадыров Ахьмад-хьаьжа а хьахош.
  • Стохка, чиллан баттахь Дубайхь шен жимахволчу вещица Адамца машенахь воьдуш гинера Кадыров Iели. Эмиратийн Iедалан сайта тIехь йолчу информацица, 18-шарел тIехваьллачун бен машен лело бакъо йац аьлла дIакхайкхийна ду. Ишта Оьрсийчоьнана низамаша а магош дац 18 шо ца кхаьччехь машенан урхалла дар.
  • 2022-чу шеран гIаждужу -баттахь Кадыров Рамзан а, цуьнан кхоъ кIант а (царна юкъахь вара цуьнан кIант Iели а), Украинан дIалаьцначу территори бахара. Цара цу тIамехь дакъалаьцна бохуш чIагIдора Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Цуьнна тоьшалла санна яьккхира бераша пулемет а, гранатомет а йетташ видео. Нохчийн оппозицин телеграм-каналаша тидам тIебахийтира: видео тIехь йолчу деталеша гойту и видео тIемана аренашкахь яьхна цахилар, геолокацис гойту, и видео вице-премьер Кадырова Iайшат коьртехь йолу делегаци тIеэцначу меттехь йаьккхина хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG