Нохчийчоьнан урхалхочун 16 шо долу кIант Кадыров Адам дукха хан йоццуш кхоьллинчу шейх Мансуран цIарахчу батальонан "куратор" хIоттийна, оцу батальонан седа белира цунна хьалхо. ТIеман министраллина йукъадогIучу цу декъахь цо хIун болх бийр бу, - хууш дац. Хьалхо Кадыров Адама йиттира, КъорIан дагорна лаьцна, Соьлжа-ГIаларчу СИЗОхь латточу Журавель Никитина, цул тIаьхьа Нохчийчоьнан турпалхо вира цунах, цхьа могIа кхечу Оьрсийчоьнан регионийн пачхьалкхан совгIаташ а дира цунна.
Кадыровн-жимахволчун "оьшу говзаллаш а, корматаллаш а йу", батальонан кураталла лелон, йаздина шен телеграм-каналехь Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. "Хила ма-деззара жамI дара динан мехаллаш Iалашйарехь цо дина гIуллакхаш" аьлла Оьрсийчоьнан парламентан Нохчийчоьнан цIарахчу депутато Делимханов Адама.
Шейх Мансуран цIарах батальонан куьйгалла до оьрсийн политик Немцов Борис верца доьзначу гIуллакхехь вийцинчу Геремеев Руслана.
- Кадыров Адама марсхьокху-беттан 15-чохь йиттира КъорIан дагорна Соьлжа-ГIалахь лаьцна латточу Журавель Никитина. Полицино дуьхьало йира бехктакхаман гIуллакх долон, Адаман жоьпалле озон хан тIекхаьчна йац аьлла.
- Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана ворхI совгIат дира: йуьхьанца республикин "турпалхо" вира цунах, цул тIаьхьа ГIезалойчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта Балкхаройчоьнан а совгIаташ делира, цул совнах, "Умматана хьалха гIуллакъаш дарна" I-чу бараман орденца а, иштта нохчийн "Даймехкан сий" орден а йелира.
- Лахьан-баттахь Нохчийчоьнан могушалла Iалашйаран министро Алханов Адама дIахьедира, Кадыров Адам "Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхерамзаллин декъан куьйгалхо" хIоттийна аьлла. Оцу заманчохь 15 шо дара цуьнан.
- Нохчийчоьнан урхалхочун кхоалгIа кIант – 65 шо долу Кадыров Адам – масийттазза нисвелла федералан тIегIанера скандалашна йукъахь. Ринга тIехь ницкъбора жимчохь Кадыровн кIанта, ткъа Украинехь тIом болийчхьана кест-кеста нахана йукъаволу иза герзаца, цо дакъалоцу тIамна йечу пропагандехь а. Кавказ.Реалиин сайто дуьйцу, махкахь цуьнан васт муха хьалхатоьтту.
- Шейх Мансуран а, Бенойн БойсгIаран а цIарах батальонаш вовшахтохарх Кадыров Рамзана дIахьедира гIадужу-баттахь. Кавказ.Реалии сайто дийцира, Кавказ йоккхучу заманчохь ламанхойн дуьхьало йинчу лидерийн цIерех стенна пайдаоьцу Нохчийчуьра Iедалхоша, цо муха гIо до Кадыровн пропагандина.