ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзанан гонерчу нахана пачхьалкхан совгIаташ дина


Соьлжа-ГIалин мэри, гайтаман сурт
Соьлжа-ГIалин мэри, гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира пачхьалкхан совгIаташ декъна Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонерчу нахана. Кадыров Рамзанан гергара волчу, Соьлжа-ГIалин мэрана Кадыров Хас-Мохьмадна а, могушалла Iалашйаран министрна Лорсанов Сулейманна а орденаш йелла "даймахкана гIуллакхаш дарна" II-чу барамера, ткъа Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин а министрна Дудаев Ахьмадна – IV –чу барамера "Даймахкана гIуллакхаш дарна" орден йелла.

Оцу кепара омра зорбане даьккхина Кремлан официалан сайтехь. "Къахьегарна а, дуккхаъ а шерашкахь белхаш барна а" совгIат дина Кадыров Хас-Мохьмадна, Лорсановна – "могушалла Iалашйарехь доккха дакъа лацарна а, хьанал дуккха а шерашкахь къахьегарна а" йелла. Дудаевна – къаьмнийн йукъаметтигаш чIагIйарна а, социалан мехала пректаш кхочушйарна а" дина. Стенна тIехь цара хIун дакъалаьцна, билгалдаьккхина дац.

СовгIат динарш декъалбеш пост хIоттийна Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь.

32 шо долу Кадыров Хас-Мохьмад – Кадыров Рамзанан шичин кIант ву, Соьлжа-ГIалин мэр хIоттийна иза 2021-чу шарахь. 2017-чу шарахь, шен 26 шо долчу заманчохь цо куьйгалла дира Соьлжа-ГIалин полицин, ткъа 2020-чу шеран лахьан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацин а, министрийн кабинетан а куьйгалхо вира цунах. Юрист ву Кадыров Хас-Мохьмад, Нохчийн пачхьалкхан университет чекхйаьккхина цо "Юриспруденция" говзалла кара а йерзош.

38 шо долу Лорсанов Сулейман могушалла Iалашйаран министр хилира 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь, 2019-2021-чу шерашкахь Соьлжа-ГIалара номер 1 йолчу дарбанан цIийнан коьрта лор вара иза. Лорсановс чекхйаьккхина Воронежан пачхьалкхан Бурденкон цIарах лоьрийн академи.

Дудаев Ахьмадан 36 шо ду, 2020-чу шарера схьа дуьйна ву иза ша дIалаьцначу даржехь. Цул а хьалха кхаа шарахь куьйгалла дира Дудаевс ЧГТРК "Грозный" телеканалан, кхин а хьалха цо белхаш бина мехкан урхалхочун администрацехь кеп-кепарчу даржашкахь. Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан институт чекхйаьккхина Дудаевс, цул тIаьхьа РАНХиГС (Оьрсийчоьнан халкъан бахаман а, пачхьалкхан гIуллакхдаран а академи) чекхйаьккхина, "Пачхьалкхан а, муниципалан а урхалла" говзалла Iамош.

Кадыровн рожан пропагандица агIо латтош ву Дудаев. Халкъан ламасташца доьзна цо республикехь нахана хьалха стаг дIа а хIоттош, цуьнан йуьхь йохуш, цуьнга къурд алийтар, дIахьедира, шен урхалло терго латтош йу махкара арабевллачу бахархойн "леларна" тIехь бохуш. Журналистана Милашина Еленина а, адвокатна Немов Александрна а къиза Соьлжа-ГIалахь йеттарх лаьцна вистхуьлуш, цо бохура "малхбузен къайлахчу сервисийн почерк йу", ткъа журналисто "доллу къам" сийсаздина элира. Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта Кадыров Адама, КъорIан дагорна бехкевина, Соьлжа-ГIалара СИЗО-хь латтош хиллачу Журавель Никитина йеттар къобалдира министро – цо бахарехь, Адама "дIагайтина, ша шайн сийлахьчу цIийнан хьакъволу векал" хилар.

  • Дахначу кIиранах Путина совгIат дира Нохчийчоьнан муфтийна Межиев Салахьна сийлаллин кехатца "динаш йукъахь а, къаьмнашна йукъахь а уьйраш латторехь" дакъалацарна аьлла.
  • Ши кIира хьалха Кадырова Iайшатна, Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан йоIана, махкахь культурин министран даржехь йолчу, совгIат дира "Даймахкана гIуллакхаш дарна" аьллачу орденан мидалца. Ткъа "Даймахкана гIуллакхаш дарна" IV-чу барамехь орден йелира Нохчийчоьнан урхалхочун администрацин куьйгалхочунна Таймасханов ГIаласна.
  • ТIаьххьарчу беттанашкахь федералан пачхьалкхан совгIаташ делла Кадыровн кхечу гергарчарна а тIаьхьа. Марсхьокху-баттахь Нохчийчоьнан вице-премьерна, мехкан урхалхочун невцана Тумхаджиев Iийсанна IV-чу бараман орден йелира "Даймахкана гIуллакхаш дарна" аьлла. Иштта марсхьокху-баттахь Путин Владимира шен куьйга совгIат дира Кадыровн нанна – Айманина – Сийлаллин орденца. Товбеца-баттахь 26 шо долчу Кадыров Рамзанан вешин кIантана, иштта республикехь вице-премьеран а, бахаман, латтанийн йукъаметтигийн министран даржехь волчу Кадыров Хьамзатана "Даймахкана гIуллакхаш дарна" аьлла, II-чу барамехь мидалан орден йелира. Стигалкъекъа-баттахь "Нана-турпалхо" седа белира Кадырова Меднина – политикан хIусамнанна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG