ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыров цхьаннах ца теша. Уггаре хьалха - нохчех." Гудковца, Янгулбаевца интервью


Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а, коллаж
Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а, коллаж

Путин Владимира Рамзан Кадыров Кремле стенна кхайкхинера? Йукъараллехь иза гайтар хIун Iалашо йолуш дара? Свобода Радион эфирехь Рыковцева Еленас дийцира цунах политикца Гудковца а, нохчийн бакъонашларйархочуьнца Янгулбаев Абубакарца а. Маршо Радионо зорбанедоккху "Лицом к событию" программан цхьа дакъа.

Елена Рыковцева: Путин Владимира шен Оьрсийчоьнан бахархой шозза ирсе бина: селхана иза Кадыров Рамзанца цхьаьнакхийти, тахана цо Бурятерчу белхалошна дуьнен-йукъаран хьолах лекци йийши. Селханлерчу денна тIера дIадуьйлало вай. ХIунда аьлча, "селхана" шатайпачу чулацамца хезаш ду кху тIаьхьарчу хенахь. И цхьаьнакхетарш "Путин шен меттехь ву, цхьанххьа дIа ца вахана" ала гойтуш ду. Цу тайпачу цхьаьнакхетарех "консерваш" олу. Уьш леррина дIайаздеш ду. Вай иза кхузахь ву бохуш Iа, ткъа и Швейцарехь хуьлу, 2015-чу шарахь санна. Ткъа хIинца цара динарг цхьажимма кхин дара - "Кадыров Рамзан волуш ву, хIоккхузехь лаьтташ ву, наха дуьйцурш эладиттанаш ду" ала, бина болх. - "Ерунда на постном масле"

Вайца зIенехь ву Гудков Геннадий. Арестов Алексейс аьлларг дийца луур дара суна: тидам белаш, иза дарбанаш дайта цхьанхьа оьхуш ву. И хIуъа цамгар йелахь а, Iарбойн Эмираташка дIахьоду Кадыров. Ша волчу Абу-Дабера лоьраш схьа а кхойкху. Церан медицина гIоле хета цунна. Ткъа хIунда хета: ша ца теша дер. Хьалха оьрсийн лоьрех тешар иза. Дарбанна дуьхьа Москва воьдура. ХIинца царех ца теша ваьлла. Хаьа цунна шена кIело йан кийчча Iаш хьалха ша девнаш мел лелийнарш, ша гича мел цамегарш, ФСБ -н а, ГРУ-н а белхалой буйла. Бакъдолчух тера хета шуна иза? Iарбойн Эмираташкара медицина оьрсийнчул цунна гIоле хетар хила тарлой бахьана ?

Генадий Гудков: Кадыров Рамзан цхьаннах ца теша. Уггаре хьалха иза шен нохчех ларло. Нохчийчохь дукхачу нахана зуламе хилла ву и. Дуккханаш бу цунна чIир йекъа лерина. Дукха дика хаьа суна иза, цхьамма дийца ца оьшуш. Иза цавезарш тIех дукха бу Нохчийчохь. Кадыровн хьал цхьажимма эша ма доладеллехь, оха тхайн динарш цунна дукха сиха дуьхьалдохур ду, аьлла хета иза цавезачарна. И дерриге хууш волу куьйгалхо Нохчийчоьнах а ца теша. Ца теша и Москвах а. Цигахь а бац цуьнан хIумма а кIезга мостагIий. Абу-Дабехь цуьнан дукха бахамаш бу, ахча ду. Дукха хIума дехьадаьккхина цо цига. Йерриге шен резерв цу майданехь дIагулйеш ву. Цхьаъ галадолуш хилахь, дIаваха а хьожур ву. Суна схьахетарехь, иза цкъа ваха а вахара иштта ведда - Борис Немцов вийначу муьрехь. Хиллачух хIун хир ду а, цу гIуллакхан талламаша мел хан дIалоцур йу а хууш цхьа вацара. Цу хенахь дийца долийра, иза цигахь ладоьгIуш Iаш волу масех кIира ду аьлла. Кремлехь цхьа хийцамаш хиларна кхеравеллера и. Шу бакъ луьйш ду - иза цхьаннах ца теша. Дукха дика хаьа цунна, ша дIаваккха луурш шортта буйла.

Кадыров-м вац цхьаннах тешаш. Дукха дика хаьа цунна, шена чIир йекъа луурш шортта буйла

Елена Рыковцева: Кадыровн могушаллина зен дан луучара дIовш лелийна аьлча теший шу? Цуьнан йуьхь йистина гуш йу, къамел а текхна ду, сих-сиха стенга вахана ца хууш, къайлаволу. Цуьнан цамгарца доьзна ду и? Йа кхин ду бахьана? Жима стаг ма ву и. Иштта цомгуш хила.

Геннадий Гудков: Цу хаттарна жоп дала хало ду суна. Кадыровна дIаьвшаца зулам дина хила тарло. Амма иза иштта бакъ ду ала тоьшаллаш оьшу. Цкъачунна моттан бен бакъо йац вайн. Цундела ма-дарра дерг ишта, вуьшта ду олийла йац вайн. Iедалхошна иза ца везийла-м хууш ма дуй. ТIаьхьарчу хенахь и цабезам дебаш богIу. Мотт бийца а цунна ца хаьа, корматаллаш а, интеллект а - ледаро йуйла гуш ду. Муьлхха шен къамел кехат тIера дIадоьшу. Шена ца девза дешнаш доьшуш а хуьлу - масала - финансаш, бюджет, Iедалан программаш, церан кхочушйар, кхин дIа а. Цу дерригенах кхета хала хуьлу куьйгалхочунна. Цуьнан кхинйолу корматаллаш - уьш къегинчу кепехь гуш хуьлу: Кремлехь конъюнктура. Оцу тIехь кхечеран ца кхочу хьекъал кхочу цуьнан.

Гудков Геннадий
Гудков Геннадий

Суна-м иза цкъачунна цхьана коьллашна йуккъехь лечкъина, тийна, Iаш ву, аьлла хета. Кремлехь дикка хIума хийцаделла. Цхьайолу Iедалан архаш Путина Генштабан инарлашка дIайелла. Пригожин, Кадыров санна болучара цу тIамехь толам боккхур боцийла ша кхета воьлчахьана. Кадыров, Гиркин, Пригожин хьалха болуш, инарлаш йемалбеш, йолийна кампани, гена ца йаха. Иштта цу Пригожинца Путинна цхьацца хIуьттаренаш лелон буьйлабеллера и инарлаш. Йуха Кадыров а хьакхон дагаденчух тера дара. Амма Путин сиха кхийтира Кадыров царна дIавала мегар доцийла. Цундела цуьнан кIант Ахьмат ша волчу ваийтина, цу доьзалца шен гергарло а ду, уьш шена оьшуш а бу, ша царна хIумма дойтур дац бохуш санна лийлира. ТIаккха Кадыров дикка майравелира. Кремлехь шен корта боккхур бац аьлла паргIатвелира.

Кадыров чIогIа хIилла долуш ву. Кремлана шатайпа хаам бина цо - аша со хьевахь, аса хIара дарж дуьтур ду, сайна сайн долахь йолу арми вовшахтухур йу. ТIаккха, шайна лаахь, со кхечу пачхьалкхашкахь лохур аша. Аса Нохчийчоь Оьрсийчоьнах дIа а къастор йу. Хьовсур вай, шуна Кавказ латтош гIо хьан до.

Елена Рыковцева: Вайна билггал ца хаьа, цунна дIовш лелийна, ца лелийна. Амма хаьа, иза кхоьруш вуйла.

Геннадий Гудков: Дерригенах кхоьру - ДIаьвшах а, герз тохарах а.

Елена Рыковцева: Шеко а йоцуш, ала мегар ду, Кадыров кхоьру, шена оьрсийн лерринчу структураша тешнабехк барна. Иза дIаваьккхича, церан хIун талур дара? Уьш шаьш а ма бу цу Путинна вуно муьтIахь.

Массо резабоцуш бу. Амма садетташ, Iа. Путинна Кавказ латтор тIехь гIоьнчаллехь ву Кадыров

Геннадий Гудков: Нахана дика хаьа, шаьш цхьа дуьхьалло йича, шайна и бале дер дуйла. Цунах кхетаро собаре хуьлуьйту уьш. Путин Владимира (дукхазза хезна суна цуьнан гонехь болучаьргара) Рамзанна арздеш шена тIебаьхкинарш вуно ирча багатухий, дIабохуьйту цо бохуш. "Рамзан сан дика накъост ву. Кавказ сецон оьшуш ву иза. Ткъа шу сан дикалла бахьана долуш ша детталахь шерша наьхча санна дехаш ду; сатоха аша, даккхийчарех дац. Кадыровна дикка хIонц йужу коммерцин тIера а, вуьшта йоькъучохь, йадочохь, ( доцуш , ца лелош хIун ду?) пайда схьаболучохь - массанхьа ву-кх и. Нохчийчоь шен долахь йу аьлла тешна ву. Нохчийчоь йоцург а - иштта. Москвахь цхьа коммерцин - гIуллакх девнаца нисдечохь Кадыров дакъалоцуш велахь, 25 - 50 млн доллар гонорар йоцуш, дола а ца до. Иштта, массо метте кхачар бахьана долуш, цо некъ хадонза кIезга нах бу. Путинна гIо лоцуш цо Кавказана Iуналла до аьлла, резабоцурш а бу дуккха.

Елена Рыковцева: ХIинца хьовсур вай Москварчу бахархоша хIун олу? Муха го царна Кадыров Рамзанан полит-кхане?

Елена Рыковцева: Вайца къамелехь Нохчийчуьра бакъонашларйархо Янгулбаев Абубакар ву. "Туьйранера шах" аларна реза вуй хьо?

Кадыров паччахьийн ловзарех Iехавелла. Къаьсттина и тIом болабелчахьана ша шех бIобулуш ву

Янгулбаев Абубакар: Цхьа туьйра йаздан лерина ву со. Цу туьйранехь цхьа Турпалхо ву - кх (Антигерой ) Шеф Шакал цIе йолуш. Нохчийчохь сийлахь лоруш йерг борз йу, ямарт лоруш - чагIалкх. Накъосташа "шеф" олу цунах. "Шеф-Шакал" цIе чIогIа товр йу цуьнгахь.

Рыковцева Елена: Вайга вистхилла Москван вахархо цу хьан туьйранна анонс йеш хилла, хиндерг хууш санна. Хьо теший, Кадыровн хатI, леларш, цуьнан цIаьххьана къайлавалар, - цуьнан жаннаш лезна ца Iаш, кхин цхьа бахьана ду бохучуш дийцарах?

Янгулбаев Абубакар: Хьуна бакъдерг дезахь, со цунна и дIовш лелийна аларна башха реза вац. Нагахь дIовш цунна лелийнехь - хьан? Лерринчу структураша, оьрсийн хьаькамаша? Иза дIаваккха луучо, иза вуьйр ву. Мацах цуьнан да ма вер. Цхьамма а и дечарна новкъарло йийр йац. Путинна цатовш дерш лелош, къайлаха зулам дан царех цхьа а ваьхьар вац. Йуха ша жоьпе озорна кхоьруш. Суна хетарехь, шена хуьлучу стрессаша а, сингаттамаша а вестийна иза. Боьдуш тIом бу, леш нах бу, цуьнан хьал талуш ца лаьтта, цунна зенаш хилла, иза санкцеша лаьцна: иза цу шен экономикан - баланаша охьатаIийна. Цу дерригено ницкъ бо цунна, жима ма вац, вахаран хатI дац цуьнан лартIехь. Йуучунна тIехь сутара ву, гуш ма ду и.

Рыковцева Елена: Ахьа мел дагардинарш Кадыровна баледовлар гуш ду. Иза кхин а цхьаъ хиларах кхоьру аьлла хетий хьуна? Цундела вуй-те и Путин Владимирна тIекхача лууш. Кху дегош лаьттачу дуьненчохь шен кхерамзаллина цхьа тоьшалла оьшуш лелий-те?

Янгулбаев Абубакар: Бакъ ду-кх и. Шеко йац цу тIехь. ТIехула тIе - ловза чIогIа ваьлла и. Гуттар шех бIобулуш, паччахьийн ловзарш лелош. Къаьсттина и тIом баьлчахьана - ша шена реза ву. Цу тIамехь цунах а, цуьнан Росгвардех а, эскархойх а шена цхьа пайда баларе сатуьйсуш, Путина майраваьккхина иза. Ткъа схьахIоьттина жамIаш кхин ду. "Тик-Ток" кинош йахарал совнах Кадыровн Путинна гайта кхин кхиамаш бац. ХIинцца оцу схьагушйолчу видео тIехь СВО - х дош олуш, шен дIайоьшуш го и: "оха шун берриге лаамаш кхочушбо" бохуш. ХIан-хIа, иза бакъ дац, хIумма а кхочуш ца до. Дерриге долалуш йуьхьаралаьцна Iалашо Киев схьайаккхар йара. Кхара дуйнаш диира, схьайоккхур йу шаьш бохуш, даккхий къамелаш дира. Амма аьттехьа шаьш баьхнарш дан а ца дира. Мелхо а йухабовлуш гуш бу церан эскархой. Хьалха Кадыровс даима а: "Путин вайн президент а, вайн коьрта тIеман хьаькам ву, цо вайна хьалха даккхий декхарш хIиттийна, вай уьш дIахьош ду",- олура. Президентана хьалха хуий, юьхьдуьхьала уьш дуьйцуш Iа и. Путин цуьнга хьежа а хьоьжуш: "ма воккха Iовдал ву хьо", бохучу ойланца вегIа.

Янгулбаев Абубакар
Янгулбаев Абубакар

Рыковцева Елена: Цуьнга хьоьжуш Iаш, изза дагадеара суна а. Хьан йоллу ойланаш хилира: Кадыровс и тамашийна йозанаш дIадоьшуш, хIун ду-те Путинан дагахь? Ахьа схьаэли-кх цуьнан дагахь хилларг. Сан хаттарна жоп дели ахьа. Хьо тIеман эксперт воцийла хаьа суна. Делахь а, кхечу экспертийн хьежамаш бевза вайна. Цара боху, Кадыров Рамзанан куьйгаллехь берш ледара тIемлой бу. Нохчийчуьра эскархой. Цу Рамзанан байракхашна бухахIиттина Украине бахнарш. Уьш дикка кIезгбеллачух тера ду. Церан дог-ойла гIийла хилар ду и? Шаьш цига хIунда даьхкина цахааро галбаьхна хилла уьш?

Кадыровхой дIабуьйлабелча дуьйна схьа бац цу тIаманна пайде. Цхьана ханна моттаргIанашца Кадыровс латтош бара

Янгулбаев Абубакар: И аьлла-м суна иза доладелчахьана хетара. Аса мохь туххуш дийцинарг ду и. Со тIеман эксперт воццушехь бехира аса и, дийцира. Суна Нохчийчоь дика йевза, кадыровхой бевза. Цара хIун бедарш лелайо а, цара хIун йуу, уьш муьлхачу ойланашца тIаме боьлху а хаьа. Ахьа ма-аллара, къонахчун ойла а, доьналла а оьшу тIемло хила луучунна. Муьлххачу тIамехь ладаме дерг ду и.

Кадыровхой дика тIемлой цкъа а бацара. Иза со воцучара мохь туххуш, дийцина дара. Нохчийчоь йевзачарна хаьа цу тайпа дерг. Кадыровс цхьана йукъанна кеп латтийра, шена тIе тидам берзош. Ша цу тIеман мотор болуш санна. Шен эскархоша цхьа доккха хIума цигахь лелош санна. Амма и дерриге бакъ доций, цигара хьал тиша дуйла, гуш дара. Йа адам кIезга дара-те церан? Кадыровс лаккхара терахьаш схьакхайкхадо. Амма со дагардаан воьлча, 300 эзарал совнах ца нислора сан. Суна хазахета, цу эксперташа и дерриге гIарадаьккхина. Цара и кадыровхой цу тIамехь оьшуш бац аларна. Суна-м ишта а хууш дара и.

Хьеший "Лицом к событию" - царна тIевеара йукъараллин жигархо Доржо Дугаров - цо а дийцира Путинан Буряти вахарах. Программин йуьззина верси:

  • Нохчийчоьнан куьгалхочо Кадыров Рамзана хастийра Оьрсийчоьнан тIеман министралла а, цуьнан куьйгалхо Сергей Шойгу. Цо хастийра кхин а тIеман ницкъийн Генштаб. Уьш чIогIа хьекъале бу, царна Украинехь тактика лелон а хаьа аьлла. Хьалхо Кадыровс Шойгу хьаха ца веш, тIеман хьелашна, цхьаболчу буьйранчашна а критика йира. Цуьнан а, ЧВК "Вагнер" хьалханчан Пригожинан хьежамаш цхьатера нислора, бохуш йаздо "Свобода" радионо.
  • ДIадаханчу шеран гIадужу-баттахь Кадыровс "пост" йира, ЧВК "Вагнер"-ан куьйгалхочух "веза ваша", "бакъволу тIемло" олуш. Цу йуххехула украинхойн гIала Лиман дIайаларна "Центр" эскаран буьйранча инарла Лапин Александр ледара тIемло (бездарь) ву аьлла йемалвира. Пригожинрезахилара Рамзана аьллачунна.
  • Чиллин-баттахь ТIом талларан институто Кадыровн, Пригожинан тIеман министраллица долийначу девнехь барт хир бац аьлла хийтира. Хьалхо Кадыровс шен ведомстваца "дика йуккъаметтигаш" ю бохуш, динчу дIахьедаршна тIехь кхолладелла хьесапаш дара уьш. Зазадоккху-беттан 13-хь ISW эксперташа сацам бира: Кадыров Путинах кхоьруш ву, шен эскархой Украинерчу тIаманна пайденна цахиларна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG