Мисаран тобан форвард, дIаяхначу сезонехь Ингалсан Премьер-лигехь уггаре тоьлла футболхо (32 буька чутоьхна цо 36 ловзарехь) Салахь Мохьамед Соьлж-ГIала веана. Цигахь футболан дуьненан чемпионат йоьдучу юкъана дIатарйина ю цуьнан тоба, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.
ШолгIачу дийнахь, Мангал-беттан 11-чохь сурташ гучудевлира Нохчийчохь уггаре Iаткъаме волчу, Iамеркан санкцешна кIеллахь волчу шина стагана Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, парламентан спикерна Даудов Мохьмадна а юккъе хIоьттина Салахь а волуш.
И сурташ даьхнера "Ахмат-Аренехь" кIиранан дийнахь Мисаран футболан тоба ловзарна кечъяла цу стадионе еанчу хенахь. Европан чемпионин лигехь "Ливерпул" "Реалца" ловзуш белш лазийна волу Салахь шен графикца кечлуш ву дуьненан чемпионатехь ловза.
Цундела Мисаран тобанан куьйгалхой сатесна бу иза Уругвайна дуьхьал ловзалур ву аьлла. Оьрсийчоьнан тобанца иза "100 %" билггал ловзур хиларх лаьцна, хаам бина Мисаран тобанан пресс-атташено.
Салахьца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа Кадыровс элира иза "кху дуьнентIехь уггаре тоьлла футболхо а, кхин хилча ца маггала дика адам а ду" аьлла.
Цу хеннахь Кадыров а, Даудов в улле хIоьттина а волуш, Салахьан сурташ гучудовлар ца тайна дуккха а адамийн бакъонашларъярхошна а, социалан машанашкахь цу сурташка хьежначу нахана а.
Салахьца сурт даьккхинчул тIаьхьа Даудов гIоьртира "Ахмат-сила!" хIун ду бохучух иза кхето.
Шинарин дийнахь журналистийн къасто аьтто белира, гонах бевлла Нохчийчуьра куьйгалхой а болуш, Салахь стадионе муха кхечира. Футболхо, белш лазийна волун дела, дагахь а ца хиллера стадионе а вахана, тренировка ян, амма иза цуьнга дайтира Кадыров Рамзана.
The New York Times газето яздарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхо дог доьхна хиллера Мисаран тобанан тренировке хьажа стадионе веача, бухахь Салахь ца карийна. Кадыров стадионера дIавахара, амма дукха хан ялале иза юхавирзира, уллехь Мисаран футболан седа а болуш.
The New York Times газетана Кадыровн хьехамчо Даудов Туркос дийцарехь, Нохчийчоьнан хьалханча Мисаран тоба дIатарйинчу отеле вахана хиллера. Салахь шен чохь вижина хиллера. Кадыровн дехарца, сама а ваьккхина, из цуьнан машенахь схьавалийра стадионе.
Дуьненаюкъарчу адамийн бакъонаш ларйечу вовшахтохараллаша критика йон Кадыровна а, ойла цхьаьна ца йогIу нах цо хьийзорна (царна юкъахь ву "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб), ФИФА-на а, Мисаран футболан тоба дIатаръян Соьлж-ГIалана бакъо яларна.
"Футболан дуьненан чемпионатах пайда а эцна, шен имидж таян гIерташ ву Кадыров, иза хир дуй 100% хьалххе хууш дара", - аьлла шен интервьюхь Associated Press агенталле Human Rights Watch бакънашларъярхойн вовшахтохараллан директоран когаметто Денбер Рейчела.
The New York Times газетан дехарца цу хьокъехь комментари еш, Мисаран футболан тобанан директоро Лехеит Эихаба элира, клубан куьйгалхой дохко ца бевлла Соьлж-ГIала шайн база харжарна аьлла.
Салахь Мохьамед Кадыровца а, Даудовца а цхьаьна стадионехь гучуваларх лаьцна хаттарш Футболан дуьненаюкъарчу Федераце дала деза аьлла хета цунна. Ткъа ФИФА-н векалш реза ца хилира цу хаттаршна жоьпаш дала, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.