Украинерчу бахархошна цIа боьрзуш гIо деш хилла 61 шо долу Белгородан кIоштара вахархо Демиденко Александр нохчийн ницкъахоша лачкъийна вигинчул тIаьхьа СИЗО-хь велла карийна. Охан-беттан 5-чохь велла иза, жигархо кхалхарх кхо де даьллачул тIаьхьа бира хаам.
Дакъа теллича ца карийна тIехь ницкъбина лараш, хаамбина Белгородан кIоштара ФСИН-н урхаллин пресс-гIуллакххоша "Фонарь" гIирсан хаттарна деллачу жоьпехь. Урхаллехь билгалдаьккхира, хилларг хиллачу хенахь изоляторе кхайкхинера лоьрийн бригада, церан ницкъ ца кхаьчна Демиденко меттавалон. Лоьраша дIакхайкхийна иза велла хилар.
Белгородера номер 3 йолчу СИЗО-хь латтош вара велларг. ГIадужу-беттан 17-чохь Оьрсийчоьнан "Колотиловка" КПП-хь лецира иза, дозанхойн пункте къано йалош веача. Лаьцна кхо де даьллачул тIаьхьа Демиденко цIа вигинера, цигахь полицин белхахоша а, нохчийн "Запад-Ахмат" батальонан эскархоша а талламаш бира цуьнан хIусамах. Лаьцначун хIусамнанас Вишенкова Натальяс дийцира, хеттарш динчул тIаьхьа шен цIийнден дегIа тIехь "дуккха а Iаьржа таммагIаш" дара аьлла.
Волонтер шозза лецира административан артиклашкахула, цул тIаьхьа бехкзуламан гIуллакхаш даьстира цуьнан хьокъехь - бакъо йоцуш герз лелорна а, пачхьалкхана йамартваларна а – Украинана "къайленан хаамаш" дIакхачош хилла бохура цо.
Демиденкон кIантана Олегана хетарехь, цуьнан дена тIаьхьабовлар доьзна хила тарлора, "Колотиловка" постехь украинхойн мухIажаршкара ахчанаш дахарца къийсам латторна. ГIадужу-беттан 11-чохь "Пепел" канало зорбане баьккхира цунах лаьцна бина таллам. Материалана публикаци йина йалх де даьлча волонтер лачкъийра.
- "Запад-Ахмат" батальон Белгородан кIоштахь йу стохка аьхка дуьйна, кадыровхой цига дехьабехира ливерсин тобанаш чу ца эхийта, амма цара, кеп-кепарчу хьастийн хаамашца, тылера позицеш дIалецнера цара.
- Соьлжа-ГIалахь комментарий йина йац волонтер лачкъорна кадыровхой бехкехиларх, цунна тIехь ницкъ барх. Оьрсийчоьнан бакъоларйаран органаша а тергамза битира и хаамаш.
- Оьрсийчоь тIамаца Украине чугIоьртинчул тIаьхьа 61 шо долу Демиденко Александр тIамана дуьхьал пикеташка вуьйлура, цо гIо дора украинхойн мухIажаршна даймахка йухабахка, дозане дIабуьгура цо уьш, шен цIахь тIе а лоцура. Буьйса йоккхуш цуьнан хIусамех чекхваьллера 900 гергга стаг, дозанхойн пост кест-кеста дIакъовлуш хуьлура цицгахь тIейетташ хиларна.