ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхоша лачкъийначу Сулейманова Седин доттагIе хеттарш дина Соьлжа-ГIалахь


Патяева Лена а, Сулейманова Седа а
Патяева Лена а, Сулейманова Седа а

Йийна хила тарло аьлла айдинчу гIуллакхехула Соьлжа-ГIалахь хеттарш дина латкъамхо иза хиларе терра кадырохвоша лачкъийначу нохчийн 26 шо долчу Сулейманова Седин доттагIчуьнга Патяева Лене. Талламхочун хеттаршна жоьпаш делла цо, ишта полиграф тIехь талламбайтар хьехна цунна, хаамбина кризисан "СК SOS" тобано.

Патяева Нохчийчу кхаьчнера охан-беттан 26-чохь, шен адвокатца цхьана Талламан комитетехь хилира иза, йаздо "СК SOS" тобано. "Сайх мел доьзнарг аса дина талламана гIо дархьама. Суна баккъал а хаа лаьа сайн доттагIчун кхолламах дерг таллийта, оцу гIуллакхана лерина тIейогIучу заманчохь а сайн ницкъ берг дийр долуш йу", - аьлла Патяевас.

Цо дийцарехь, талламхочо оцу процессан массо а декъашхочунна хьехна "харцонан детектор" олучу гIирсаца талламбайтар, ишта Седин гергарчарна а цхьаьна. Амма муьлххачу стеган а бакъо йу цунна дуьхьал хила цхьа а а тIаьхьало а йоцуш.

Седин гергарчаьрга хеттарш диний а, полиграф тIехь зераш дайта реза хиллий а, хууш дац.

Стохка марсхьокху-баттахь, цуьнан герарчара кехаташ чуделла, Сулейманова Седа нохчийн ницкъахоша Санкт-Петербургера лачкъийна Нохчийчу дIайигира. Хьалхо йоI йеддера цIера, бертаза маре йала хьийзорна. Цуьнан доьзало массара а лелош йолчу кепах пайдаийцира: цара бехкейира Сулейманова къола дарна, йоI хеттарш дан цIа йигина шаьш элира.

ЙоI лачкъийна йигина ахшо даьллачу хенахь бехкзуламан гIуллакх долийна адам деран артиклехула, гIуллакх долийра Патяеван дIахьедарца. Волайнхо йу аьлла оцу гIуллакхехь билгалйаьккхина Седин нана, ницкъахошка цхьана а тайпа дIахьедар чуделла а йоцу, хаамбора "SK SOS" тобано.

  • Карарчу хенахь Седин гергарчара дIахьедо, чиллан-беттан 5-чохь йуха а иза цIера дIайахнера аьлла. Оцу йукъанна чиллан-беттан 6-чохь "СК SOS" тобанан белхахоша телефон тоьхнера цуьнан шина гергарчуьнга, цара чIагIонаш йора, Седа шайна уллохь йу бохуш, амма телефон цуьнга дIакховдо дуьхьал хилира уьш. Чиллан-беттан 7-чохь "СК SOS" тобано дийцира Сулейманова йийна хила тарло бохуш. Информаци кхаьчнера цаьрга махкара вовшашца йозуш йоцчу шина хьастера.
  • Гезгамашин-баттахь Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура видео зорбане хIоттийра, шен Сулеймановаца хилла цхьанакхетар гойтуш. Цу тIехь йоIа дош ца олу; хIетахь дуьйна йоIах лаьцна керла хаам хилла бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG