ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхоша лачкъийначу йоIаца видео зорбане хIоттийна нохчийн омбудсмено. Цунна дош ца делла хьалха а санна


Солтаев Мансуран телеграм-каналера видеон скриншот
Солтаев Мансуран телеграм-каналера видеон скриншот

Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура йуха а тешийна, мехкан йахархо Сулейманова Седа "дикачу хьолехь йу", "латкъамаш а бац" цуьнан аьлла. Шен дешнех тешош цхьа а тоьшалла ца далийра цо. Хьалхо, "сий лардеш" йерна кхоьруш, цIера йедда йоI, Санкт-Петербургехь лачкъийра полисхоша.

Шен телеграм-каналехь Солтаевс дIахьедина, СулеймановгIеран хIусаме "ваханера" ша йоIаца цхьанакхета аьлла. "Хаза самукъадаьлла тIеийцира цо со. Цуьнан гергарчу нахаца а къамел хилира сан, оцу йоIаца шеца а хилира. Суна гира, шен нахаца йоккхайоьра иза", - чIагIдо хьаькамо. Цуьнан дешнашца, Сулеймановас "бакъ ца до, шеца доьзна хабарш а, кеп-кепара хаамаш а".

Публикацица цхьаьна хIоттийна йоца видео, цу тIехь Сулейманова йу шен ден-ненан кертахь лелачу Солтаевна улло йаьлла. Йеха Iаьржа коч йу йоIана тIехь, корта охьа а бахийтина йогIу иза. Церан къамел дойуш оригиналехь йолчу видеона тIехIоттийна мукъам бу.

Дахначу кIиранах Солтаевс йаздира, Сулейманова "маьрша йу", иза "кхера оьшуш хIуммаъ а дац" аьлла. ХIетахь шен публикацица сурт хIоттийнера цо йоIаца цхьаьна даьккхина.

Иштта, лачкъийначул тIаьхьа, Сулейманована хIинца а бакъо ца йелира шегарчу хьолах лаьцна дийца. "СК SOS" кризисан тобано билгалдоккху, цуьнан иштта таро цахиларх йа бакъоларйархошца зIене йала а, йа Санкт-Петербургера шен тIехьийзачу кIанте йистхила а.

  • Марсхьокху-беттан 23-чохь Сулейманова а, цуьнца хилла Кудрявцев Станислав а дIадигира Петербургера петарера веа стага, царех шиммо шаьш полицин белхахой ду элира биссинарш могIарерчу нехан духарца бара, дийцина Кудрявцевс бакъонашларйархошка. ЙоI а, Кудрявцев а гIалин 54-чу полицин декъе далийнера. Жимстаг дIавахийтина, ткъа Сулейманова сацийна 150 эзар соьмана цо хIуманаш лечкъийна аьлла. ЙоIехь хIуммаъ а карийна йац, официалан версица, хьенан хилла уьш а – хууш дац. Бакъоларйархошна хетарехь, къола дарх гIуллакх шайггара кхоьллина ду – Нохчийчохь нах лечкъош гуттар а хIоттош бахьана ду и.
  • Марсхьокху-беттан 25-чохь Сулейманове хеттарш дира адвокат цхьаьна а воцуш теше санна, ткъа иза Санкт-Петербургехь лоцучу заманчохь къола дина цо аьлла, шеконаш йу баьхнера. Иштта бертаза куьгйаздайтина цуьнга, адвокаташ оьшуш бац аьлла. Оцу документана адвокат уллохь волуш куьгйаздеш ду. Хеттарш динчул тIаьхьа полицин декъера арабовлучу хенахь гергарчаьрга дIайелира иза – девешига а, дейишига а, цуьнца цхьаьнакхета аьтто ца хилла адвокатийн.
  • Кху шеран чиллин-баттахь Сулейманова лачкъон гIоьртинера цуьнан вежарий, цул тIаьхьа болх а, ша йеха адрес а хийцинера цо, дуьйцу "СК SOS" тобано. 2022-чу шеран гIадужу-баттахь бакъоларйархошка орца дехнера цо, ша кхачам боллуш динехь цахиларана, гергарчара "сий лардеш" йерна кхоьруш. ТIаккха Нохчийчуьра йеддера йоI.
  • Хьалхо Кавказ.Реалиин сайто дийцира, гIело латторах бевддачаьрга йуха Нохчийчу дIабигча камерана хьалха а хIиттош, шайн проблемаш йац бахийтарх. Бакъоларйархоша хIиттийна суьрташ ду боху и сюжеташ: лечкъийна бигина нах, шайна тIехь ницкъбинчийн йуха каракхаьчча, царна дуьхьал ца бовлу.
  • Солтаев Мансур Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а, Украинан а санкцеша лаьцна ву.
  • Къилбаседа Кавказехь "сий лардеш" нах байарх "Правовая инициатива" проекто бинчу талламо гайтарехь, 2008-чу шарера 20I7-чу шаре кхаччалц схьа 39 адам дийна, царех кхоъ борша стаг вара. Бакъоларйархойн хаамашца, дукха хьолахь дойу марехь доцу зудабераш, йа марера цIабаьхкина кегий зударий, цхьа наггахь нисло цаьрца марехь берш а. Дайша, вежарша, хIусамдайша, девежарша бойу уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG