ГIиргIазойчохь лаьцна мангал-беттан 20-чохь Нохчийчуьра вахархо Мовлаев Мансур, йаздо "Азаттык" сервисо, адвокатана Насыров Илгизна а, бакъоларйаран "Бир дуйно Кыргызстан" боламан куьйгалхочунна Исмаилова Толеканна а тIетевжина. Стохка марсхьокху-баттахь дийцира нохчийн ницкъахоша Мовлаев лачкъийна вигарх.
Иза лоцуш хилла Пачхьалкхан комитетан къоман кхерамзаллин (ГКНБ) белхахой. Цхьаболчу хаамашкахь йаздора, "Манас" аэропортехь лаьцна бохуш, ткъа Мовлаевн адвокато билгалдаьккхина, шегарчу хаамашца, Иссык-Кульскан кIоштахь лаьцна иза аьлла.
"Мовлаев Мансур Оьрсийчуьра Казахстане веара, цигара – ГIиргIазойчу. ГIиргIазочоьнан Зуламан кодексан "Бакъо йоцуш доза хадор" аьллачу артиклехула бехктакхаман гIуллакх айдина цунна дуьхьал. ГIиргIазойчохь хIусам йац цуьнан, регистраци йац, паспорт а дац", - аьлла адвокато.
Насыровс дийцарехь, Мовлаевна гIуда тоха тарло, йа чохь даккха ши шо гергга. Бишкекан Первомайскан кIоштан кхело марсхьокху-беттан 21-чохь гIуллакх таллалц дIасавалар доьхкуш сацам бийр болуш бу цуьнан хьокъехь.
ТIаьхьо ГIиргIазойчоьнан Пачхьалкъан къоман кхерамзаллин Комитето тIечIагIдира, Мовлаев Иссык-Кульскан кIоштахь лацар, йаздо "Азаттыка". ГIиргIазойн къайлахчу сервисийн информацица, "радикалан идеологица" хилла иза, "Шемара дуьненайукъарчу террорхойн организацийн эмиссарийн тIедилларца ГIиргIазойчоьнан дозана тIехь хьалхо таIзар текхначу терроран тобанхойн гараца хилла иза". ГКНБ-хь дIахьедина, оцу гаранан декъашхойн "Iалашо хилла ГIиргIазойчуьра таро йолчу нахана талораш дан, цаьргара даьхна ахчанаш дуьненайукъарчу террорхойн организацешна дIа а хьежош". ТаIзарш ца дайта Iалашонца вовшахтоьхначу Къоман центран директоро Рысбеков Бакыта иштта хаамбина журналисташка, организацин белхахой кху беттан 21-чохь Мовлаев латточу СИЗО-хь хилла аьлла. Цо бахарехь, Мовлаевс латкъамаш ца дина, шена тIехь гIело хьоьгу аьлла, амма цо билгалдаьккхина, шена даймахка экстрдици йахь, ницкъбийр бу аьлла.
VC.RU сайтан информацица, 28 шо долу Мовлаев Мансур тхэквандон спортан мастер ву. 2018-чу шарахь инженер болх беш вара иза "Чеченэнерго" компанихь. Цхьадолчу зорбанаша а, иштта нохчийн оппозиционераша а хаамбарехь, 2020-чу шарахь кхо шо тоьхнера цунна меттигерчу Iедална критика йарна. Делахь а, муьлхачу артиклехула цунна таIазар динера - кхелийн сайта тIехь оцу кепара бина сацам бац.
Хаамбо, Мовлаев хенал а хьалха 2022-чу шарахь маьршаваккхарх, амма марсхьокху-баттахь йуха а лачкъийра иза Нохчийчуьра Шела кIоштан ОВД-н белхахоша. Цхьахйолчу къайлахчу набахти чохь латтийнера Мовлаев, амма цуьунан ка йелира къайлах вада. ГIиргIазойчу кхечира иза карахь кехат а доцуш, стохка дуьйна цигахь вара иза, йаздо 24.kg сайто. Оьрсийчохь Мовлаев лехамашка велла, экстремизмех гIуллакх долош.
Нохчийн жигархойн хаамашца, де хьалха кадыровхоша лечкъийна бигина, Йоккхачу АтагIахь бехаш болу Мовлаевн боллу гергарнаш. Карарчу хенахь Шеларчу полицин декъехь латтош бу уьш. Официалехь хIара информаци бакъйина йац.
Оцу йукъанна ГIиргIазойчоьнан бакъоларйархоша жигархо олу лаьцначу Мовлаевх а. Исмаилова Толеканан дешнашца, "Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьешарна а, политикан репрессешна а дуьхьал вистхуьлуш хилла иза. Шен къамелашкахь а, зорбане йохучу материалашкахь а жигархочо ийдеш хилла дешан маршо йохорах, бакъоларйаран органаша лелочу харцонах, регионера кхинйолчу проблемех а хеттарш".
- Украинана дуьхьал тIом болийчхьана бакъоларйархоша а, Кавказ.Реалиин сайтан хьасташа а дуьйцура, дукха хьолахь республикера ницкъахоша лечкъийна нах тIаме хьийсорах. Царех цхьаболучарна ультиматум хIоттайора, йа тIаме доьлху шу, йа Iазапаш хьоьгу, цул тIаьхьа шаьш айдинчу гIуллакхца набахте а доьлхуш олий.
- Нохчийчохь салтий бо доккхачу декъанна нохчийн оппозиционерийн гергарнаш. Масала, товбеца-баттахь политикан Закаев Ахьмадан вешин кIант Хьасан тIаме хьажийна хиларх хиира.
- Марсхьокху-беттан йуьххьехь Нохчийчуьра ЯнгулбаевгIеран вежарийн виъ гергара стаг нуьцкъаха тIаме хьажийра – церан ден ваша а, ден агIора кхоъ шича а. ЯнгулбаевгIеран вежарий Кадыров Рамзанан рожан критикаш бу. Абубакар бакъоларйархо ву, ИбрахIим, Бойсхар оппозицин 1ADAT телеграм-каналаца воьзна ву.