Оппозицин нохчийн NIYSO телеграм-канало видео зорбане хIоттийна, чIагIдарехь, кадыровхоша латкъамаш бо цу тIехь Украинехь тIемаш бечу заманчохь шайна оьшу гIирс кхачам боллуш латтош цахиларх. Маца, стенгахь видео дIайазйина йу, билггал хууш дац. Соьлжа-ГIалахь жигархойн публикацина йина комментарий йац.
Видео тIехь бархI эскархо ву, царех цхьаъ Нохчийчоьнан байракх тIехь йолу кепка тиллина ву, 408-чу штурман ротин командир ву ша олу цо – оцу декъах йиллинчу хьасташкахь информаца йац. Шайн къамел доладо цара "лараме Рамзан Ахматович" олий, ткъа дерзадо "Ахмат- сила" лозунгаца.
"Соьца дуккха а вайнах бу. Тхо Донецкан къилбехьа ду. Ши сахьт даьлча цхьана эвла штурм йан доьлхуш ду тхо. Хьоьгара гIо оьшу тхуна. Куьйгалло тхо билггал долчу меттиган цIе йаккха ца магийна суна [видео тIехь]… Тхан ротин, кхо-йиъ гранатомет йоцург кхин дIоггара даккхий герзаш делла дац тхуна. Кхин тхоьга йелла хIума йац цара… Дела дуьхьа, тIеман гIирсаца дехьа тхуна гIо", - боху эскархочо камера дуьхьал.
Нохчийчоьнан Iедалхойн а, йа тIеман а векалша кадыровхоша бинчу кхайкхамах лаьцна аьлла дош дац цкъачунна.
- Украинехь товбеца-бутт бовш вийна, йа тIепаза вайна ву, кеп-кепарчу хаамашца, 700 йа 800 гергга Нохчийчуьра эскархо. Цунах лаьцна дIахьедира Украинехьа тIемаш бечу Шейх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан хиллачу пресс-секретаро Белокиев Ислама а, оппозицин нохчийн NIYSO телеграм-канало а. Официалехь оцу информацих лаьцна тоьшаллаш дац украинхойн агIор, ткъа Нохчийчохь бакъ дац боху.
- Марсхьокху-беттан 11-чохь Украинера Донецкан кIоштара Урзуф эвлахь кадыровхошна а, оккупаци йинчу Оьрсийчоьнан тIеман комендатурин белхахошна а йукъахь герзаш деттар нисделла, дIахьедира Мариуполь гIалин мэран хьехамчас Андрющенко Петра. Цо бахарехь, шаьш эскархой белла ца Iаш, маьршачу бахархошлахь ворхI стаг а велла. Нохчийчоьнан Iедалхоша и хаам "фейк" йу аьлла.
- Стохка оханан-бутт бовш Украинан тIеман министралло хаамбира, оьрсийн эскарша гоне йерзийначу Украинерчу Херсонан кIоштарчу Киселевка эвлахь вовшашна тIе герзаш деттарх Бурятерчу а, Нохчийчуьрчу а эскархоша. Украинхойн агIоно бахарехь, дов даларан бахьанаш дара буряташ тIелата дуьхьал хилар а, нохчашца долчу хьелашкахь "бакъонаш цхьабосса цахилар" а, лачкъийнарг нийса йоькъуш йацар а.
- Бакъоларйаран "СК SOS" кризисан тобанан бакъоларйархоша билгалдоккхура, бертаза Украинерчу тIаме хьийсор могIарера хIума хилла дIахIоьттина кадыровхойн Нохчийчохь. Цига хьийсорхьама нах лоьцу цхьацца бахьанашца, кхерамаш туьйсу бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал дохур ду, йа Iазапаш хьоьгуьйтур ду бохуш.
- Соьлжа-ГIалахь чIагIдарца, Оьрсийчоь тIамца Украине чугIоьртичхьана Нохчийчуьра оцу тIаме вахийтина 29 эзар стаг, 13 эзар – йоллу Оьрсийчуьра лехьийна лаамхой бара. Иштта терахьаш далийра дукха хан йоццуш Кадыровца хиллачу кхеташонехь мехкан парламентан спикеро Даудов Мохьмада – цунна тIехь ду регионехь тIамтIе бахийта нах вовшахбетташ жоьпалла.