Бакъо йоцуш шайн пачхьалкхан доза хадорна ГIиргIазойчохь лаьцначу 27 шо долчу Нохчийчуьра вахархочо Мовлаев Мансура мехкан Iедалхошка дехар дина, шена мухIажаран статус йоьхуш. Карарчу хенахь цуьнан дехар луьстуш ду къоман кхерамзаллин пачхьалкхан комитето. И хаам бина Кавказ.Реалиига Мовлаевн адвокато Автандил Бакыта.
"Мансуран цIарах къинхьегаман а, социалан гIо латторан а, миграцин а министралле девлла тхо цхьана ханна цунна тховкIело йоьхуш. Министралло дехар къоман кхерамзаллин пачхьалкхан комитете хьажийна, официалехь кехаташ хIиттон Мовлаевна шаьш тIедитар доьхуш. Нагахь санна, цара бакъо лахь, дIахьедаре хьовсур болуш бу",- кхетийна адвокато.
Мовлаевн векало тIетоьхна, дукха хьолахь комитето оцу дехарна дуьхьало йо, амма адвокаташ лерина бу Iедалхойн органашка бовла, цуьнан дехар тергамза ца дитийта.
Изоляторехь вуьтуш ву Нохчийчуьра вахархо, дийцира Автандила, талламан органаша цхьана а кепара цуьнца болх беш бац аьлла. Цунах лаьцна хаамаш боьхуш Оьрсийчоьнна Федерацин бакъоларйаран органашка дахьийтина кехат ду.
Хьалхо ГIиргIазойчоьнан полисхоша дIахьедира, Мовлаев "терроран бехкаца чохь хан йаьккхинчу нехан тобанехь" хилла ву аьлла, уьш бу радикалан динан хьежамаш болчийн агIончаш. Оцу йукъанна терроран артиклехула цунна бехкаш дехкина дац, билгалдаьккхира адвокато.
VC.RU сайтан хаамашца, Мовлаев Мансур тхэквандон спортан мастер ву. 2018-чу шарахь инженер болх беш вара иза "Чеченэнерго" компанихь.
Цхьадолчу зорбанаша а, иштта нохчийн оппозиционераша а хаамбарехь, 2020-чу шарахь кхо шо тоьхнера цунна меттигерчу Iедална критика йарна. Делахь а, муьлхачу артиклехула цунна таIазар динера - кхелийн сайта тIехь оцу кепара бина сацам бац.
Хаамбо, Мовлаев хенал а хьалха 2022-чу шарахь маьршаваккхарх, амма марсхьокху-баттахь йуха а лачкъийра иза Нохчийчуьра Шела кIоштан ОВД-н белхахоша. Цхьахйолчу къайлахчу набахти чохь латтийнера Мовлаев, амма цуьунан ка йелира къайлах вада. ГIиргIазойчу кхечира иза карахь кехат а доцуш, стохка дуьйна цигахь вара иза, йаздо 24.kg сайто. Оьрсийчохь Мовлаев лехамашка велла, экстремизмех гIуллакх долош.
- Нохчийн жигархойн хаамашца, де хьалха кадыровхоша лечкъийна бигина, Йоккхачу АтагIахь бехаш болу Мовлаевн боллу гергарнаш. Карарчу хенахь Шеларчу полицин декъехь латтош бу уьш. Официалехь хIара информаци бакъйина йац.
- Украинана дуьхьал тIом болийчхьана бакъоларйархоша а, Кавказ.Реалиин сайтан хьасташа а дуьйцура, дукха хьолахь республикера ницкъахоша лечкъийна нах тIаме хьийсорах. Царех цхьаболучарна ультиматум хIоттайора, йа тIаме доьлху шу, йа Iазапаш хьоьгу, цул тIаьхьа шаьш айдинчу гIуллакхца набахте а доьлхуш олий.
- Нохчийчохь салтий бо доккхачу декъанна нохчийн оппозиционерийн гергарнаш. Масала, товбеца-баттахь политикан Закаев Ахьмадан вешин кIант Хьасан тIаме хьажийна хиларх хиира. Марсхьокху-беттан йуьххьехь Нохчийчуьра ЯнгулбаевгIеран вежарийн виъ гергара стаг нуьцкъаха тIаме хьажийра – церан ден ваша а, ден агIора кхоъ шича а. ЯнгулбаевгIеран вежарий Кадыров Рамзанан рожан критикаш бу. Абубакар бакъоларйархо ву, ИбрахIим, Бойсхар оппозицин 1ADAT телеграм-каналаца воьзна ву.