Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
15 шо долчу нохчийн куьйгалхочун кIентан лаккхара дарж, блогерна Белокиевна дуьхьал бехк баккхар, вагнеровхой "Ахмате" дехьабовлар – цунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршонан 36-чу подкастехь.
Белокиев Исламан 6-гIа бехктакхаман гIуллакх
ГIалгIайчуьра блогерна, Украинехьа тIемаш бечу Шейх Мансуран цIарахчу батальонан хиллачу пресс-секретарьна Белокиев Исламана дуьхьал йалхолгIа бехктакхаман гIуллакх диллина Оьрсийчохь – хIинца терроризм бакъйарна бехкево иза. Ша Белокиев дозанал арахьа вехаш ву.
Официалехь блогерна дуьхьал керла гIуллакх долорах дуьйцуш дацара; ГIалгIайчуьра ницкъаллин структурашна герга йолчу хьасташа Кавказ.Реалиин редакцина информаци харц ца йира, йа и бакъ ду а ца элира. "Талламхойн са гатделча, дагавогIу иза", - элира сайтаца къамел динчо.
"Осторожно, новости" телеграм-каналан хаамашца, Белокиевна дуьхьал айдина керла гIуллакх доьзна ду, шен телеграм –каналехь 2023-чу шеран зазадокху-баттахь ГIалгIайчохь полицица хиллачу тасадаларшкахь дакъалаьцна хилларг тIаьхьо "гранати тIехь иккхина" карийча, Белокиевс иза "шахIид" ву аларца.
Хетарехь, вуьйцург ву 25 шо долу Коттоев Мовсар – оханан-баттахь цуьнан дакъа карийра Аки-Йуьртахь дIатесначу цхьана цIа чохь. Цхьахйолчу версица, цуьнан четахь граната иккхинера, шолгIачу версица – жимстаг лаьцначу ницкъахоша эккхийтинера и граната, амма и хаамаш тIечIагIбина бац. Шен телеграм-каналехь Белокиевс билггал аьлла хиллера, иза "шахIид" ву. Кавказ.Реалиин сайтана йеллачу комментарихь блогеро дIахьедира рогIера бехкзуламан гIуллакх шена дуьхьал даккхарна цец ца ваьлла ша, шена тIаьхьабовлар доьзна цо ша лелочу гIуллакхца элира цо.
"Царна [Оьрсийчоьнан талламхошна] массанхьа а нацисташ, сирла-цIен цхьа маIа йолу дийнат, террорхой а дуьхьал туьйсу. Иштта массарна а дуьхьал тIаьхьий-хьалхий гIуллакхаш доху цара. ХIаъ, царна массарна а хууш ду со Оьрсийчохь воций. Делахь а шайн куьйгаллина хьалха цхьа чот йан йезаш ма буй уьш. Сан информацин балхо эргIад оьхуьйту уьш уггар а чIогIа, оцу гурашкахь аса дуьйцу церан зуламех, ахчанашца лелочу хьарамлонех, гучуйоккху церан шалхалла, шина кепара йолу стандарташ", - дIахьедира Белокиевс.
Кадыров Адаман карьера
ЦIеххьана шен карьерехь лакхавалар лан дийзира 15 шо долчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Адаман дахначу кIиранах. Лахьан-беттан 4-чохь меттигерчу хьакамаша хаамбира кхиазхо шен дена, Кадыров Рамзанна, кхерамзалла латточу декъан куьйгалле хIоттийна аьлла. ТIаьххьарчу хенахь регионан урхалхочун кIант хьехийра Соьлжа-ГIаларчу СИЗОхь КъорIан дагийна аьлла, лаьцна латточу Журавель Никитина йеттарх дуьйцучу хаамашкахь.
Къоначу Адаман зеделларг а, иза кечваран тIегIа а йогIуш йуй цо ницкъаллин структурехь дIалаьцначу лаккхарчу даржаца, хууш дац. Делахь а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун гоно кеп-кепарчу дешнех пайдаийцира, цуьнан хIотторах дуьйцуш. Республикера зорбанан министро Дудаев Ахьмада кхетийра, Адам хьакъ ву оцу дарже хIоттон, хIунда аьлча, "дин лардан кийча хилар" цо дIагайтина аьлла. Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама иза хIоттор "шеко йоцуш, низамехь хила ма-деззара ду" элира. Меттигерчу Iедалхойн сацамах лаьцна редакцина лерина шена хетачу кепара элира Къилбаседа Кавказан эксперто Квахадзе Алекос.
["15 шо долу Кадыров Адам хьалхататтарх дерг аьлча, кхузахь хила тарло, Кадыров тIейогIучу ханна шегара даржан мукъ дIабала стаг лохуш хилар, цуьнга дIакховдо леринчу дарже вахийта хьийзаш ву иза. Къона Адам мехкан куьйгалла дан Iамо гIертар санна хIума ду и. Цу тIе, Нохчийчохь урхалла дечу гIуллакхехь ницкъаллин ресурсо доккха дакъа дIалоцуш хилар лерича муххале а. Кадыров Ахьмада шен кIант, Кадыров Рамзан, иза жима волчу хенахь, шен кхерамзаллин сервисан куьйгалле хIоттор санна хIума ду хIара а].
ТIаьххьарчу заманчохь Нохчийчуьра пачхьалкхан медиаресурсаша гойтура 15 шо долу Кадыров кхиаме ницкъахо волуш санна. ГIадужу-баттахь бехира, меттигерчу цхьана батальонан командир цо хIоттийна, иштта царна казармаш а, спортщал а цо тойина а бохура.
Мангал-баттахь Кадыров Адаман тобано тактикехь герз кхусуш хIоттийначу чемпионатехь толам баьккхина бохура тоьллачу ницкъаллин дакъошкара эскархошна йукъахь. Кхин а хьалха республикин урхалхочо видео йаржийра, цу тIехь цуьнан кхо кIант, шайлахь Адам а волуш, окопчуьра герзаш детташ бара, хетарехь, Украинан дIалецначу дозанаш тIехь. ЧIагIдора, цара билггал боьлхучу тIемашкахь дакъалаьцна бохуш а, делахь а, оппозицин NIYSO телеграм-канало и кадраш хIиттийна ду элира, цхьацца лач тоьшаллашна тIехула.
Иштта дахначу кIиранчохь Кадыров Адамна масех Къилбаседа Кавказан мехкийн официалан совгIаташ а делира. Лахьан-беттан 6-чохь Кхарачой-Чергазийчоьнан пачхьалкхан "Умматана хьалха гIуллакъаш дарна" I-чу бараман орден йелира. И совгIат цунна дIакховдийра республикин муфтийс Бердиев Исмаила. Цул а ши кIира хьалха Кадыров-жимахволчунна "Кхарачой-Чергазийчоьнна динчу гIуллакхашна" аьлла, мехкан лаккхара орден йелира. ШолгIа мехаллин ГIезалойчоьнан "Дуслык" орден йелира – "къаьмнашна а, динашна а йукъара машар а, барт а чIагIбеш дакъалацарна". ГIезалойчоьнан куьйгалхо Минниханов Рустам ша веанера Нохчийчу гIадужу-беттан 24-чохь 15 шо долчу Адамна и совгIат дохьуш.
Лахьан-беттан 7-чохь "ГIебарта-Балкхаройчоьнна гIуллакхаш дарна" аьлла, регионан лаккхара совгIат дира Нохчийчоьнан урхалхочун воIана Кадыров Адамна. Оцу мехкан куьйгалхочо Коков Казбека дIакховдийра совгIат. Регионан лаккхара орден – пхоьалгIа совгIат ду нохчийн куьйгалхочун кIантана, КъорIан дагийна аьлла, Соьлжа-гIаларчу СИЗОхь лаьцна латточу Журавель Никитина йетташ видео йаьржинчул тIаьхьа деллачех
Хьалхо "Верстка" сайто хаамбира, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, Адыгейн а Iедалхой реза цахиларх Кадыровна къоман совгIаташ дан - оцу кепара дехар кхаьчнера цаьрга, журналистийн хаамашца, Кадыров Рамзанан администарцин векалшкара.
Вагнеровхой "Ахмате" дехьабуьйлуш бу
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана видео хIоттийна, "Ахмат" лерринчу декъах схьакхеттачу ЧВК "Вагнеран" хиллачу йолахоша тIамна кечамбеш. ГIадужу-бутт бовш хьаькамо хаамбира, спецназах схьакхетарх 170 йолахо, "рогIера тоба" ю элира цо и. Верриг а маса стаг дехьаваьлла "Ахмате", Кадыровс билгал ца даьккхира. Цо йаржийначу видео тIехь Iамораш ду дIахьош йевзаш йоцчу, хьаннаш йолчу меттигехь. Кадыровн дIахьедаршца, уьш кечбеш бу Украинана дуьхьал тIом бан хьовсон.
ЧВК "Вагнер" дIасайохийра, цуьнан куьйгалхо, бизнесхо Пригожин Евгений, бунт гIаттон гIоьртинчул тIаьхьа. Цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан Iедалша дIахьедира, кема а духуш, иза валарх. Пригожинан а, Кадыров Рамзанан а йукъаметтигаш масийттазза хийцалора. Масала, бунт гIаттон хьовзар "йамартло" йу элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо, цул хьалха герз тоьаш дац цо аьлча, цуьнан латкъамаш йемал бира Кадыровс. Пригожинан тIеман министраллица конфликт иккхича, Кадыровс массарна а хезаш, гIо даьккхира Пригожинехьа. Бунт хиллачул тIаьхьа цхьа могIа хаамийн гIирсаша йаздора, вагнеровхой хуьйцуш бу кадыровхошца бохуш. Жигара уьш "Ахмат" спецназан йукъаийзорах тхан подкастана лерина дийцира украинхойн политолого Савва Михаила.
["Вагнеровхой хилларш жигара "Ахмат" спецназ олучу тобане стенна ийзош бу? Церан интересаш цхьаьнакхетта. Цхьана агIор, Кадыров Рамзанан интересаш, дикка аренца тIом бан Iемина нах кхочу цунна. Вукху агIор, тамашен хетахь а, федералан центран а йу кхузахь интерес. Уьш кхеташ бу, Кадыров шайна кхераме хиларх. Нохчийн герзех йоьттина тобанаш мичча хенахь а федералан центрна дуьхьал йийла тарло. И хилахь а, нохчийн тобанашлахь нах хила беза, Кадыровн агIор тIом бан кийча боцу"].
Цуьнца цхьана Оьрсийчоьнан къилбехь толлуш ду тутмакхаш хиллачу вагнеровхоша лелийначу керлачу зуламех гIуллакхаш. Волгоградехь таIзар дина талораш лелорна Соколов Александрна, чохь даккха диъ шо хан а тухуш. Хьалхо президенто Путина гечдинера цунна, Украинана дуьхьал тIом барна.
Иштта Волгоградехь вийна ЧВК "Вагнеран" хилла йолахо Панахалиев Гамид. Наркотикаш лелорна хан токхуш вара иза, Украинана дуьхьал тIом бан вахийта цунна вербовка йечу хенахь. Контрактан хан чекхйаьллачул тIаьхьа, цIа веара иза, гIадужу-беттан 28-чохь Панахалиевна тIелеттачу наха, урс тоьхна вийра иза. Дийцарехь, оцу зуламна бехкебо цуьнца цхьана тIамтIехь хилла накъостий. Панахалиевн гергарчара дIахьединера, вуьйр ву бохуш, цунна кхерамаш тийсарх. ТIечIагIбазчу хаамашца, тIелетта берриш а "Вагнеран" хилла йолахой бу.
Нохчийчохь ницкъахоша рейд йина
Нохчийчохь ницкъахоша рейд дIайаьхьна Дагестанан дозана гергахь йолчу Гуьмса кIоштара Къеди-Йуьртахь; официалехь информаци тIечIагIйазчу хаамашца, лецна меттигера иттанашкахь бахархой. Оцу эвлахь йаьккхинчу видео тIехь гIагI диллина техника йу гуш. Мича бахьанашца рейд йина билггал хууш дац, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин республикехула йолчу урхалло информацех лаьцна йина комментарий йац.
Оппозицин 1ADAT телеграм-канало чIагIдо, лахьан-беттан 8-чу буса Къеди-Йуьртахь 60 гергга стаг лаьцна бохуш, цIераш йоху цара масех вахархочун; лецначех цхьа дакъа Нохчийчоьнан урхалхочун резиденци дIадигина боху. Дукхкхберш "Соьлжа-ГIалара СОБР-ан дозана тIе" бигина. Оцу хаамийн тоьшаллаш дац кхечу хьасташкара. Рейд "зачисткаш" йара боху IDATо. "Палестинехьа гIо даьхна аьлла лецнарш бу царлахь", - чIагIдо жигархоша.
Нохчийчоьнан урхалхочо а, йа республикера бакъоларйаран органаша, йа меттигерчу хаамийн гIирсаша а йаздеш дац Къеди-Йуьртахь хиллачу рейдах. Йуьртара лецна бигинчу нахах хаамбира ишта "Кавказский узел" ресурсо а, уьш тIетевжира IАДАТан телеграм-каналан хаамашна, церан цIе а ца йоккхуш.
Кадыровн маьждигна дуьхьал бу Москвара бахархой
Москван Къилбан Бутово кIоштара бахархой дуьхьал бевлла Нохчийчоьнан куьйгалхочун ден Кадыров Ахьмадан цIе тиллинчу урамехь маьждиг дайта. Меттигера бахархой кхоьру, царна хетарехь, Къилбан Бутовехь маьждиг дахь машенийн раьгIнаш лаьттар йу цигахь, йаздо "Осторожно, Москва" телеграм-канало. Иштта жигархоша сагатдо, маьждиг метрона уллорчу паркехь дарна, бахархойн садоIу меттиг тIаккха дIайолу аьлла хета царна.
Жигархоша арз дина Москван гIалин архитектурин а, гIишлошйаран а комитете а, префектуре а. Дахкийтинчу жоьпаш тIехь гIалин Iедалхоша чIагIдо, Къилбан Бутовехь маьждиг дан план хIинца а йац шайн бохуш.
Кадыровн урамехь маьждиг дарх кхин къаьстина цхьалха даьлла хIума дац, оцу кепара проектан документаци Iедалхошка хIинца а йа кхачна а йац. Хьалхо Кадыров Рамзана дIахьедира, керла маьждиг дайта Оьрсийчоьнан президенто путин Владимира пурба делла аьлла.
БIаьста Москвара бахархой митинге бевлира гIалин йистера Безачу Iома уллохь маьждиг дайта шаьш дуьхьал хилар дIахоуьйтуш. Царна жоп лучу Кадыровс элира, протестхой тIамтIе хьовсабе аьлла. ХIетахь петицина куьйгаш йаздира иттаннашкахь эзар стага. ТIаьххьара а Iедалхоша маьждиг дан кхин меттиг белира – "Iаламат дика" бу элира Кадыров Рамзана и сацам.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: