Нохчийчоьнан урхалхочун 17 шо долчу кIантаца Кадыров Iелица (цуьнах олу Эли, йа Зеламха) цхьаьнакхета Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Цунах лаьцна шен телеграм-каналехь хаийтина Кадыров Рамзана.
Мехкан урхалхочун дешнашца, Путина декъалвина иза керла доьзал кхолла лерина хиларца, (шоьтан дийнахь зуда йалийна цунна), дийцина цуьнга Нохчийчоьнан хиллачу президентах Кадыров Ахьмадах лаьцна.
Карладоккху, 2024-чу шеран зазадокху-баттахь Кадыров Iела махкара боксан федерацин куьйгалле а, спортан "Ахмат" клубан коьрта директор а хIоттийра
2023-чу шеран лахьан-баттахь Нохчийчоьнан урхалхочун воIаршна Ахьмадна, Iелина, Адамна "Даймехкан сий" орденаш йелира. И орден - Нохчийчоьнан парламентан лаккхара совгIат ду.
- 2023-чу шарахь кхиазхой болу Нохчийчоьнан урхалхочун кIентийн тергйира Дубайхь машен хаьхкина боьлхуш. Цо дохадо Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмиратийн низам, цуьнца а догIуш, 18 шо кхачаза бакъо йац машен лелон.
- Нохчийчуьра "Крепость Грозная" автодромехь автомобилан шоу йоьдучу хенахь цхьахйолу машен йаьгнера. Цу чохь хиллера, дуьйцу, 17 шо долу мехкан урхалхочун кIант Кадыров Iела.
- Иштта дийца даьккхира кху шеран стигалкъекъа-баттахь Кадыров Рамзан а, Iела а Узбекистанге вахарх Оьрсийчоьнан делегацина йукъахь президентан Путин Владимиран оцу пачхьалкхан президентаца Мирзиёев Шавкатца леринчу дийцаршка.