ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн 20 шо долчу йоIана "медицина  кхиорехь къахьегарна" мидал йелла


Кадырова ХутIмат
Кадырова ХутIмат

Кадыровн кхозлагIчу йоIана Кадырова ХутIматна республикин лаккхара совгIат делла - Кадыров Ахьматан цIарах мидал. Могушалла ларйаран урхаллин 20 шо долчу кураторо "вуно чIогIа къахьегна мехкан медицина кхиорехь", элира республикин зорбанан министро Дудаев Ахьмада. И къахьегар стенца доьзна ду - хьаькамо билгал ца даьккххира.

"Шен сийлахьчу цIийнан йуьхь ларйеш схьайогIу иза" йаздина Дудаевс Кадыровн йоIана мидал йаларах йолчу шен постехь. Хьалхо Кадыров Ахьматан цIарах мидалш йелира ХутIматан йоккхахйолчу шина йишина - Соьлжа-гIалин мэрин школазхойн дешаран департаментан куьйгалхочунна 22 шо долчу Кадырова Хадижатна а, республикин культуран министрана Кадырова Iайшатна а.

Мехкан могушалла ларйаран кураторан дарж Кадырова ХутIмате кхечира зазадоккху-баттахь. 2022-чу шеран чиллин-беттан 22-хь дуьйна Кадыров Рамзанан секретариатан куьйгалхочун гIоьнча йу иза. Хьалхо йара "Грозненский дельфинарий" цIе йолчу гIишлонан куьйгалхо. Iедалан болх бан оьшуш долу лаккхарчу дешаран диплом цуьнан хиларах хаам массарна гучу хьосташкахь боцуш бу.

  • Кадыров Ахьматан цIарах йолу мидал дукхахьолахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллорчу нахана луш йу. Американ Цхьанатоьхначу Штатийн санкцеша лаьцна ву куьйгалхо. Масала, изза мидал йелла вежаршна ДелимхановгIарна а - Шарипна, Алибекна, Адамна.
  • Иттанашкахь Кадыровн гергара нах бу регионан лаккхарчу даржашка дIахIиттийна. Нохчийчоьнан урхаллин йерригe аьлча санна система Кадыров Рамзанна а, цуьнан гонна а тIехь йу, оцу йукъанна шен доьзалхой карьерехь хьалахбахар доккха башха тамаше ца хета цунна. Пачхьалкхан даржашкахь бу цуьнан доьзалхой, йижарий, невцарий, йишин-вешин бераш, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалии сайто вовшахтуьйхира, мехкан Iедалан структурашкахь белхаш бечу КадыровгIеран кланера нахах уггарe дуьззина тептар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG