ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн администрацин вешин кIентан 6 млн долларш мах болу бахам хаабелла


Дубайра Палм-Джумейра гIайре
Дубайра Палм-Джумейра гIайре

Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин куьйгалхочун Таймасханов ГIаласан вешин кIентан Таймасханов Хас-Мохьмадан йиъ петар хаайелла Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь. Уьш эцна йу 4,5 миллион долларшкахь ахчанах, карарчу хенахь церан мах 6 миллионел а сов бу. Цунах лаьцна дуьйцу журналистийн Dubai Unlocked талламехь, цу йукъахь дакъалаьцна кеп-кепарчу пачхьалкхашкара 75 гIирсо – ишта оьрсийн "Важные истории" сайто а.

Дубайра бахаман долахойх лаьцна Iорайаьллачу информацин буха тIехь, журналисташна къаьстина, и петарш лаккхара даржехь волчу кадыровхочо 2013-чу шарахь эцна хилар. Уьш йерриш а йу диттан кепехь йолчу Палм-Джумейра гIайри тIехь.

Нах бехачу Tiara Diamond North 4 комплексера уггар а йоккха петар йу – 222 квадратан метар йолуш. 2016-чу шарахь ханна нах чубитинера цунна шарахь 40 эзар долларш а луш, хIинца цу чохь Iаш цхьа а вуй – хууш дац. Ханна чохь хан йаккха лаца мегар долуш йу Таймасхановн важа ши петар а. Транзакцих болчу хаамашца, Кадыровн администрацин куьйгалхочун вешин кIантана пайда хуьлу цунах шарахь 80 эзар долларшкахь. Таймасхановн йоьалгIа петар йу Tanzanite South 3 комплексан 12-чу гIат тIехь, цуьнан барам бу 155 квадратан метарш. Хууш дац, и цхьангга а йелли йа.

Мича буха тIехь Кадыровн бIанакъостан вешин кIант долахо хилла дозанал арахьара безачу бахаман, хьенан чоьтах эцна и петарш, цкъачунна гучудаьлла дац.

СПАРК системин хаамашца, Таймасханов Хас-Мохьмад Нохчийчохь машенаш йухкуш ву – цуьнан "Терек-Авто" компанина кест-кеста пачхьалкхан контракташ кхочу меттигерчу Iедалхошкара, стохка цунна хилла 3,6 миллиард соьмана пайда. 2014-гIа шо довш гучуйаьлла фирма – аьлча а, Дубайхь Таймасхановс шен бахамна регистраци йинчул тIаьхьа.

Цул совнах, Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацин урхалхочун долахь йу машенаш йухку шолгIа "Авто-Мир" компани а (тоххара "Чеченавтопром" йара цуьнан цIе). Цуьнан да, Таймасханов Руслан, цIераш цхьаьна йарехь, республикехь гIишлош йеш ву – цуьнан "СКРАП" фирмо са йира стохка 517,8 миллион соьмана. Цигахь директор вара Таймасханов 2009-чу шарера 2014-чу шаре кхаччалц.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин куьйгалхо Таймасханов ГIалас Кадыров Рамзанан цIийнах болчу нехан стаг ву. 2009-чу шарахь волавелла иза администрацихь болх бан, шозза министр хилира иза. 2011-чу шарера 2016-чу шаре кхаччалц индустрин, энергетикан министр вара иза. 2023-чу шарахь орден йелира цунна "Даймахкана гIуллакхаш дарна" IV-чу барамера "пачхьалкхан коьрта Iалашонаш кхочушъйарехь доккха дакъа лацарна а, дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна а".
  • Хьалхо "Украинхойн бакъдерг" хьостан журналисташа зорбане баьккхира, чIагIдарехь, Кадыров Рамзанан долахь йолчу Дубайра виллех лаьцна бина таллам. Текстехь иштта хьахийнера, мел лахара а шозза 2021-чу шарахь Соьлжа-ГIалара Мальдивашка доьдуш хааделла долара кема а.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллера нах цуьнан йезачу гIишлойн дакъойн долахой хилар гучуделира "Важные истории" зорбанна, кеп-кепарчу пачхьалкхашкарчу 19 зорбано теллина йолчу нахалайаьллачу информацина тIе а тевжаш. Масала, зорбанаша Кадыровн "бохча" олуш волчу Байсаров Русланан 2020-чу шеран Дечкен-баттахь цIартIехь хилла Пальма Джумейра олучу гIайри тIера пхи петар а, хIорданехьа йирзина йоккха вилла а. Дубайрчу Байсаровн боллу бахаман мах бу 10 миллион долларш.
  • Кадыров Рамзанан доьзал а, цуьнан гонер нах а кест-кеста боьлху Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташка. Масала, 2023-чу шарахь Нохчийчоьнан урхалхочун кхиазхой болу кIентийн Кадыров Элин, Адаман а тергойира Дубайхь машен лелош боьлхуш. Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмиратийн низам дохадо цара, цуьнца а догIуш, машен лелон бакъо йу вахархочун 18 шо кхаьчначул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG