ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн "адвокаташ": паччахьан мостагIашца муха тIом латтабо нохчийн зорбанаша


Гуьмсера ипподроман трибуни тIера плакаташ. Нохчийчоь. Архивера сурт
Гуьмсера ипподроман трибуни тIера плакаташ. Нохчийчоь. Архивера сурт

КарадогIучу шарахь дуьйна меттигерчу телеканалийн белхахойн алапа шозза ца кхоччуш хьала а даккха, цкъа луш долу 100 эзар сом царна хIоранна а дIа а декъа аьлла, тIедиллина Кадыров Рамзана. Формалехь царна там бар тIехьажийнера телехьожийлан Денна лерина, бакъоларйархошна хетарехь, оцу кепара Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаьккхина бюджетан зорбанан гIирсийн балхахой шена тешаме хилар а. Кавказ.Реалии сайто дуьйцу, нах бойучу, лечкъочу, цуьнан критикашна тIаьхьабуьйлучу заманчохь, муха Iалашво цара безам боцу политик.

МуьтIахь болчарна совгIаташ

Медиан белхахой базбира Соьлжа-ГIалахь лахьан-беттан 21-чохь, телехьожийлан Дийнахь. "Грозный" ЧГТРК-н директоро Ахмадов Чингиза хьоьгучу къана дуьхьал петар йелира совгIатана, ткъа цо урхалла дечу каланалан – белхан гIуллакхашна итт машен. Кхин а кхоккха машен, Кадыровс бахарехь, цо совгIатана йелла "Некъ" ("Путь") каналана а, Нохчийчуьра "Вайнах" ВГТРК-на а. Масех белхахочунна иштта делира республикера лаккхара совгIат – Кадыров Ахьмадан цIарах орденаш а, "Нохчийчоьнан хьакъволу журналист" цIе а, кхиндолу совгIаташ а дира.

Оцу денна леринчу шен вистхиларехь зорбанан министро Дудаев Ахьмада дIахьедира нохчийн зорбанан гIирсийн Iалашо – регионан куьйгалхо резавар йу аьлла.

"Ахьа тхан дуьхьа лелочунна дуьхьал хьуна диканца бекхам бан, тхан доллу дахар а тоьар дац. Тхан дан йиш йерг, - къахьегар, хьан лаамаш кхочушбеш. Хьан дика гIоьнчий хила йиш йу тхан, ахьа тхуна тIедехкина декхарш кхочушдеш", - аьлла Дудаевс.

Ткъа ша министр кест-кеста хаставо Кадыровс, къаьсттина Украинана дуьхьал тIом болийчхьана. ГIадужу-баттахь республикин Турпалхо седа белира цунна "Нохчийн республикина хьалха къеггина турпалаллин гIуллакхаш дарна" аьлла. Ткъа хууш дац, хIун хьуьнарш цуьнгара дийлина. Цунна жоп лучу Дудаевс "Делера доккха совгIат" ду элира, Кадыровца уллохь хила аьтто хилар.

Зорбанан министр Дудаев Ахьмад а, Кадыров Рамзан а
Зорбанан министр Дудаев Ахьмад а, Кадыров Рамзан а

"Некъ" ГТРК-н директоро, политикан уллора бIанакъоста, Iеламчас Шахидов Адама элира телехьожийлан Денна леринчу барамехь, меттигера зорбанан гIирсийн белхахой "джихIадан некъахь къийсам латтош бу" аьлла, "дашца а, къоламца а зуламна дуьхьало йеш". Шен куьйгакIел болу нах "информацин тIамехь" дакъалоцуш хилар хьахийра Дудаев Ахьмада а.

Баккъал а Кадыровс цхьа чIогIа доккхачу маьIне оьцу информацин политика. Масала, 2020-чу шеран товбеца-беттан 16-чохь Веданан кIоштара Хойхь дIайаьхьначу кхеташонехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо адамашна "кхераме" бу элира, Iедалхошна муьIахь болу медиаресурсаш йоьшуш боцу нах: "Нагахь санна, социалан машанехь аккаунт а йолуш, "Грозный" канале йазвелла иза вацахь, вайна кхерам бу цуьнгара".

Кадыровс урхалла дечу шерашкахь Нохчийчохь раж хIоьттина кест-кеста журналисташна а, жигархошна а, бакъоларйархошна а тIаьхьабуьйлуш, цунах лаьцна масийттаза йаздира Кавказ.Реалии сайто. Цаьрца латточу къийсамехь нохчийн Iедалхоша ницкъах пайдаэцна ца Iаш, информацица а Iаткъам латтабо.

ХIуъа дина а бехказа бахар

2017-чу шарахь тIепаза вайначу нохчийн иллиалархочун Бакаев Зеламханан историхь кегари беш уггар а коьрта дакъа лецира "Грозный" телеканало. Къона иллиалархо Европе дIавахна бохуш, Iедалхойн верси хьалхатоьттуш, телеканало "эксклюзиве кадраш" гайтира – цара кхин а тIе шеконаш хилийтира бакъоларйархойн. Видео тIехь Бакаевс чIагIонаш йора, ша Германихь ву бохуш, ткъа сюжетехь бохура, иза "дийна, могуш ву, шен самукъа доккхуш лелаш ву".

Оцу видео тIехь журналисташна къаьстира йийбар а, моьлу хиш а Оьрсийчохь бен духкуш цахилар. Бакаевн доттагIий тешна бара, "Грозный" телеканало хIоттийна видео йу и аьлла, ткъа иллиалархо ницкъахоша лачкъийна, къайлахчу набахтехь латтош ву бохура. Еврокомиссино тIечIагIдира, иллиалархо Еврозоне кхаьчна вац аьлла.

ХIоразза а, гIовгIане гIуллакх гучудалахь, оцу сохьта кампани йолайо Iедалхой бехказа бохуш

2018-чу шеран дечкен-баттахь Соьлжа-ГIалахь йоьдучу кхеташонехь Кадыровс къадийра, Бакаев вийна хила куц ду, цуьнан шен гергарчара цуьнца цист йаьккхина хила а тарло аьлла. Кху шеран аьхка "СК SOS" Кризисан тобано шаьш бина таллам Iорабаьккхира, цу тIехь а бкъоларйархоша хьесап дира, Бакаев кадыровхоша вийна аьлла. Организацин векална хетарехь, иллиалархочунна "мотт тоьхна" хила тарло цуьнца уьйрашкахь хиллачу жимчу стага, цуьнан зIенаш хиллера Нохчийчуьра ницкъахошца.

ЛГБТК+ нехан гIуллакхаш луьстучу бакъоларйархойн балхана республикехь тамашен критика йо, дийцира "СК SOS" тобанан пресс-секретаро Мирошникова Александрас. Цуьнан дешнашца, "шайн Iедална нохчийн бахархой цхьана Iалашонца дуьхьал боху малхбузенан организацеш" олу царах медиахь.

"ХIоразза цхьа гIовгIане гIуллакх гучудалахь, оцу минотана меттигера Iедалхой цIанбеш, бакъоларйархошна дискредитаци йеш кампани йолайо. Дуьххьал дIа цIе ца йоккху тхан, амма тайп-тайпана эпитеташ кхуллу: арахьара агенташна тIера шайтIанашна тIекхаччалц", - боху Мирошниковас.

Нохчийчуьра бахархой оцу кепара инфокампанех тешаш бац аьлла хетахь а, Iедалхоша мел кIезиг а "бахархошна идеологин вектор ло", аьлла хета къамелдечунна.

"Цара гойту, бакъоалрйархой арахьара агенташ бу, Кадыровн мостагIий бу бохуш. Цхьаъ цаьрга валахь а, иза царна оццу тайпана хетар ву. И бохург хIун ду, пропаганда санна и болх беш ца хилахь а, царна гIо дийраш, цаьрга орца деха лууш берш кхерор ду", - дерзийра Мирошниковас.

"Мотт беттарш" а, "арахьара агенташ" а

Кадыров Рамзан Iалашвеш шуьйра информацин кампани меттигерчу хаамийн гIирсаша йолийра "Новая газетан" хаамашца, 2017-чу шарахь Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан ларми чохь кхел йоцуш 27 стаг вийна аьлла, резонанс хиллачул тIаьхьа. ХIетахь меттигерчу медиаша йаздора, кадыровхошна бехкаш дахкар "доллу къам аьшнашдар ду" бохуш.

Масала, оццу зорбанан министран Дудаев Ахьмадан дешнашца, талламо оьгIазбахийтинчу бахархоша тIедожийра "нохчийн къомаца диллина оцу хьасто лелон мостагIалла сацадайта" бохуш. Ткъа полкан эскархоша президенте Путин Владимире орца дийхира, журналистех шаьш ларде аьлла.

Лецна, тIаьхьа байина Нохчийчуьра бахархой лоьцуш ша дакъалацарх дийцира "Новая газете" Кадыров Ахьмадан цIарахчу ППС-н полкан хиллачу белхахочо Гезмахмаев Сулеймана а. Кадыровхо хилларг наркоман вара элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо – и дIахьедар даржийра меттигерчу зорбанан гIирсаша а.

ТIелатале хьалха митинг хилира майданахь – Iазапашна дуьхьал Комитет террорхой Iалашбеш йу бохура

Оцу кепара наркотикех бехктакхаман гIуллакх бакъоларйаран "Мемориал" центран Соьлжа-ГIаларчу офисан куьйгалхочунна Титиев Аюбана дуьхьал даккхарх бахьана делира цуьнан белхан накъосташна а, журналисташна а тIаьхьабовла. Оцу гIуллакхана лерина "Грозный" ЧГТРК-хь "леррина репортаж" арахийцира – цунна йечу анонсехь хIинца телеканалан директор волчу Ахмадов Чингиза бехкебира "Мемориалан" белхахой Титиевн гIуллакхна тIех сов терго йарна: "Шалха стандарташ а, къастийна бакъоларйар а ду, церан коьртаниг – Нохчиийчоь а хьехош, шайн рейтинг лакхайаккхар ду".

Оццу "лерринчу репортажехь" телеканало гайтира, Титиевн гIуллакхехь теш ву боху Басханов Амади. Каналан камерана хьалха цо чIагIдора, цхьана дийнахь урамехь "анаша узуш бакъоларйархо гира" шена аьлла. Бакъду, 2018-чу шеран дечкен-беттан 26-чохь Басхановна вевзина а ца хиллера Титиев, зуламхо вовзуьйтучу барамехь. Ша Басхановс а, тешаша а, адвокато а, Титиевс а куьйгаш теIийначу протокол тIехь йаздина а хиллера иштта.

"Мемориална" дискредитаци йеш кхин а цхьа кампани йолийра метигерчу телеканало Нохчийчуьра йахархочун Исакова Лизанна гонах. Цунах шеконаш йара, ша могуш йоллушехь заьIапхо йу аьлла, кехаташ хIитторна. Цуьнан петар чохь хIиттийначу камераша гайтинера, ша бIаьрзе а йу, меттахь йисина а йу боху зуда, гIудалкх йоцуш, уллохь накъост воцуш лелаш хиллий. Делахь а "Грозный" ЧГТРК-но гайтинчу "лерринчу репортажехь" фейкан кехаташ хIиттийначу меттигерчу хьаькамашна бехкаш ца дехкира, бехкейира, Исаковас гIо дехна "Мемориал" центр.

"Кадыровн халкъан оьгIазалла"

Нохчийчуьра пропагандо дукха хьолахь пайдаоьцучу гIирсах бу, Нохчийчуьра бахархойн "эргIадалла" гайтар. Кадыровн харц бехкаш дахкарна дуьхьал шайн лаамехь митинге буьйлу уьш боху. Оцу бехкашна бухахь нисйелира Нохчийчуьра Iазапашна дуьхьал Комитетан мобилан тоба – церан офисах цкъа хьалха цIе тесира 2014-чу шеран гIуран-баттахь, кхин а ах шо даьлча муьлш бу ца хуучу наха къепедацарш лелийра цу чохь. Оцу хенахь гIишлона хьалха кетIахь лаьтташ нах бара плакаташ карахь.

"Iазапашна дуьхьал Комитетан политикан шалха стандарташ лелоро оьгIаз бахийтинера гулбелларш, оцу кепара НКО-ша цхьаннан тIедахкарш кхочушдеш хилар билгалдаьккхира", - дIахьедира хIетахь "Грозный" телеканало.

Кавказ.Реалии сайте бакъоларйаран организацихь дийцарехь, ша акци а, талораш лелор а Iедалхоша цхьа барт бина лелийна дуй гуш дара.

"ТIелатар дале хьалха майданахь митинг хиллера – Iазапашна дуьхьал Комитето террорхошкахьа гIо доху бохуш. Цул тIаьхьа гулбеллачех цхьа дакъа тхо Iачу уьйтIа деара, тIаккха тIелетира", - боху КПП-хь.

Юристаша бахарехь, Кадыров Рамзана а, республикин хилла омбудсмено Нухажиев Нурдис а, Iедалхошкахьа болчу бакъоларйархоша Эжиев Минкаила а, кхелхинчу Саратова Хедас а "регионалан зорбанан гIирсашкахула вочу агIор дуьйцура" Соьлжа-ГIалахь Комитето бечу балхах лаьцна – уьш цигахь болуш а, цул тIаьхьа а.

Iазапашна дуьхьал Комитетан Соьлжа-ГIалара офис тIелеттачул тIаьхьа. 2015 шо, мангал-бутт
Iазапашна дуьхьал Комитетан Соьлжа-ГIалара офис тIелеттачул тIаьхьа. 2015 шо, мангал-бутт

Оцу кеппара йара ала тарлу "гамонца митинган" акци дIайаьхьира нохчийн оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал 2022-чу шарахь. Цигахь даьхначу суьрташца а, видеошца а, майданахь вовшахкхеттера масех эзар стаг, меттигерчу пачхьакхан телеканало 400 эзар сов вара баьхнехь а. Стохка дечкен-баттахь Соьлжа-ГIалахь вехара 324 эзар стаг. Гулбеллачара дагийра, мийраш биттира, этIадора ЯнгулаевгIеран суьрташ, царна кхерамаш туьсура. Кавказ.Реалиин хаамашца, оцу митинге бертаза бахийтинера бюджетан белхахой а, студенташ а.

ЯнгулбаевгIарна дуьхьал Соьлжа-ГIалахь хIоттийна митинг
ЯнгулбаевгIарна дуьхьал Соьлжа-ГIалахь хIоттийна митинг

"Грозный" телеканалан хаамаш бакъ белахь, меттигерчу бахархоша тIедожийнера "Новая газета" а, "Дождь" телеканал а, Iазапашна дуьхьал Комитет а дIакъовлар, бехктакхаман жоьпалле озор журналист Милашина Елена а, КПП-н куьйгалхо Каляпин Игорь а "терроризм а, экстремизм а бакъйарна".

Кадыров Рамзанан оппоненташна дуьхьал лелон информацин кампанино Iаткъам бо нохчийн йукъараллехь хетачунна, тешна ву бакъоларйархо Янгулбаев Абубакар.

"Кадыровгахьа ду адамаш бохуш маьIнехь дац иза, цуьнан муьлххачу оппонентана прессехь мел а бакъдерг дуьйцучу меттана Iаламат дукха харцо йуьйцу. Оцу стагах шеконаш кхоллало тIаккха", - боху къамелдечо.

Нохчийчохь Iедална муьтIахь болчу зорбанан гIирсийн болх хаьжийна бу коьрта Iалашо кхочушйан – меттигера бахархой тешон, "Кадыров уггар тоьлларг вацахь а, цуьнан метта хIиттон тарлучел а гIоле ву" аьлла, - дерзийра Янгулбаевс.

  • Нохчийчоьнан Iедалхоша сагатдо, шаьш рожана муьтIахь хилар ца гойтуш, йа дуьхьал а ца бовлуш, "бен-башха доцчу" бахархошна. ТIаьххьарчу беттанашкахь оцу тайпа нахах лаьцна хьаькамаша кест-кеста дуьйцу, ткъа регионан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "уггар а кхераме" лерина и дакъа. Дукха хьолахь кегийрхой бу буьйцурш. Кавказ.Реалиино хеттарш динчу бакъоларйархоша билгалдоккху, оцу кепара Кадыровс шен Iедал чIагIдеш ду махкахь.
  • Шен рожана дуьхьал берш гучубаха волавелира Кадыров ша республикин куьйгалле хIоьттинчу йуьххьехь. ГIаттамхойх тера богIурш лоьцуш кампани йолийра регионера куьйгалхочо: "тойина маж йоцуш", даьшна мекхаш долуш, хечийн когаш чукерчина, аьтту агIор сахьт лелораш, йа чIениг къовлуш тиллина хьиджаб лелораш сацон тарлора. Цунна муьтIахь долчу телеканалехь кест-кеста репортажаш арайуьйлура,"вахабистех тера" нахера цо ша бехкаш дохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG