ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн да вина 72 шо кхочуш Нохчийчохь барамаш   дIахьур  бу - царлахь ду урхаллашкахь ламазаш дар


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Кадыров Ахьмат вина 72 шо кхачарна лерина 30 сов официал-барам дIабахьа лерина бу Нохчийчохь. Кадыров Ахьмат - 2004-чу шарахь вийна волу республикин президент, мехкан хIинцалерчу куьйгалхочун Кадыров Рамзанан да. Хьалхо бакъоларйархоша тидам тIеберзийра махкахь воккхахволчу Кадыровн цIе хьалхатиттарна, цу цIеран "динан аматаш" гучудовлуш хиларна.

Кадыров Ахьмат вазваран леринчу барамашна йуккъедогIу республикин лаккхарчу урхаллашкахь ламазаш дар, сагIа даккхар - автомобилийн некъийн министраллехь, муниципалитеташкахь, тарифийн комитеташкахь.

Документо дийцарехь, Нохчийн пачхьалкхан театрехь Кадыровн 72 шо кхачарна лерина премьера хир йу. Спортан, кегийрхойн политикин министралло дIахьур йу воккхахволчу Кадыровна лерина масех турнир - маьршачу латаран, грекийн-римхойн латаран, кикбоксинган, шахматийн, мини-футболан. Иштта, Гуьмсехь дIахьур йу ProfFight "Akhmat-Ichigeki - 5" цIе йолу турнир.

Устрада-эвлахь, Кадыровн сийдеш, "Бакъо йарий сан вист ца хуьлуш Iен?" суьйре дIахьур йу. Курчалойн кIоштахь "Дукхавеза! ДагавогIу!" цIе йолу барам дIахьур бу. Цу кепара акцеш дIайахьа дагахь бу Iедалан кхечу урхаллашкахь а.

Куьйгалхо а, цуьнан доьзал а "Дала хаьржина хиларах" ойла Нохчийчоьнан куьйгаллина шен легитимизацин, кхерамзаллин дуьхьа оьшу, бохуш, массийттуза дIахьедина нохчийн оппозицхойн Niyso телеграм-канало. Цуьнан авторша сих-сиха зорбанедоху воккхаволу Кадыров "вазваран" масаллаш.

  • Кадыров Ахьмадан цIе тиллина республикерчу 300 сов урамна, Соьлжа-гIаларчу коьртачу майданна а, Нохчийн университетна, паркашна, школашна, гимназешна, аэропортана, берийн бошмашна, "Нохчийчоьнан Дог" маьждигна, Росгвардин полкана. ТIаьххьарчун лармешчохь адамаш дайъарах йаздира "Новая газета" гIирсо. Воккхахволчу Кадыровн сийдеш, "Ахмат-йурт" аьлла, хийцина ЦIоьнтаран цIе а. Цул совнах, республикехь йолчу футболан тобанна а, латархойн клубана а техкина цуьнан цIераш. Йу республикехь Кадыров Ахьмадан цIарах фонд а. Уьш 2020-чу шеран гIуран-баттахь дуьйна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллин санкцийн тептарехь йу. Кадыровн суьрташ а ду Соьлжа-гIалин урамашкахь дIадиттина.
  • Кадыров Ахьматан цIе хьалхатоттучу цу барамашкахь сих-сиха дакъалоцу бераша а. Школашкара бераш дешна довларна леринчу линейкашкахь а, Ахьмат-йуьртахь, цуьнан цIарахчу Соьлжа-гIаларчу дешаран центрехь а. Цу кепара гуламаш даимна а регионан доьзал хесторан цхьаьнакхетарех тарло. Дешархоша мел кIезга ши йиш лакхар ламасте дирзина даьлла: цхьаъ Кадыров Рамзанан дена лерина, важа - цуьнан кIантана. Эшарш сих-сиха хуьйцу, амма чулацамца даимна КадыровгIеран доьзална баркаллаш олуш, уьш хестош нисло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG