ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн ден цIарахчу фондо цуьнан йоьIан модин цIийнера цхьа оьла духарш эцна


Парижехь, Firdaws модин цIийнан коллекци гойтучохь, 2020 шеран чиллан-беттан 25-гIа де
Парижехь, Firdaws модин цIийнан коллекци гойтучохь, 2020 шеран чиллан-беттан 25-гIа де

Украинана дуьхьал болийначу тIамехь дакъалоцучарна аьлла, Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо 3200 духаран комплект эцна аьлла, дIахьедина Кадыров Рамзана. ТIейуху хIума эцна Firdaws модин цIийнера, и схьадиллинарг йу Кадыровн йоI, махкахь вице-премьер йолу Кадырова Iайшат.

"Брендан духар" эцарх хаам шен телеграм-каналехь бина Кадыровс. Мел мах белла а, ахча мичара даьллера а аьлла дац цо.

Постаца хIоттийначу видео тIехь духаран кепаш гойтуш йу – костюмаш, курткаш, кучамаш, зударийн кофташ, кхинйерг а, иштта Akhmat тIейаздина, Кадыров Ахьмадан сурт тIехь долу футболкаш, свитерш а.

Политико бахарехь, Украинерчу тIамехь дакъалоцу эскархой боцурш а, духарш доькъур ду церан доьзалашна а, ишта республикера шина министраллийн – спортан а, культурин- белхахошна йукъахь а.

Нохчийчоьнан урхаллехь волчун ден Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан куьйгаллехь йу Кадыров Рамзанан 70 шо долу нана Кадырова Аймани.

Firdaws мода йукъадаьккхинарг йу Кадыров Рамзанан хIусамнана Медни. 2017-чу шарахь, шен 17 шо долчу хенахь Кадырова Iайшат йолайелира цуьнан куьйгалла дан, цуьнан доладеш йара иза, ша 2020-чу шарахь пачхьалкхан дарже хIоттайаллалц. СПАРК-н базин зерашца, карарчу хенахь и цхьаъ йу модин цIийнан кхоллархо лоруш.

2920-чу шарахь Нохчийчуьра культурин министран гIовс хIоттийра Кадырова Iайшат, ткъав 2021-чу шарахь культурин министр йира цунах оцу гIентахь йиссира иза стохка гурралц.

Дахначу кIиранах физкультурин, спортан а министраллин куьйгаллехь чIагIвира Нохчийчоьнан урхалхочун 18 шо долу кIант Кадыров Ахьмад.

  • Iайшат – Кадыров Рамзанан йоккхаха йолу йоI йу. Стохка гIадужу-баттахь Нохчийчоьнан вице-премьеран дарже йаьккхира иза. Цуьнан хIусамда Мацуев Висхан кху шеран товбеца-баттахь республикин вице-премьер а, йуьртбахаман министр а хIоттийра.
  • Кадырова Iайшат "культурин хьакъйолу белхахо" йу, иштта мидалш йу цуьнан "Адамийн бакъонаш Iалашйарна" а, "Нохчийчоьнна хьалха декхарш кхочушдарна", регион "кхиорехь дакъа лацарна" а совгIат дира мехкан 100 шо кхочуш, ДоттагIаллин орден йелира "ДНР" аьлла дIакхайкхийначу мехкан цIарах, иштта Нохчийчоьнан лаккхара совгIат а – Кадыровн орден.
  • Кадыров Ахьмадан цIарах масийттаза элира "Кадыровн бохча", цу фонде бертаза ахчанаш дохкуьйту бюджетан белхахошка. Кадыров Ахьмадан фондан активаш 2023-чу шарахь 5,3 миллиард сом йара – иза масийттаза кIезиг ду, Нохчийчоьнан Iедалхоша Украинерчу тIамана шаьш доьхкина бохуш дIахьедечул а. Кавказ.Реалии сайто листира, хIун нийса дац Оьрсийчуьра уггар а йоккхачех, уггар а къоьвлинчу коммерцица йоьзна йоцчу фондаца, стенна дойъу цо ахча, царна тIехь терго латтон йезачара цаьрга хеттарш а хIунда ца до.
  • Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а, Японин а санкцийн тептаршкахь йу 24 шо долу Кадырова Iайшат. Цул совнах Американ санкцешна йукъатоьхна Кадырова Iайшатан Firdaws модин цIа а.
  • Нохчийчохь пачхьалкхан даржашка хIиттабо Кадыровн доьзалхой, цуьнан йижарий, невцарий, йишин-вешин бераш, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира КадыровгIеран тайпа-тукхумах пачхьалкхан структурашкахь болх бечех дуьззина тептар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG