ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн экзотика. Оьрсийчоьнан армин Нохчийчуьра эскархойн васт дуьненан зорбанашкахь


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан а
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан а

Украине тIамца чугIоьртинчул тIаьхьа арахьарчу зорбанан гIирсашкахь хааамаш гучубуьйлура Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана урхалла дечу Оьрсийчоьнан эскаран дакъойх лаьцна. Малхбузен а, Европан а медиаш пайдаэца юьйлира оцу вовшахтохараллех дуьйцучу заманчохь Оьрсийчоьнан зорбанаша кест-кеста олу "кадыровцаш" терминах. Кавказ.Реалии сайто теллира, муха дуьйцу арахьарчу гIирсаша церан леларх.

Малхбузен аудиторина кадыровхой – экзотике тема ю, дуккхаъчарна хезна уьш бу аьлла, амма кIезигчарна бен ца хаьа уьш муха гучубевлла, дийцира Кавказ.Реалиин корреспондентаца къамел динчу Къилбаседа Кавказехула волчу аналитико Чемберс Гарольда.

"Малхбузенан юкъараллина хетарехь, Кадыров а, кадыровцаш а цхьа халла бевзаш хила тарло, амма кIезиг болчарна хаьа, билггал уьш муьлш бу. Оьрсийчоьнца йа Советан Iедалца болх бина жимма а зеделларг долчунна, мел а бовза декхар ду уьш, амма хIетте а хIокху дийцаро, хIун ду-те и дан а аьлла, цхьа интерес бен кхин хIумма а ца хаадолуьйту", - аьлла хета аналитикна.

Кадыровхойн къизаллин а, зуламийн а репутацино психологин тIамна бен Iаткъам ца бо

Чемберсана хетачунна тIетов Карловн университетан юкъараллин Iилманийн политологин факультетан профессор Аслан Эмиль а.

"Малхбузенан юкъаралло кадыровхой цхьа акха хIуманаш санна а, "чIичI аьлла ламанхой" санна а, Оьрсийчоьнана интересашна гIуллакх дарехь корматалла карайирзина а, цхьа экзотикан исламан тоба санна а тIеоьцу. Цхьа бIостане сурт хIоттадо цара", - боху къамелдечо.

Украинехь тIом болабалале хьалха малхбузен хаамийн гIирсашкахь кадыровцаш цхьана могIарца хьахабора "Новая газетан" журналист Политковская Анна а, оппозицион политик Немцов Борис а дерца доьзна а, иштта Нохчийчохь ЛГБТ-нахана тIаьхьабевлла леларца а.

Даим санна, оцу материалийн коьрта "турпалхо" вара Нохчийчоьнан куьйгалхо. "Нью-Йорк таймс-на" (The New York Times)леринчу публикацехь Херзенхорн Дэвида 2015-чу шарахь яздо Немцов верах лаьцна: "Меттигера кхерамзаллин ницкъаш федералан Iедалшна муьтIахь долчу кхечу регионашка хьаьжча, г-н Кадыровс ша контроль латтайо шен чоьхьарчу кхерамзаллин эскаршна, кадыровцаш олучарна тIехь. Иза вевзаш ву шена цIахь а, арахьа а критика йен нах къинхетам боцуш хIаллакбарца".

ТIемаш бечу меттана пиар-кампани. Малхбузен зорбанаш

Бакъоларъяран тобанаша а, тешаша а, иттех шерашкахь дийна биссинчара а бехкевора Кадыров а, цуьнан агIончаш а кхел йоцуш нах байъарна а, шен оппоненташ а, шен рожан критикаш а лечкъош, царна тIехь Iазапаш лелорна а, иштта ЛГБТ-нохчашна тIаьхьабевлла леларна а. Оьрсийчоьно Украинехь тIом болийчхьана, урахалла даран кепаш къизаллица а, тираница а гойтучу Кадыровна тIехь йисина лидеран васт, цунна муьтIахь болчу ницкъахошна а тIекхоьллира. Делахь а, оцу тIеман вовшахтохараллийн бIахойн корматаллех кхаллаелла миф маса дIайохийра.

"Гуш ду оцу тIемалоша, кадыровхой аьлча бевзаш болчара, дакъалацар Оьрсийчоьнна маса гIо дар, Киеве боьду къилбера некъ схьабеллар доцург а, нохчийн къизаллех нах Iадон Iалашонца пропагандин гIирс бара", - иштта мах хадийра 2022-чу шеран зазадокху-баттахь америкахойн стратегин а, политикан а Институто (The New Lines Institute for Strategy and Policy).

Дукха хьолахь кадыровцаш декхаре бу шайн лидер Iалашван, "экспедицин" тIеман барамаш ца лелош, билгалдоккхура публикацихь.

"ТIом бан шогачу хьелашна Iамийна бацара уьш, цаевзачу меттигехь юхаберзийра уьш, цундела церан оперативе эвсаралла царна ма-хетта ца хилира. Къизаллин, зуламе кадыровхойн инзаре репутацин психологино тIамна бен Iаткъам ца бо, цара ца гойту тIамна пайде хилар", - кхетийра стратегин а, политикан а Институтехь.

Кадыровхойн эскарш тIаме дахар, царна гонахара пропаганда а Оьрсийчоьно Украинан дуьхьал бечу "психологин тIеман" дакъа ду, яздира хIеттахь францхойн The Conversation ресурсана Кампана Орелис, Канадерчу Лаваля (Université Laval) Университетан политикан ницкъбарехула йолчу эксперто.

Кадыров а, цуьнан эскархой а масал хилла шайх лаьцна харцахьа хоьтуьйтуш, шаьш лардала гIерташ къахьегарца а

"Кадыровцаш- уггар хьалха дIаяьхначу гIаланашкахь къепе латтон говзанчаш бу. Уьш дика бевза Нохчийчохь а, Донбассехь а, иштта Шемахь а лелийначу шайн къизаллашца а, цхьадолу дакъош хIинца а цигахь долуш ду", - кхетийра Кампанас.

Зазадокху-беттан 24-чохь америкахойн CNN телеканалан журналисто Ходж Натана билгалдаьккхира: "Кадыровцаш аьлла цIе яхна хIара эскарш нах кхерош репутаци йолуш бу. 1999-чу шарахь, Путин Iедале варца болабелла Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу хенахь, Кадыровн бIанакъосташа гIо дира Москвана, гIаттамхойн-сепаратистийн карара яьккхина Нохчийчоьнан Республикана тIехь контроль йеш. Къизачу нехан репутаци яьккхина цара шайна: журналисташа-талламчаша а, адамийн бакъонаш толлучара а дIаяздира цхьа могIа нах байина меттигаш хиларх, кхел йоцуш нах байъарх, цара шайн куьйгашца".

Оцу юкъанна Ходжана хетарехь, кадыровхой Украинехь тIемаш беш бу, Путинан эскаршна пайдабохьучул а алсам хайп гIаттош.

"Тоталан пропагандистийн TikTok эпохин тIом беш бу Кадыровн эскархой, шайн лидерна Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна шаьш муьтIахь хилар дIагайтархьама. Цхьана агIор пайденчу кавказхойн стереотипашна тIе а туьйжуш, къинхетам боцу, тIамехь чIагIбеллачу нехан репутаци кхолла гIерта. Амма, церан ду боху зеделларг дарстош пиар-кампани елахь а, Кадыров а, цуьнан бIанакъостий а шайх лаьцна харцахьа даьккхина, шайн ма-хуьлла шаьш лардан гIерта масал хилла", - яздора охан-баттахь "Вашингтон пост" (The Washington рost) гIирсо.

"Индепендент" (The Independent) Британин ресурсо "Путинан болонкас Prada лелайо: нохчийн лидер Кадыров TikTok кеп хIиттош ву, шен наха Украинан маьрша бахархой бойъучу хенахь" аьллачу цIарца арахецначу материалехь Свифт Кристофера кадыровхойх аьлла дешнаш даладо. Къоман кхерамзаллехула америкахойн юрист а, Оьрсийчоьнехула а, Кавказехула долчун говзанча а ву иза.

"Нохчийн мехаллашца доьзна кIезиг хIума ду кадыровхойн. Гергарчу Малхбален исламан консервативан идейн а, Путинан режиман лайн а цхьа тамашен вовшахъйина хIума ду цаьрца", - дIахьедира "Индепендент" гIирсаца къамелдинчо.

Кавказ.Реалиина еллачу комментарихь Къилбаседа Кавказехула волчу аналитико Чемберс Гарольда билгалдоккху Кадыровн эскарийн васташца бIостане дерг.

"Юкъара хетарг иштта ду, хIара экзотике а, цуьнца цхьаьна Iожалле а, зене йоцу а тоба ю, сенсацех хьаьгна. Суна хета, дуьненаюкъарчу баккхийчу хаамийн гIирсашкахь а кхунах лаьцна шен-шен рогIехь гайтина ду чиллан-беттан 24-гIа тIе кхачале а, цул тIаьахьа а", - боху къамелдечо.

Кадыровцаш галбевлла шайн корматаллашкахь. Iарбойн зорбанан гIирсаш

Украинехь тIом балале хьалха, Европехь куп тоьхначу Iарбойн коьртачу зорбанан гIирсаша, масала, "Аль-Ахьрам уикъли", "Аль-Ватан", "Джерусалем пост", "Аль-Заман", "ТехIран таймс", яздора Нохчийчоьнан куьйгалхочух, масала, саIудийн монарх Москва кхачарх, йа хьахадора Кадыров Мекке вахарх. Оцу заманчохь "кадыровцаш" бохург зорбанашкахь яздеш дацара.

2022-чу шеран марсхьокху-баттахь "Аль-Джазирас" (Aljazeera) артикл арахийцира "Оьрсийчоьнехьа болчу нохчаша Украинехь билггал дакъалацар" аьлла артикл.

"Кадыровцаш олу эскархой, шайн куьйгалхочун, Кремлехьа волчу лидеран Кадыров Рамзанан сий деш, къиза бу, амма уьш галбевлла шайн корматаллех, ткъа церан репутацино ма-барра гойту уьш", - чIагIдо публикацихь.

Видеороликашкахь дакъалоцу кху заманан нохчийн салтий гена бу шайл а хьалха хиллачарна

Аргументан метта ресурсо ялийна, Шемахь президентан Асад Башаран эскарехьа тIемаш бинчу "Вагнеран ЧВК" тобанан куьйгалла динчу Габидуллин Маратан комментарий.

Габидуллина чIагIдо, кадыровхойн отряд "Вагнеран тобанах" схьакхеттера Шемахь, Кадыровн дехарца, амма вовшахъяьккхира гIаттамхошца дуьххьара церан дуьхь-дуьхьал кхетар нисделча уьш боьхна хьоьвзича. "Аль-Джазираца" къамелдинчо бахарехь, цхьаболу нохчий "дика эскархой" хиллехь а, кадыровхой иштта майра а, тIамна пайден а бац.

"Церан аьтто хиларх [Украинехь] дарстийна дуьйцуш ду. Суна хета, цара чIогIа кIезиг ницкъ дIабелла-кх хьуна чугIортаран тIеман потенциална. ЛартIахь эскархой бац уллохь [Кадыровца], ницкъечу агIонга сатуьйсу моттхьоькхурш бен бац. Ницкъ болу нах иштачу стагана тIаьхьахIуттур вац", - элира цо.

Голливудо синхIоттам белла роликаш. Туркойн зорбанаш

Туркойн медиаша мел а ларлуш мах хадабо Оьрсийчоьнан армехь дакъалоцучу Нохчийчуьра дакъойн. "Кадыровцаш" терминан метта цара пайдаоьцу "Кадыровн нах" йа "Кадыровн салтий" олий.

Оцу юкъанна меттигерчу хаамийн гIирсаша шайн цхьа собаречу манерехь билгалйоккху инарлас Дудаев Джохара (тахана а лоруш ву Туркойчохь) буьйралла динчу къобалъязчу Ичкерин эскарна а, тахана Нохчийчоьнан куьйгаллехь волчун тобанашна а юккъерчу башхаллех, Оьрсийчоьнан пропагандин гIирс санна нохчийн бIахойх пайдаоьцуш хилар билгалдоккхуш.

"Кхунах кхетархьама, тоаме хир ду историхь хилла масалш карладахар: Голливудо синхIоттам белла кху заманан видеороликаш юкъара нохчийн салтий доза доцуш гена бу шайл а хьалха хиллачарна. Делахь а, эксперташа тIечIагIдо, шен пропагандистийн болх бахьана долуш Путина Кадыровх пайдаэцна хилар", - яздора "Созджу" (Sözcü) газето 2022-чу шеран зазадокху-баттахь.

"Хюрриет" (Hürriyet) газетера цIе мел а шогаллица къаьсташ ю: "Дудаевн "цхьалха берзалошна" тIера Кадыровн салташна тIекхаччалц…Нохчийчоь: ма йоьжна хьо…"

Украинхойн журналисто Пашаев Iусмана, дика вевзаш ву иза шен Туркойчоьнах зорбане дохучу йозанашца, карарчу хенахь цигахь вехаш ву иза, Кавказ.Реалии сайтана еллачу комментарихь элира, Москвано дIахIоттийначух а, цуьнан эскарах а лаьцна туркойн зорбанан гIирсаша яздеш собаре хилар доьзна хила тарло Хонкара Путинна муьтIахь хиларца аьлла.

"Туркойн хаамийн гIирсашлахь уггар яккхийчех йолчу "Хюрриет", "Хабертюрк", "Миллийет", "Сабах" а, "Созджу", аьлча а, Эрдоганехьа а, оппозицин медиашлахь Нохчийчоьнах а, цуьнан лидерх а, цуьнан ницкъаллин структурех а дуьйцучу заманчохь шайн ма-хуьллу корректе хила гIерта, Кадыров Путинах воьзна хиларх къаьсташ билгалдаккхахь а", - элира журналисто.

Пашаевс а тергалдо, "кадыровцаш" боху чулацам туркойн медиашкахь цахилар. Цунна хетарехь, оцу терминах пайдаоьцу дукха хьолахь малхбузенан хаамийн гIирсаша, могIарера нохчий, тахана Кадыровна болх беш болчех дIакъастош.

"Туркойн медиан майданахь коьрта шина чулацамах пайдаоьцу: Кадыровн агIончаш а, оппозицин нохчий а", - билгалдоккху Кавказ.Реалиица къамелдинчо.

Кадыровс шех дIакъастийна нохчий

Европерчу зорбанан гIирсаша, мелхо а, Украинерчу нохчех дуьйцуш, цхьа наггахь бен къеста ца бо нохчий а, кадыровхой а, тIетов Карловн университетан юкъараллин Iилманийн политологин факультетан профессор Аслан Эмиль.

Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь Чемберс Гарольда билгалдаьккхира, дуккхаъчу малхбален медиаша кадыровхой а, нохчий а къесто болорах Оьрсийчоьно Украинехь тIом болийначул тIаьхьа. Кадыровн рожна дуьхьал болчу, оппозицин дог-ойла йолчу нохчийн диаспоран лаамца хилла ду иза.

Ишта а малхбалерчу аудиторина хьоьвзина хIара тема кхин а чолхе йолу, "нохчо" йа "нохчий" боху дешнаш хIинццалц схьа Царнаев Джохаран а, Анзоров IабдуллахIан а, Аш Шишани Абу-Iумаран а терроран гIуллакхашца ассоциаци йолуш хиларна, билгалдоккху Чемберса.

Иштта, кадыровхой Украинерчу тIаме ийзоро йитинчу тIаьххьарчу тIаьхьалонех модификаци хилла "нохчо" бохучу кхетамах арахьарчу медиахь - эххар а журналистийн дийзира къастон, муьлш бу нохчий, стенца къаьсташ бу уьш кадыровхойх. Цул совнах "кадыровцаш" боху кхетам, баьржина а балале, оцу сохьта кхероран флерах белира баккъал а тIемаш бечу меттана пиар-кампани лелорна. Цо Кадыровн эскарийн масканаш дIайехира, уьш шайн психологин Iаткъам баран гIирсах бохуш.

  • Террорхойн юкъаралла кхолларца доьзна бехкзуламан гIуллакх долийна Нохчийчухула йолчу Талламан комитетан урхалло Джамбетов Хьусайнна дуьхьал - Украинан интернационалан легионна юкъара къобалъязчу Ичкерин Къаьстина Герзашца вовшахтоьхначу ницкъийн батальонан (ОБОН ВС) эскарх
  • Украине чугIоьртинчул тIаьхьа масийттазза хаамаш кхечира Оьрсийчоьнан декъехь болчу Нохчийчуьра эскархошна а, кхечу дакъойн бIахошна а юкъахь девнаш дийларх. Кеп-кепарчу хаамашца, конфликташ юьйлу къоман билгалонца а, кега-мерса хIуманаш тIехула а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG