ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн фондо мах белла оккупаци йинчу Украинан дозана тIера берийн милитаристийн куьпан балхах


Украинан дIалецначу дозанаш тIера бераш ду Нохчийчуьра "тIеман-патриотикан" куьпахь, архивера сурт
Украинан дIалецначу дозанаш тIера бераш ду Нохчийчуьра "тIеман-патриотикан" куьпахь, архивера сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дӀакхайкхийра берийн милитаристийн аьхкенан "Халкъийн доттагӀаллин академи "АХМАТ" куьпан хьалхара болх чекхбаларх лаьцна. ДIахьедо цуьнан болх ахчанца латтош бара Кадыров Ахьмадан цӀарахчу фондо аьлла. Хьалха и фонд Евробертан санкцийн 14-чу пакета юкъайогӀуш йара Украинан дӀалецначу дозанашкара бераш а, кхиазхой а "йуха кхетош-кхион" дIадигарна.

Оккупаци йинчу Луганскехь вовшахтоьхна "Патриотикан лагерь", иштта гойту Кадыровн телеграм-каналехь зорбане яьккхинчу видео тӀехь а. Цу чохь болу кегийрхой стенгара балийна, йа баьхкина бохург билгалдаьккхина дац ша видео тӀехь а. Видеон мах хадийча, хьалхарчу сменехь 30 сов бер а, кхиазхо а вара. Цара "тӀеман а, культурин а, оьздангаллин а, гӀиллакх-оьздангаллин а, гӀиллакх-психологин а Ӏаморийн курсаш дӀайаьхна" аьлла Кадыровс, ишта тӀетоьхна царна "патриотизман синхаам" а, "нийса мехаллаш" а Iаморах а.

Цу тайпачу каппашкахь берашна милитаристийн Ӏамораш до, уьш даймахках а, гергарчарех а хийрабаха Ӏалашонца, аьлла ду Кадыров Ахьмадан цӀарах йолу фонд Евробертан санкцийн тептаре яккхаран бахьана далош йаздина.

Украинехь буьззина тӀом болабелчахьана, Оьрсийчоьнан коьрта центр хилла дӀахӀоьттина Нохчийчоь "тӀеман-патриотикан" берийн каппаш дӀахьош. Цул сов, цу фондо ахчанаш ло тӀеман декъашхошна, "керла лаамхой тIеозон а, тӀом бечу нехан шовкъ латторхьама а", "Донбассехь сепаратистийн тобанашца барт" латтош гIо до, билгалдаьккхина санкцеш тохаран бахьана далош. Оццу бахьанашца санкцийн тептаре йаьккхина цу фондан долахо, кӀоштан куьйгалхочун нана Кадыров Аймани.

  • 2022-чу шарахь Шела кIоштара могушалла тойаран берийн куьпа валийра Оьрсийчоьнан регионашкара а, оккупаци йинчу "ДНР-н" а, "ЛНР-н" а дозанаш тIера мел лахара ши бIе гергга кхиазхо. Оьрсийчуьра хилла ца Iаш, бакъо йоцуш далийна украинхойн бераш а дара цаьрца. "Кавказан ницкъ" тиллира оцу проектан цIе, и кхоьллинера Кадыров Рамзана а, иштта америкахойн финансийн министраллин санкцийн тептарехь йолу берийн омбудсмено Львова-Белова Марияс а. Иза бехкейина "эзар украинхойн берашна Оьрсийчу депортаци йеш гIо дарна".
  • Украинина буьззинчу барамехь тӀелатар дан доладелчхьана Оьрсийчоьнан Ӏедалша, гуманитаран миссин йу а бохуш, Украинин Оьрсийчоьнан эскарша дӀалаьцначу регионашкара бераш дӀакхоьхьуш ду аннекси йинчу ГӀирме. Цигахь вовшахтухуш ю царна "идеологин юхакхиоран лагерш", чIагIдо бакъонашларъярхоша. И факташ толлуш ю Дуьненаюкъарчу бехктакхаман кхело, оцу гӀуллакхехь коьрта шеко йолуш ву Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. ГӀирман ахгӀайренехь кхин муьлш бу оцу резонансан сюжетан декъахь хила тарлуш аьлла, къастийнера Крым.Реалии сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG