ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн гергара стаг шеконечу хьелашкахь велла Нохчийчуьрчу колонехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийн Чернокозово эвлара номер 2 йолчу колонехь велла Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан шича йахана Альбеков Хьасан. Цунах лаьцна хаам бина нохчийн Ӏедална критика йеш болчу наха, царна хетарехь, Альбеков вийна хила тарло. Официалан кепара тӀечӀагӀдина дац тутмакхан валар.

Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхочун Янгулбаев Абубакаран хаамашца, Альбеков Хьасанехь йара Кадыров Мохьмадан йоӀ, иза Кадыров Рамзанан деваша ву. Альбековс пайдаоьцуш хилла оцу хьолах, талораш а лелош, кхин а цхьацца зуламаш леладора цо. Стохка кхел йинера цунна "кхетон Iалашонца", Янгульбаевс чIагIдарехь, наркотикаш лелийна аьлла, шайггара долийначу гIуллакхехула. Амма хан такхар формалехь дара цуьнан.

Охан-баттахь NIYSO олучу оппозицин боламо зорбане йаьккхира Альбековс Кадыровх а, цуьнан накъостех а сийдоцу къамелаш деш йолу видео. Янгулбаевс яздо, товбеца-беттан 13-чу дийнахь, колонин лоьрийн декъехь Альбековна маха тоьхна хилла, цул тӀаьхьа дукха хан йалале иза велла, бохуш. Ша валале хьалха цо аьлла хилла: "Сан хIусамнанна дIахаийталаш, со вийнарг лоьрийн декъан коьрта лор Дени ву алий".

Официалехь дIакхайкхийна даге лазар иккхина велла аьлла, амма Альбековс хьалхо шен могашаллех латкъамаш бина бацара.

Альбеков валарх дIахьедина NIYSO телеграм-канало а, иштта цара а билгалдаьккхира, цуьнан валар лаа дац аьлла.

  • Кадыров Рамзанан берийн тренер хилла, тайп-тайпанчу хенахь республикин куьйгалхочун секретариатан куьйгалхочун а, Нохчийчоьнан Ӏедалан вице-премьеран а даржехь хилла Эдилов Ӏабдул-Керим 2022-чу шеран гIуран-баттахь, шен 39 шо долуш велира, кхеташ доцчу хьелашкахь. Республикехь Ӏедална критика йеш болчара дIакхайкхийра, Кадыровн омрица вийна хила мега иза бохуш.
  • Проект зорбанан гӀирсо Кадыров Рамзанах лаьцна йаьккхинчу фильмехь хьахош бу шеконечу хьелашкахь кхелхина Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикаш а, оппоненташ а, конкуренташ хила тарлурш а, ткъа иштта цхьана хенахь цуьнца гергарло лелийна нах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG