ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн герггарчунна Iарбойн Эмираташкахь орден йелла


Эдельгериев Руслан (Абубакар) а, Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмиратийн президент Мухьаммед бен Заид Аль Нахайян а. Даудов Мохьмадан аккаунтера сурт
Эдельгериев Руслан (Абубакар) а, Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмиратийн президент Мухьаммед бен Заид Аль Нахайян а. Даудов Мохьмадан аккаунтера сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочун йуьртахочунна, Оьрсийчоьнан президентан гIоьнчана Эдельгериев Русланна (Абубакар) лаккхара орден йелла Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь климатехула конференци дIайахьарна Дубайхь.

Заидан (Заед) II-чу бараман орден йелла Эдельгериевна – и лаккхара совгIат ду Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмиратийн 38 шарахь куьйгалла динчу пачхьалкхан куьйгалхочун Заид ибн Султан Аль Нахайянан цIарах. И совгIат арахьарчу пачхьалкхийн куьйгалхошна бен луш дац. СовгIат динчарлахь, масала, билгалбаьхна: Британин паччахь Елизавета ШолгIаниг, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, Украинан хилла президент Янукович Виктор, Казахстанан хилла куьйгалхо Назарбаев Нурсултан. ТIаьххьара орден йелларг ву Индонезин президент Субианто Прабово.

Делахь а, кху шеран чиллан-баттахь Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь ахчанаш къайладахарца къийсам латточу комитетан белхахошна дира и совгIат. ГIуран-баттахь климатан саммит дIайаьхьначул тIаьхьа Эдельгериевца цхьаьна орденаш йелира меттигерчу а, арахьарчу а хьаькамашна, политикашна а.

Эдельгериев декъал винчу нохчийн парламентан хиллачу спикерна Даудов Мохьмадна хетарехь, цу кепара Iарбойн Эмираташа тергойаро тоьшалла до "Эдельгериевс куьйгалла дечу делегацино глобалан климатана тIехь урхалла дан а, дуьненан экономикана декарбонизаци йан а бакъонаш кхуллуш мехала дакъалаьцна хиларан".

Дубайхь дIайаьхьначу конференцихь дакъалецира Кадыров Рамзанан бераша – 18 шо долчу Ахьмада а, 23 шо долчу Хадижата а. ТIаьххьарчо дийцира республикехь субботникаш хиларх, цигахь гулйина нехаш (пластик а цхьана) дукха хьолахь некъан йистошкахь йагош хиларх. ООН-н зерашца, маьлхан зIенаршна бухахь телхаш, йа йагочу хенахь пластико метанан а, этиленан а парникан газан эдинарг гучудоккху. Ишта лаьтта тIера йукъара температура лакхайоккху цара.

  • Эдельгериев Русланан 49 шо ду, Нохчийчоьнан куьйгалхочун йуьртахо ву иза, цуьнан нана Дерябина Вера Кадыров Рамзанан школехь хьехархо хилла йу. Кхоъ лаккхара доьшийла чекхъйаьккхина ву Эдельгериев, юридикан а, йуьртабахаман а цхьаьна, масех шарахь болх бира цо Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин структурашкахь, цул тIаьхьа карьера йина корматалла йолчу хьаькамо санна.
  • 2012-2018-чу шерашкахь Эдельгериевс куьйгалла дира Нохчийчуьра министрийн кабинетан, цул а хьалха вице-премьер вара, махкара йуьртабахаман министраллин коьртехь а Iийра. Ишта "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин Нохчийчуьра декъан куьйгалхо хилла иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG