ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн хIолламна улло хьакхин корта биллинчунна бехкаш дехкина Кубанехь


Кудряшов Дмитрий, цIера архивера сурт
Кудряшов Дмитрий, цIера архивера сурт

Вилспет лачкъорна а, лоцучу хенахь полисхочунна дуьхьал ницкъ баккхарна а бехкбиллина Кудряшов Дмитрийна. Цунах ишта шеконаш йу, Нохчийчоьнан хиллачу президентан Кадыров Ахьмадна хIоттийначу хIолламна улло хьакхин корта биллина цо аьлла а. Цунах лаьцна Кавказ.Реалии сайте дийцина цуьнан дас Кудряшов Александра.

"Краснодарера СИЗО веара со, сан кIант цигахь стенна латтош ву хьажа - цул а хьалха "ВКонтактехь" цхьана зудчо йаздинера соьга, шен хIусамда цуьнца цхьаьна камери чохь хилла ву, Димас шеца зIене вала аьллера цо бохуш", - дийцина цо.

Талламан изолятор чохь Александре хаамбинера, цуьнан кIант вилспет лачкъорна а, полисхочунна ницкъбарна а бехкево аьлла. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахоша ша сацийча, иза вада гIоьртинера, цхьахволчу ницкъахочунна тоха а тухуш. Цунах лаьцна талламхочо адвокате дийцина, делахь а цуьнца контракт йина йац, карарчу хенахь Кудряшов адвокат воцуш ву.

Бехкевечун дас билгалдоккху, динца доьзна йацара акци, КадыровгIеран доьзало лелочунна ша реза цахилар дIагайта гIоьртинера Дмитрий, боху цо.

"Протестан билгалонна хьакхин корта къастийнера цо, хьакхин лелар ду церан ала гIерташ. И клан куьзгана хьажийта, шайн лелар, шаьш дийриг йукъараллина муха хета царна хаийтархьама, - кхетийра къамелдечо. – Цхьа а динца доьзна бахьана кхузахь леха оьшуш дац, Кадыров Ахьмад а, Рамзан а, церан кланера кхинболчу наха а хьаькамаш, политикан нах санна карьера ма йина шайна. Цундела акци политикан бух болуш а, социалехь йемалбен чулацам болуш а йара".

Акци дIайаьхьначул тIаьхьа церан хIусамех масийттаза хьоьвсира, тIетуьйхира Александра, ткъа хьакхин корта хIолламна улло буьллуш телефона тIе дIайаздина Дмитрийн доттагI а, цуьнан нана а масийттаза тIекхайкхира чоьхьарчу гIуллакхийн министралле хеттарш дан. Ишта цо билгалдаьккхина, ницкъахоша "буьйса йаллалц" цуьнга хеттарш дина хилар, цул тIаьхьа "кега-мерса хулиганалла" лелийна аьлла, протокол хIоттийна, кхо дей-буьйсий даккха чохь витарх.

Кудряшов Дмитрий – "Оьрсийн Оьрсийчоь" – националистийн телеграм-канал кхоьллинарг ву. И телеграм-канал ультра аьтту националистийн кхетам болуш йу. "Оьрсийн Оьрсийчоьнан" агIончаша дIахьедора КхоалгIачу рейхан идейш йу шаьш лелош бохуш, шайца антисемитизм йолуш, "оьрсийн Кремлера оккупанташна" критика йеш, иштта либералашна а, чIогIа ца беза царна политикан оппоненташ а. Цара кхайкхамаш бо, миграцин политика чIагIйе, ЛГБТК-нахаца къийсам латтабе бохуш.

Кавказ.Реалии сайто ма-дарра дийцира, Кадыров Ахьмадана хIитточу хIолламаша протест стенна гIаттайо, тIелетараш хIунда до а. Масала, Санкт-Петербургера бIеннаш бахархоша дуьхьало йира, цуьнан цIарах тIай хилийта, Кадыровн бералла дIайахначу Казахстанехь цунна хIоттийна мемориал йохийра кху аьхка.

  • Москвахь веха Кудряшов Дмитрий Краснодарера номер 1 йолчу СИЗО хьажийна, Нохчийчохь президент хиллачу Кадыров Ахьмдан Къилбера Бутовохь хIоттийначу хIолламна улло хьакхин корта билларна. 19 шо ду Кудряшов Дмитрийн, Москва веана иза Барнаулера. 15 шо долчу шена йевзачу йоIаца акци хIоттон лаам хиллера цуьнан Кадыровн хIолламна тIе хьакхин корта а буьллуш.
  • Куьйгалхо а, цуьнан доьзал а "Дала хаьржина хиларах" ойла Нохчийчоьнан куьйгаллина оьшу шен легитимизацин, кхерамзаллин дуьхьа бохуш, массийттаза дIахьедина нохчийн оппозицхойн Niyso телеграм-канало, Кадыровн Ахьмадан культ йаржорах лаьцна дуьйцуш. Хьалхо бакъоларйархоша тидаме даьккхира регионехь Кадыровн-воккхахволчу культ тIейожорах, цо "динан билгалонаш" эцарх а.
  • Кадыров Ахьмадан цIарах йу церан дай баьхна ЦIоьнтара (Ахмат-Йурт), 300 сов урам бу Нохчийчохь а, кхечу регионашкахь а, пачхьалкхашкахь а. Санкт-Петербургера "Донречфлотан" теплоход, Лоьман седарчийн гуламера седа, маьждигаш, хьуьжарш, деших а, дезачу тIулгех а йина орден – Нохчийчоьнан лаккхара совгIат, орбите хьажийна мини-спутник, Нохчийчохь куп тоьхна Оьрсийчоьнан тIеман министраллин а, Росгвардин а дакъош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG