ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн хIусамнанна "Нана - турпалхо" мидал йаийтина Путина


Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хIусамнана (йуккъерниг)тдезачу денна леринчу концертехь йу. 2018 шо
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хIусамнана (йуккъерниг)тдезачу денна леринчу концертехь йу. 2018 шо

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира мидал йаийтина Кадыровн официалерчу хIусамнанна Кадырова Меднина. "Нана - турпалхо" - пачхьалкхехь и мидал кхаьчначерах уггаре хьалхарчарех цхьаъ йу иза. И цIе цунна йала бинчу сацамна куьг йаздинера стохкалерчу лахьан-баттахь.

Сацамехь билгалдаьккхина ма-хиллара, Кадырова Меднина и совгIат делла "доьзалан институт чIагIйарехь, бераш кхиорехь къахьегарна." ДIадаханчу шеран лахьан-баттахь президенто йуха йукъайаьккхина и цIе. Мидал луш йу 10 а, цул сов а бераш кхиийначарна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьединера, ша 14 бер кхиош хилар - царех уггаре кегийчеран пхи шо ду.

ГIадужу-баттахь Кадырова Меднина Къаьмнийн ДоттагIалла цIе йолу мидал йелира сепаратистийн "Луганскан къоман республикин" куьйгалхочо Пасечник Леонида. Цу хеннахь Япония пачхьалкхо Кадыровн официалера хIусамнана хиларе терра шайн санкцийн тептаре йазйира иза - цу тептарехь нисйелира кхин ши зуда а. Документаша дийцарехь, Кадыровн хIусамнаной,- Хазуева Фатима, Ахмадова Аминат. Гезгмашин-баттахь кхуьй а зуда Америкин Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеша лецира - пачхьалкхерчу махкахошна а, резиденташна а цаьрца бизнес лелор дихкина ду.

"Проект" гIирсо хьалхо арахийцира Хазуева Фатимин хьокъехь бина талламаш - журналисташа дийцира цуьнан цIарахчу активех, гайтира "Нохчийчоьнан хазалла-2006" къовсамерчу видеон кийсак. Цигахь дакъалецира Кадыровн йу бохучу шолгIачу зудчо. И талламаш гIарабовларца канало видео дIайаьккхира.

  • Кавказ.Реалии редакцино вовшахтоьхна Кадыровн гергарчу 52 адаман цIераш. Уьш берриге мехкан Iедалан структурашкахь бу. Царлахь йу - куьйгалхочун йоI Iайшат (республикин культурин министр), Хадижат (Соьлжа-гIалин мэрин школазхойн департаментан куьйгалхо йу), ХутIмат (Кадыровн секретариатан куьйгалхочун гIоьнча), воккхах волчу кIантана, 17 шо долчу Ахьматна дарж карийна - иза Оьрсичуьра берийн, кегийрхойн боламан Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо ву.
  • 2022-чу шарахь куьйгалхочун воIарий 16 шо долу Ахьмат, 15 шо долу Iели, 14 шо долу Адам шайн 23 шо долчу йишица, республикерчу культурин министраца Кадырова Iайшатаца сепаратистийн "ДНР" латтанаш тIе бахара. Церан цига бахар Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь кхоьттуьйтуш дуьйцуш дара - 18 шераш кхачанза болу шен воIарий тIамехь дакъа лаьцна бу бехира цо. Амма Кадыровн критикаша и хаам харц лерира. Гушйерг монтаж йу элира. ТIаьхьо цунна даредира Нохчийчоьнан зорбанан министро Дудаев Ахьмада а.
  • Курчалой-эвлахь бюджетерчу ахчанах йина физкультуран-спортан гIишло схьайиллина. Цунна Кадыров Ieлин цIе тиллина - Кадыров Рамзанан 15 шо долчу кIентан цIе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG