ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн "капремонт": Нохчийчоьнан куьйгалхо йуха а тешон хьийза ша могуш хиларх


Кадыров Рамзан, 2022 -чу шеран гIуран-бутт. Гайтаман сурт
Кадыров Рамзан, 2022 -чу шеран гIуран-бутт. Гайтаман сурт

Кадыров Рамзана дIахьедина, ша хIора кхаа баттахь "капремонтах" чекхволу, хIора ахшо мел дели "йоккха ремонт" а йо ша аьлла. Кавказ.Реалиис хеттарш динчу политологшна хетарехь, нохчийн куьйгалхочо йух-йуха и дуьйцуш, шен цамгарх а, шен метта цхаъ лохуш ву бохуш даьржина хабарш сацо гIерта.

Марсахьокху беттан 29-чохь Кадыровс ша суьранна гIали йуккъе ваьлла волалучу хенахь видеостримехь шега могушаллах лаьцна динчу хаттарна жоп луш, бегаш бира "Со лелаш велахь, со дина а ву" аьлла, цул т1аьхьа шен ойланех лаьцна кхин д1а а дахдеш дийцира цо.

"Делан къинхетам бу, могушалла дика йу. ХIора кхаъ баттахь капремонт йо, хIора ахшарахь йокха ремонт йо. Лоьраша боху сан дегӀ жимачу кӀентан санна ду. И шайтIанаш дуй, соьца цхаъ дика дац бохуш дуьйцуш берш, шуна моьттург хир дац. Суна дагадогӀучу хенахь дуьйна, со "вуьйш", "суна герз детташ", хӀинца массо а тайпа цамгарш кхуллуш бу уьш суна. Жимма варстахь, со могуш воцуш ву олу, жимма азлахь - йуха а могуш воцуш ву со", - аьлла, латкъам бира республикан куьйгалхочо.

Ша видео тӀехь Кадыров гуш вац, амма цуьнан хала садеӀар хезаш ду. Кху тӀаьхьарчу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун официалан телеграм-каналехь зорбане йаьллачу видео т1ехь хаалуш ду, тептара тӀера шена кечйина текст дIайеша а цунна хала хилар.

Кадыров шен цхьана берана Ӏедал дӀадала хан тIекхаччалц латта лууш ву

Марсахьокху -беттан йуьххьехь Кадыровс иштта дӀахьедира, ша "могуш ву" бохуш, хӀора кхаа баттахь лоьрех чекхаволуш ву, ткъа лоьрашна тӀаьххьара гучудаьлларг дерриг а D витамин цатоар ду (иза хила тарло тайп-тайпанчу бахьанашца доьзна, малх ца тоарна а, нийса хIума ца йаарна, хенашца боьзна хийцамашна, йа жаннашца, йа до1хица доьзна).

Ши шо гергга хан йу Нохчийчоьнан куьйгалхочун шен ц1еххьана йуьхь-сибат хийцадалар бахьана долуш, бехкзалонаш леха деза. Стохка гезгамашан-баттахь тӀечӀагӀйина йоцу информаци гучуйелира, иза комехь ву аьлла. Цул тӀаьхьа Москохарчу Оьрсийчоьнан Президентан Администрацин Коьртачу клиникан дарбан цӀийнехь гучуйелира нохчийн номерш йолу масех иномарка. ТӀаьхьо Кадыров Рамзана зорбане йаьккхира Коьртачу клиникан дарбан цӀийнера видео, шен девешин цамгар бахьана долуш ша цигахь хилар дуьйцуш; Кремлехь комментарий ца йира.

Цул тӀаьхьа масех бутт баьлча, 2024-чу шеран охан-бутт чекхболуш, "Новая газета Европа" хьостан журналисташа дӀахьедира, Нохчийчоьнан куьйгалхо, шайн информацица, 5 шо гергга хан йу "зорхаца некроз" диагноз а йолуш, вехаш волу аьлла. Панкреатит хиллачул тӀаьхьа чIагIйелла бохура и цамгар, цо дахарна оьшуш йолу дегIан меженийн болх галбоккху, цунах стаг леш а нисло бохура. Гезгамашин-баттахь Москварчу дарбан цӀийне иза вахар доьзна дара боху, лазаршна са ца тохалучу Кадыровс транквилизаторан барам сов баккхарна.

Хаамийн гӀирсашкахь а, социалан машанашкахь а Кадыровн хьал дийцаре деш долчу хенахь, коьртачу декъана тайп-тайпана дегӀан упражненеш гойтуш, масала, спортзалехь тренажерш тIехь, йа деза тӀулгаш хьалаийдеш шега хьовсуш берш тешийта гӀоьртира иза. Нохчийчохь Ӏедал хийцадала тарлуш ду, цуьнан хьал де дийне чIагIлуш хиларна аьлла, баьржина хаамаш, цхьана Iалашонца лелош питана а ду, "хайп а, паника а йу" бохура мехкан урхалхочо.

Шен хьал телхина хиларх даьржинчу хабаршна комментари йан декхаре ву Кадыров, Кремлана иза оьшуш хиларна. Цу хьокъехь Нохчийчохь а, Оьрсийчохь а йукъараллина хетачуьнца бала бац республикан куьйгалхочун. Редакцица хиллачу къамелехь и хаам бира политолога Преображенский Ивана. Шен могашаллех лаьцна Кадыровс марсхьокху-баттахь дина дӀахьедарш президент Путин Владимир регионе вахарца дузу цо.

"Шен цхьахдолчу беран кара Ӏедал дӀадала йиш йолчу хене вала хьийза Кадыров, шен кхин а хан йу бохуш, Кремль кхето гӀерта иза. Соьлжа -гӀалахь волчу хенахь Путина йа ма-дарра хаьттина хир ду Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга цуьнгарчу хьолах лаьцна. Официалехь йоцу информаци йу, цуьнан хьал йуха а хийцаделла бохуш. Ткъа Кадыров оцу сохьта гӀоьртира хьал нисдан", - комментарий йо къамелхочо.

Цунах лацна шен тӀаьххьарчу дӀахьедаршкахь, кхин дӀа а дуьйцу политолого, Нохчийчоьнан куьйгалхо Путинах тарлуш ву. Хууш ду, иза а кест-кеста тайп-тайпанчу лоьрашкахула чекхволуш хилар.

"Кадыров нохчийн халкъах возуш вац. Иза коьрте хӀоттийнарг меттигера бахархой бац, хӀинца иза дӀаваккха а бакъо йац церан, цундела Кадыровн шовкъ йац нохчийн халкъана хетачуьнца. Цуьнан бала хила тарло, мел лахара а, таро йолчу а, мел а герзах боьттинчу нехан а реакцица", - аьлла хета Преображенскийна.

Кадыровс жим-жиам дIахаийтира, шен могашаллица цхьацца сингаттамаш хилар

Цунна хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна а ца тайна хила мега, регионан куьйгалхочун дарже хIотто тарло бохуш, вуьйцучу Алаудинов Аптин медиашкахь вийцар. "Ахмат" спецназан буьйранча тӀаьхьарчу хенахь цхьаъ бен воцу Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан векал волуш санна дӀахӀоьттина. Цо комментареш йо Курскан кӀоштахь украинхойн эскарша дӀайаьхьначу операцех лаьцна. Цул хьалха шен репутаци кхераме а хIоттош, Кадыров Рамзан вара кест-кеста Кремлан политика а, Путин а Iалашвеш къамелаш динарг.

"Кремлан агӀор хьаьжча, Алаудиновс хӀинца вуно пайде позици дӀалаьцна: цо ларво Путин Курскан кӀоштарчу хьолах лаьцна баккъал комментарий йан йезарх. Ишта цуьнан шен рейтинг ларъеш ву иза. Кадыровс а санна, шен репутаци кхераме йоккху цо, цхьаъ бен воцу харжамхо - Путин Владимир вуй а хууш", - боху Преображенскийс.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен могушаллина "капремонт" йарх лаьцна динчу дӀахьедаро ма-дарра гойтуш хила тарло, дукха хан йоццуш цунна "итт шо хьалха хилла куц-кеп юхадерзорхьама" операци йина хилар, боху Къилбаседа Кавказан аналитико Чемберс ХIарольда. Цо билгалдоккху, тӀаьхьарчу кӀиранашкахь Кадыров могуш, хаза гуш хилар, тӀаьххьарчу цхьана эха шарахь хиллачуьнга хьаьжча а.

Вукху агӀор, политолога Айсин Руслана билгалдоккху редакцица хиллачу къамелехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен хьолах лаьцна тӀаьххьара дина къамелаш доьзна хила мега пиар-говзанчаша ишта лела аларна, хетарехь, Кремлера, вон цамгар йу бохуш хабарш даржийта.

"Уггаре а дика ларваларан гӀирс бу – тӀелатар. Кадыровс мах хадийначу кепехь билгалдаьккхира, шен могушаллица цхьацца проблемаш хилар, амма уьш йерриш а шен-шен хенахь луьстуш йу. Иштта дӀадерзо гӀерта Нохчийчоьнан куьйгалхо ша вала там бу, йа даржера вала хьесап ду бохуш долу къамелаш, - кхетадо политолога.

Цул совнаха, къамелхочо билгалдоккху, нагахь санна хӀинца Кадыров йуха а "радарера дӀавахь", иза цхьацца рогӀера лоьрийн дарба лелош хила тарло, йа цо ша ма-аллара, "капремонт" йеш.

• Москвахь дарба дарх лаьцна информаци гучуйаьллачул тӀаьхьа Кадыровс Соьлжа-ГӀалара видео зорбане йаьккхира, цу тӀехь ша "11 чакхарма гIаш лелла норма" кхочушйина бохуш. Ткъа "интернетехь бакъдерг аьшпех къасто ца хууш волчу хӀоранна а хьийхира цо, "гIаш дуьйлалой лела" цIеначу хIаваэхь, шайн коьртара харц ойланаш дIа а йохуш аьлла.

• Кадыровн буьрсачу стеган васт дика догIуш дац цамгарех лаьцна даьржинчу эладитанашца, ткъа цуьнан "инкарлонаш" башха дика сигнал йац халкъана а, мостагӀашна а, Оьрсийчоьнан Ӏедалшна а, боху Кавказ.Реалиин редакцица къамел динчу эксперташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG