ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн кема Мальдивашкахь гучудаьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхо де даьккхина хила тарло цигахь


Кадыров Рамзан. Архивера сурт
Кадыров Рамзан. Архивера сурт

RA-73417 номерца долу Кадыров Рамзанан долара кема эха шарахь дуьххьара радашна тIехь гучудаьлла – мел кIезга а Мальдивашкахь кхо де даьккхина цо. "Можем объяснить" телеграм-канало тидам бахийтина цунна тIе.

Кеманашна тIехь тидам латточу Radarbox сайтерчу хаамацшца, чиллан-беттан 10-хь долара кема Соьлжа-ГIалара хьала а гIаьттина, Москвахь охьахиина, тIаккха шолгIачу дийнахь Малехь охьахиира иза, Мальдивийн республикан коьртачу гIалахь. Чиллан-беттан 5-хь Кадыровн кема ХIинжа-ГIалахь гучуделира – иза мичахь охьахиина хууш дац.

Кеманахь ша Нохчийчоьнан куьйгалхо варий а ца къаьстина. Амма политик гучуваланза масех де ду – цо дакъалоцуш хиллачу тIаьххьарчу кхеташонера видео чиллан-беттан 1-хь арахийцира, Кадыровн кема хьалагIаьттиначул тIаьхьа. ХIинца дозанал арахьа Кадыровн 16 долу кIант Эли ву – Тайландехь иэдинчу летаршкахь дакъалоцуш ву иза нохчийн латархочуьнца, Швецин вахархочуьнца Чимаев Хьамзатаца а, кхечу спортхошца а.

Хууш ду, Кадыров Рамзан Мальдивашкахь цкъазза хилла ца Iа. Масала 2021-чу шарахь цуьнан кема гIайренаш тIехь радарашна гучуделира гIуран-беттан 2-чу а 6-чу а деношкахь. Iаьрбойн Эмираташкахь хуьлу иза кхин а сих-сиха. Хьалхо журналисташна Дубайхь цуьнан вуно йеза гIишло карийнера, Zabeel Saray Royal Residences at Palm Jumeirah отельна йукъайогIуш йу иза.

Кадыровс лелош долчу 2020-чу шеран аьхка Airbus ACJ3I9 кемано шен регистраци хийцира, амма Нохчийчу лелачура ца сецира, иштта дозанал арахьа а лелара, дозанаш къевлина хиллашехь.

VQ-BVQ бортан лоьмар йолу Airbus A319 кема 2018-чу шарахь дуьххьара гучудаьллера, иллиалархочо Тиматис цуьнан салон чохь даьккхина сурт зорбане диллича. Шен "вешин" ду хIара кема аьллера цо хIетахь, дагахь Кадыров а волуш, амма тIаьхьо и пост дIайьккхира цо. Бизнес-джетан мах 80 миллион доллар гергга бу.

  • 2022-чу шеран дечкен-баттера марсхьокху-батте кхаччалц кхечу пачхьалкхашка дIавахана Нохчийчуьра 948 вахархо – и терахь кхузза сов ду, стохка оцу хенаца дуьстича. Мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа Нохчийчохь шайн йарташкара дIабахначу нехан тептар хIотто долийра, бакъоларйархоша бохура, арахьарачу мехкашкахь лела паспорташ даха кехаташ чулуш хиларх дукхачу наха – царахь цхьаберш лечкъийна бохуш дуьйцура.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан гонарчу наха а агрессиве медиакампани йолийна лаамхойн кепехь Украинерчу тIаме баха ца луучу республикан бахархошна дуьхьал, - тоъал доьналла а, иман а ца хиларна бехкебо уьш. Амма нохчийн оппозицихоша чIагIдора, ша Кадыров а, цуьнан гергара нах а Украинина дуьхьал болчу тIамехь дакъалоцуш бац, йа дукха сиха даймахка боьрзу аьлла.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIентий - 16 шо долу Ахьмад, 15 шо долу Эли, 14 шо долу Адам – шайн йишица, 23 шо долчу республикан культуран министрца Кадырова Iайшатца "ДНР" олучу меттиге кхечира. Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь дукха дуьйцура уьш цига бахарх лаьцна – шен кхиазхойн хенаш йолу бераша баккъала а долчу тIеман тийсдаларшкахь дакъалаьцна хилар чIагIдо цо. Критикаша видеона монтаж йина хиларх дIахьедира. ТIаьхьо и тIелецира Нохчийчоьнан зорбанан министро Дудаев Ахьмада.
  • Дайначу шеран зазадоккху-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша дакъалоцуш видео арахецна хиллера, цо ша чIагIдарехь, Украинан дозанехь йаьккхина йолу, билггал Киевна 20 километр генахь йолчу Гостомель гIалахь. Амма дIайазйинчу видеоца къасто аьтто бац и йаьккхина меттиг, Кадыров Рамзанан критикаша и фейк йу элира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG