ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн кхерамашна Германин реакци а, Iазапехь латторна тIехула гIуллакх ца долор а


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Дайначу кIирнахь Нохчийчоьнца боьзначу коьртачу хиламех лаьцна

Кадыровс туьйсучу кхерамашна Германерчу Iедалхойн реакци, Соьлжа-гIалахь дIахьош болу "къоман гулам", таIзарш дарна гIуллакх гIаттор кхойтталгIа а тIе цаэцар, Францин цIарах леттачу нохчийн латархойн дашо мидалш - цу дерригенах лаьцна ю -"Маршо" радион кхозлагIа подкаст. Иза дIахьошверг со ву - Эрсно Казбек. Маршалла ду шуьга.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Кадыровн кхерамашна Германин реакци

Советийн эскарш Малхбалехьарчу Германера арадахар гIалат ду аьллачу Кадыровн дешнаш Берлино агресси лерира. И тайпа дIахьедар Нохчийчоьнан куьйгалхочо дира бутт сов хьалха ша пропагандист йолчу Скабеева Ольгица динчу къамелехь. Хиллачу ГДР-н латтанаш схьадаха деза вай аьлла дIакхайкхира цо, амма билгал ца даьккхира, и дан дезар шена муха го.

Скабеевас Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца йина интервью гIуран-беттан 13-хь арайелира. Амма йуьхьанца Германин Iедалхоша хIумма а ца олуш йитира. Царна иза ца гуш ца йиснийла тIаьхьо хиира, Штрак-Циммерманн Мари Агнессан динчу къамелаца. Бундестаган тIеман дуьхьалонан комитетан хьалханча а, ООН-нан парламентан ассамблейн декъашхо йолчу Штрак-Циммерманна шен NZZ - гIирсаца хиллачу къамелехь элира, регионан куьйгалхочо дийцинарш немцойн махкана оккупацица кхерамаш тийссар санна тIеэцна ша: "Оьрсийчоь 2022-чу шарахь [Украине] чугIоьртича кхета дезара тхо, и чугIортар тхайна тIе а доьгIна хиларах а, оьрсийн агресси тхуна а кхераме йуйла. Оьрсийн танкаш тIехь "На Берлин" аьлла йозанаш а ма дара. Ткъа Москвана муьтIахь волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо мохь бетташ Малхбалехьара Германи схьайаккха йеза вай бехира.

Цхьажимма истори дагайоуьйту вай, 1989 -чу шарахь Малхбалехьарчу Германера советийн эскарш арадаьхнарг СССР-н президент Михаил Горбачев вара. Берлинан пен харцарца бинчу сацамца. ТIаьххьарчу эскарша 1994-чу шарахь йитира ГДР. Совет-Iедал доьхна даьллера, ткъа Оьрсийчоьнан керла президент Борис Ельцин хIоьттира. Амма эскарца долу хьал, цуьнан дехьа - сехьа дахар цул тIаьхьа а дехха нислуш лаьттира, Владимир Путин шоллагIа а президент хаьржинчу 2000-чу шаре кхаччалц.

Кадыровх дерг аьлча, дуьххьара дац цо и тайпа кхерамаш Европерчу пачхьалкхашна тийссар. Оьрсийчоь Украине чугIоьртичхьана волавелла ву и. Масала, чиллин-баттахь, Польшина "демилитаризаци" йан йеза а бехира цо.

Амма Нохчийчохь шен долу кхачамбацарш республикан куьйгалхочо тергалдеш дац. Иштта, зазадоккху-беттан 17-хь адамийн бакъонашларйархойн "Мемориал" центро

дийцира регионерчу полицин декъехь ши стаг кхалхарх. Буьйцуш берш 31-шо долу Духаев Гилани, 29-шо долу Гатаев Ахьмад вара. Ший а, бакъонашларйархойн хааршца, дIадахначу шеран чакхенгахь Iедалан белхалоша лачкъина дIавигира. Ший а цадевзачу бахьанашца кхелхина а ву. ТIаьхьо и шиъ церан гергарчаьрга дIавелира, амма тезеташ хIиттор Iедалхоша дихкира. Нохчийчохь адамийн бакъонаш эшоран рогIера масаллаш Кадыровс комментареш ца йеш, дитира.

Соьлжа-ГIалара "къоман гулам"

Соьлжа-гIаларчу "Колизей" спорт-холлехь дIахьош бу, цара шаьш ма-аллара, "Нохчийн Республикан Гулам", республикан Конституци тIелацаран 20 шо кхочуш вовшахтоьхна. Гуламехь дакъалоцуш цхьа эзар сов делегат ву. Уьш бу йукъараллин цхьаьнакхетараллин а, муниципалитетийн а векалш.

Билгалйаьккхинчу, 2003-чу шарахь дIайаьхьначу "къоман референдумехь" бозуш боцу тергамчаш бацара. Амма референдуман ду бохучу жамIашца аьлча, 96% вахархочо Нохчийчоь Оьрсийчоьнна чуйогIуш хила лаьа шайна аьлла кхаж тесира.

Гулам дIахIоьттинчул тIаьхьа "Нохчийн къоман съездан" хьалханча Кадыров Рамзан хаьржира. Цу гуламера дуккхачу спикерша меттигерчу хаамийн политикин нарративашца дуьйцу Кадыров Ахьмата Нохчийчохь низам меттахIоттадарах, цо динарг шайна деза хиларах.

Дагадоуьйту вай, чиллин-беттан йуккъехь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна "къоман да" аьлла цIе йелира, цкъа конституцехь бан богIу хийцамаш бина. Цу баттахь йелира цунна дуьххьарлера Нохчийчоьнан турпалхо цIе - и мидал хьалхо цо ша шен сацамца йала магийначарех йара. Дерриге лерича, Кадыровн ткъе итт сов Iедалан совгIат ду, мидал йу.

Нохчийчоьнан куьйгаллехь ву Кадыров 2007-чу шарера дуьйна схьа. ХIетахь дуьйна масийттазза бехкевира иза адамийн бакъонаш эшорна, цунна луьйш берш лечкъорна а, байарна а жоьпалла политикна тIе а дуьллуш. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал санкцеш йаьхна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евроберто а. Оьрсийчоь шуьйрачу тIамца Украине чугIоьртинчул тIаьхьа Кадыровх уггар а коьрта тIеман пропагандист хилира, регионан урхалхочо кест-кеста дIахьедо йолахой тIамтIе хьийсорах, кхерамаш туьйсу президентана Зеленский Владимирна. Цул совнах, Оьрсийчоьно зарратан герзах пайдаэца тардаларх а хьахийра цо.

Iазапехь латторна тIехула гIуллакх ца долор

Соьлжа-ГIалин Старопромыслан кIоштан кхело низамца догIуш лаьрра, полисхоша шена тIехь ницкъбина аьлла нохчийн актера Дебишев Тимура дина дIахьедарна тIехула гIуллакх долон дуьхьал хилар. 13-зза дуьхьало йеш сацам бинера талламхоша – "Iазапашна дуьхьало латтон Команда" гIиртира и сацамаш къийса.

Кавказ.Реалиин сайте бакъоларйархоша дийцина ма-хиллара, ницкъ а беш, хIуманаш лечкъош, полисхой шайн бакъонел сов бовларна тIехула луьстуш бара и латкъам, Нохчийчухула йолчу Талламан комитетан урхаллин вуно ладаме долу гIуллакхаш талларехула долчу декъан талламхочо Абдулхаджиевс. Цо рогIера дуьхьало йира гIуллакх долон. ТIаккха цунна латкъам бира кIоштарчу кхелехь.

Таллам ледара хиларх лаьцна долчу хеттаршна тидам а ца бина Соьлжа-ГIалин Старопромыслан кхело – талламхочун сацам оцу кепара низамехь а лаьрра. "Iазапашна дуьхьало латторан Команда" и сацам апелляцехь къовса дагахь йу.

2018-чу шеран лахьан-баттахь Соьлж-ГIаларчу Ленинан кIоштарчу полицин декъехь гIело йина шена, аьлла "Iазапашна дуьхьалло латточу тобане" арз дира Дебишев Тимура. Наркотикаш юхкучу цхьана йоьIан телефончохь цуьнан номер карийна аьлла валийра иза цига. Дебишевс дийцарехь, полисхоша тоькаца таIзар дира цунна, корта пенах биттира, са а дукъдира, сийсазаллаш лелийра, шайх цхьаъ гехь лелавойтуш, наркотикаш лелочу нехан цIераш схьайийца бохуш.

Францерчу нохчийн латархойн дашо мидалш

Чакхенгахь хаза хаамаш буьйцу вай: Европан кегийрхошлахь хиллачу латаран чемпионатехь Францин цIарах леттачу йалх нохчех шимма дашо мидалш йаьхна. Кхул хьалха хиллачу подкастехь дийцира вай цу кегийрхоша къийсамашкахь дакъалацарах, церан Европе бахкаран бахьанех а.

Румынехь дIайаьхьанчу чемпионатехь дашо мидалш йехира Арсамерзуев Хьамзата а, Магамадов Рахьима а. Хьалхарниг (65 кийле кхаччалц) йолчу категорехь леташ вара. Финалехь цуьнца лата билгалваьккхина волу Азербайджанера Бабадзе Рашид, лазийна ша аьлла, йукъаравелира. ШолгIа деши Магамадов Рахьима схьаийцира (86 кийле кхаччалц). Финалехь цо Эрмлойчуьра Князь Ибоян эшийра.

Украинерчу латархочунца тIаьххьара тасавеллачу Висханов Iадлана (92 кийле кхаччалц) борзанан мидал яьккхира. ТIаьххьара цуьнца леттарг вара украинхо Роман Ричко.

Францера нохчий боцучеран а хилира цигахь аьтто. Европерчу кхечу пачхьалкхашкара лата баьхкинера Данера Бисултанов Турпал-Iела а, грекийн-римхойн латарехь ("дато" мидал йаьккхина цо), тIаккха Польшера Салимов Майрбека а, Германера Накаев Дениса а "борза" даьхьира.

Цу тIехь сан къамел чекхдолу. Аша ладуьйгIира "Маршо" радион кхоалгIачу подкасте. ХIиттайе лайкаш, йазйе комментареш - уьш тхуна ладаме йу. Шуьца вара Эрсно Казбек. Марша Iайла!

ЛадогIа, хьовса тхан подкасташка тайп-тайпанчу платформашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG