ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровн кхиамаш гуш бац": дотацех дозар "лахдан" муха аьтто хилира Нохчийчоьнан


Соьлжа-ГIала, президентан Путин Владимиран винч уденна хIоттийна акци, 2023-чу шеран гIадужу-беттан 7-гIа де. Гайтаман сурт
Соьлжа-ГIала, президентан Путин Владимиран винч уденна хIоттийна акци, 2023-чу шеран гIадужу-беттан 7-гIа де. Гайтаман сурт

Нохчийчоьнан Iедалхоша дIахьедина федералан центран дотацех доьзна хилар лахделла шайн аьлла. Кавказ.Реалии сайто къастийра, бакъ дуй Соьлжа-ГIала Москвара ахчане кIезиг сатуьйсуш йу бохург.

Нохчийчоьнан премьер-министро Хучиев Муслима гIуран-бутт йуккъе баьллачу хенахь дIахьедира, республикин бюджет дефицитехь йу хIинца а, амма тIаьххьарчу итт шарчохь федералан дотацийн дакъа жимдан аьтто хилла – 64-на тIера 40 проценте кхаччалц аьлла. И терахьаш довзийтира Соьлжа-ГIалахь, Оьрсийчоьнан финансийн министралло регионашкара бюджеташкахь ахча тоьаш цахиларх жоьпалла дотацийн субъектийн куьйгалхошна тIедилла аьлла хьехча.

Нохчийчоьнна кхачон дотацеш жимма лахйина, кхечу регионашкахьчул а

Оцу кепрачу субъектийн тептаре йазйина федералан Iедалша Украинан дIалецна дозанаш а, иштта дуккха а шерашкахь Оьрсийчоьнан бюджетера ахчанех йоьзна ГIалгIайчоь, Нохчийчоь, Дагестан.

Финансийн министраллин дIахьедар "бIоба" лерира эксперташа, иштта Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а цхьана. Оцу йукъанна республикехь тIаьххьарчу шарахь масийттаза дIакхайкхийра экономикан гайтамаш кхиаме хиларх. Дотацеш лахйаларх тIечIагIдарш доцург а, Хучиевс иштта дIахьедина регионе инвестицеш йар кхуьуш хилар.

2023-чу шарахь Нохчийчоьнан стенд дуьххьара гучуйелира Петербургехь хIоттийначу дуьненайукъарчу экономикан форумехь (ПМЭФ). Оцу гайтамехь дакъалацарна республикин бюджетан харж йелира 21 миллион сом. Товбеца-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалло дIакхайкхийра, Оьрсийчоьнан Минпромторган рейтингера "Регионан экономикехь кхиар" блокехь хьалхара меттиг баьккхина шаьш аьлла. "Иннопром-2023" гайтамехь Екатеринбургехь хIоттийнера и стенд.

"Иннапромехь" совгIат схьаоьцучу Хучиевс билгалдаьккхира, индустрин сурсаташ арахецаран индекс а, дIадохьуьйтучу товарийн барам а – Нохчийчохь 5,5% процентана кхиъна, делахь а, оцу кепара, йа лакхадалар гойту Къилбаседа Кавказера кхечу мехкаша а. Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу экспертех цхьаммо и совгIат "дог оьцуш йелла приз" йу элира, хIунда аьлча, билггал хаалуш совйаьлла динамика цахиларна.

"Бахархой ирсе хир бац"

Федералан центрера дотацех доьзна хилар лахдаларх нохчийн премьеро Хучиевс аьллачу дешнаша ма-дарра ца гойту дерг, аьлла хета экономистана Жаворонков Сергейна.

"Кхузахь хьал цхьатерра ду, аьргаллехь Оьрсийчоьнца доьзна хилар лахделла бохуш, деклараци тIехь алар санна. Мехкадаьттанах хуьлу пайда 2023-чу шеран дечкен-гезгамашин-беттанашкахь лахделла 1,5-зза стохкалерачуьнца хиллаче хьаьжча. Тамаш бу-кх и кхиам белахь. Иштта ду Къилбаседа Кавказехула йолчу дотацешца дерг а", - билгалдоккху къамелдечо.

Цо бахарехь, Кремло кхоош ду ахча йоллу регионашна кхачочу дотацеш тIера – цуьнца ду, Соьлжа-ГIалахь дуьйцу "кхиамийн" коьрта бахьана. Оцу йукъанна федералан бюджетера Нохчийчоьнна дойучу ахчанан дакъа абсолютан терахьашкахь бен лахделла дацахь а, дотацийн боллу бараман процентехь аьлча кIезиг хийцабелла.

Стохка республикана хьажийра доллу дотацешна лерина билгалдьаккхинчу 9822 миллиард соьмана тIера 43 миллиард сом. 2024-чу шаран тIечIагIбина дотацин барам – 600 миллиард ду, цунах Нохчийчоьнна кхочур ду 34,7 миллиард. И бохург ду, Нохчийчоьнна ахча латтор 8,3 миллиард соьмана лахделлехь а, бюджетан йукъара регионна йен харж лах-м муххале а ца йеллера, мелхо а кхин а тIекхетта – 5,23 тIера 5,78%.

Кхечу регионашка хьаьжча, Нохчийчоьнна лерина дотацеш жимма лахйелла. Амма кхузахь коьрта ду уьш мел а жимйар. Оцу тIехула официалан статистикехь ша-шаха алсамболу шена тIебогIу пайда. Нохчийчоьнна кхачон дотацеш йерриш совцайахь а, 100 проценте кхаччалц лахбер бу тIебогIучу пайдан барам, амма бахархой цо ирсе бийр бац", - боху Жаворонковс.

Дерриг а дика ду аьлла, цхьа кеп хIоттон оьшу царна

Оьрсийчоьнан бюджетан кодексехь йаздина ду, лаккхара дотацеш кхачочу регионашкахь пачхьалкхан аппаратана йен харж алсам ца йаккха дозанаш ду тоьхна хила дезаш, билгалдоккху экономисто, демографо Лифшиц Маринас.

"Тарло, керла низамаш дахаран инициатива [регионийн куьйгалхошна финансийн министралло жоьпалла тIедожош] и тIедахкарш кхочушдан хьажийна хила а. ТIеман хьашташна йен харж алсамйаьлла, бюджетан къоьлла хIотттинчу хьелашкахь хила йиш йерг ду и. Кадыровн цхьа а кхиамаш кхузахь гуш бац", - аьлла хета Лифшиц Маринина.

Редакцица къамел динчара билгалдоккху, федералан дотацех сих-сиха пайдаоьцу социалан гIуллакхашна хьажийна ахча йухаметтахIоттош. Делахь а, хIинца "социалан" дакъа хийцина Украинехь болийначу тIамехь дакъалоцучарна а, церан доьзалашна а лучу ахчанца.

Нохчийчоь тоххара а санна лаккхара дотацеш кхачочех йу, хIунда аьлча, Оьрсийчоьна хиллачу шина тIамехь хIаллакйинчул тIаьхьа дикка когаш тIе хIоьттина йац иза хIинца а, элира шен цIе къайлайахьа лиъначу нохчийн экономисто.

Имиджан долуш санна кхетадо къамелдечо Хучиевн дIахьедар: "Дерриг а дика ду бохуш, кеп хIиттон лаьа царна".

Цо бохучунна реза ву Жаворонков Сергей а, цунна а хета, нохчийн хьаькамаш кеп-кепрачу некъашца мехкан васт тодан хьийза аьлла. Амма билггал долу сурт, цо бахарехь, гуш ду регионера ВРП-н талламаш барца.

Нохчийчоьнан ВРП 2021-чу шарахь 228,5 миллион сом йара. Нохчийчоьнан ВРП-хь (19,6%) хьалхара меттиг дIалоцу пачхьалкхан урхаллин секторо, аьлча а, хьаькамашна дойу ахчано. Оцу йукъанна йуккъерчу барамехь аьлча, пачхьалкхан секторан ВПР-ра дакъа пачхьалкхехь дикка лахара ду – 5%.

  • Нохчийчоь аутсайдер йуьсу белхазаллин терахьца а, некъаш тIехь ДТП-хь кхалхаршца а, банкроташ хиларехь а, пенсеш а, хьехархойн алапаш лахара хиларна тIехь а, нехан банкашкахь ахчанаш кIезга хиларехь а, нехан таронаш цахиларехь а. Оцу йуккъехула Минпромторган рейтингехь хьалхара позицеш дIалаьцна бохуш, Соьлжа-ГIалара схьахезочу дIахьедарша шеконаш йуьту уьш бакъ хиларх.
  • Нохчийчохь пачхчьалкхан урхаллин сферехь а, тIеман кхерамзалла латторехь а йуккъера алапа кху шеран дечкен-зазадокху беттанашкахь 56 эзар сом дара. И гайтам Къилбаседа Кавказехь уггар а лакхара бу, дешаран сферехь йуккъерчу барамехь лерича алапа оцу гонашна тIех лахара доллушехь.
  • Кавказ.Реалии сайто хьалхо дийцира, СКФО-н регионашна федералан центро муьлха дотацеш хьежош йу, уьш лахйаро хьал стенга кхачор ду а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG