ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн кхоалгӀа хӀусамнана лоручу зудчун дена-нанна пачхьалкхан совгӀаташ делла Нохчийчохь


Ахмадова Аминат
Ахмадова Аминат

Кадыров кхоалгӀа хӀусамнана ю бохучу зудчун дена-нанна пачхьалкхан совгӀаташ делла Нохчийчохь

Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхоалгӀа хӀусамнана йу бохучун дена Ахмадов Рамзанна а, нанна Ахмадова Айзанна а Соьлжа-ГӀалахь Кадыров Ахьмадан цIарах мидалш йелла. Республикера культурин кхечу белхахошца цхьаьна совгӀаташ дира царна. Хьалхо Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира хьакъйолчу артистан цӀе йелира церан йоӀана Ахмадова Аминатна – нохчийн ансамблан куьйгалхо йу иза, официалан боцчу хаамашца, Кадыров Рамзанан кхоалгӀа хӀусамнана а йу.

70 шо долу Ахмадов Рамзан Оьрсийчоьнан хьакъволу артист ву, шен хIусамненаца цхьаьна цо Нохчийчохь кхоьллира берийн хелхаран халкъан "Даймохк" ансамбль. Уьш боцчарна, иштта совгIаташ дина хьехархошна а, кхоллараллин цхьаьнакхетараллин декъашхошна а йаздо "Грозный Информ" сайто.

20I9-чу шарахь Нидерландийн режиссеро Новикова Машас дийцира Ахмадова Аминат Кадыров Рамзанан кхоалгӀа хӀусамнана хиларх лаьцна. Ша республике лелачу хенахь АхмадовгӀеран хӀусамехь Iийначу Новиковас дийцарехь, ша Кадыровга маре йаханчул тӀаьхьа Аминат къаьстина Iаш йара шен "хIусамехь", ткъа цуьнан вежаршна а, дена а Ӏедалан даржаш а, керла машенаш а йелира, церан йоIана уллохь цIа а.

Официалан кепара тӀечӀагӀбина бац и хаам. Ша Кадыровс цкъа а нахана хьалха мукӀарло ца дина шен цхьаннал сов зударий хиларх.

• Дечкен-баттахь Ахмадова Аминатна кхачийра Нохчийчохь уггар лакхара совгӀат - Кадыров Ахьмадан цӀарах орден.

  • 2022-чу шеран гIадужу-баттахь Японин санкцин тептаре йаьккхира Ахмадова Аминат, Кадыров Рамзанан зударех цхьаъ йолуш санна. Цигахь хьахийра цуьнан шолгӀа зуда лоруш йолу Хазуева Фатима а. Гезгамашин-баттахь Кадырова Медни а, Хазуева Фатима а, Ахмадова Аминат а юкъайаьхна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептаре.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG