ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн кIанта лаьцначунна йиттинчул тIаьхьа таIзар дина СИЗО-н белхахошна - зорбанаш


Журавель Никита
Журавель Никита

Дисциплинаран жоьпалле озийна Соьлжа-ГIалахь номер 1 йолчу СИЗО-н белхахой, цигахь йахначу аьхка Кадыров Рамзанан йуккъерчу кIанта йиттинера КъорIан дагорна лаьцна хиллачу Журавель Никитина. Цунах лаьцна йаздина Нохчийчуьра Талламан комитетан урхаллин жоьпехь, Baza телеграм-канало зорбане даьккхина и. Хьалхо полицино дуьхьалойира Кадыров Адамна дуьхьал гIуллакх доло, иза кхиазхо хиларна.

Муха таIзар дина Соьлжа-ГIаларчу талламан изоляторан белхахошна, и жоп а хьанна хьажийна хиллера, хууш дац. Диспиплинаран жоьпалла тIедожорах официалехь тIечIагIдина а дац. Кавказ.Реалии сайто теллира документ манипуляцеш билгалйохучу программица – цхьана а кепара арахьара йукъагIортар хааделла дац цуьнца.

Соьлжа-ГIаларчу номер 1 йолчу полицин декъехь марсхьокху-беттан 18-чохь чуэцнера КъорIан дагорна лаьцначунна йеттарх дина дIахьедар, аьлла ду Нохчийчуьра Талламан комитетан урхаллин жоьпехь. Цунах лаьцна дийца даьккхира цул а ши де хьалха, марсхьокху-беттан 16-чохь, хIетахь Журавеля ша дийцинера Нохчийчуьра омбудсмене Солтаев Мансуре, Нохчийчоьнан урхалхочун кIанта шена йиттина аьлла.

Нохчийчуьра прокуратуро шен жоьпехь дIахаийтира, процессуалан талламбар шайн тергоне эцарх. Оцу йукъанна цхьана а кехата тIехь хьахийна вац мехкан урхалхочун кIант, хьалхо цо лаьцначунна йеттарх Кадыров Рамзана ша бакъдина хиллашехь.

  • Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана ворхI совгIат дира: йуьхьанца республикин "турпалхо" вира цунах, цул тIаьхьа ГIезалойчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта Балкхаройчоьнан а совгIаташ делира, цул совнах, "Умматана хьалха гIуллакхаш дарна" I-чу бараман орденца а, иштта нохчийн "Даймехкан сий" орден а йелира. Цхьадолу билгалдаьхна совгIаташ дала хан йолуш а вац иза.
  • Чиллан-бутт бовш КъорIан дагийна аьлла бехкевинчу Журавель Никитина 3,5 шо хан туьйхира йукъарчу хьелашкарчу колонихь даккха. 300 сахьтехь белхаш бар а тIедожийна цунна, Делах тешачийн дог-ойла аьшнашйарна.
  • Бехкана къера хилла Журавель, цо аьлла хиллера, КъорIан дагаде аьлла, тIедиллар кхаьчнера шега аьлла. Оцу гIуллакхехула волайнхой бу аьлла, билгалвелира Нохчийчуьра 13 имам. Стенна тIехь биллина бехк, Журавелян аьлларг доцург, кхин тоьшаллаш дац.
  • Бакъонашларйаран "Мемориал" центро политикан тутмакх лерина Журавель Никита лахьан-баттахь. Бакъонашларйархой шек бу, бусалба нахана деза жайна Журавеля дагийна аьлла, ишта "хила йиш йоцург дара" аьлла, иза Нохчийчу дIавигар а, СИЗО совнах нах тIебитар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG