ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн кIанта йиттина волчу тутмакхна тIехIуттуш пикете ваьлларг лаьцна Петербургехь


Санкт-Петербургера Дворцован майда (гайтаман сурт)
Санкт-Петербургера Дворцован майда (гайтаман сурт)

Санкт-Петербургерчу Дворцован майданехь меттигера вахархо Сиделев Александр лецира, "Я/Мы Никита Журавель" аьлла йозанца каралаьцна пикете иза араваьлча. Волгоградхо Журавель Никита КъурIан дагорна шеконашца лаьцна. Кадыров Рамзана гезгмашин-беттан 25-хь пост хIоттийра, шен кIанта Адама цунна йетташ. Регионан куьйгалхочо дIахьедира, цо диначух воккхаве ша аьлла.

Санкт-Петербурган Централан кIоштан № 78 йолчу полицин декъе дIавигира Сиделев Александр. "ОВД-Инфо" бакъоларйаран проекте цуьнан тIехьийза йоIа дийцира, гIалин административан кодексан ковидна дуьхьал болу барамаш хедор боху артиклехула бехк кховдийна лаьцначуьнга. Оцу артиклехула уггар доккха таIзар – 4 000 сом гIуда.

Кадыров Равмзана телехьожийлан белхахочуьнга Собчак Ксенияга телефон тоьхнера гезгмашин-беттан 25-хь – тIаьххьарчо шен телеграм-каналехь цхьамогIа посташ арахийцира Кадыров Адама Журавель Никитина йеттар йемалдеш. Собчака бахарехь, Кадыровс низам лардаран хьукматашка аьрзнаш дар, пикете йалар а хьехна цунна, амма тIедожийна шен доьзалх лаьцна ца йаздар.

Видеоно оьгIазе бина депутаташ, йукъараллин гIуллакххой, политологаш, бевзаш болу журналисташ – Кремлна оппозицехь берш а, Iедалехьа берш а. Путин Владимиран пресс-секретарь дуьхьал хилла видеона комментари йан. Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашкахула векалйина йолу Москалькова Татьяна, Оьрсийчоьнан президентан Iуналлехь йолчу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан хьалханча Фадеев Валерий а ца хIоьттира и хилам йемалбан. Низам лардаран органаша хIинца а гуш-хезаш реакци йина йац.

SOTA телеграм-канало "Другая Россия Лимонова" хьастана тIетевжаш дIахьедира, нацбола Фишер Славас Талламан комитета арз дина, Никита Журавельна йеттарна тIехула Кадыров Адамна хьокъехь таллам бар, иштта Кадыров Рамзанна а, Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-н куьйгалхочунна а хьокъехь – шайн бакъонел совбийларна бохучу артиклашкахула.

Арахецначу видео тIехь Фишера шен арз тIера йоза дIадоьшу, чухIоттийначу суьрта тIехь иза Талламан комитетан тIелоцийлана хьалха лаьтта кара кехат лаьцна. Цу тIехь Кадыровн видео тIера сурт ду, "Зуламхо ву лоьхуш. Шен ден кIант" аьлла йоза а ду.

  • КъурIан дагорна шеконашкахь волу Волгоградан вахархо Журавель Никита лецира стигалкъекъа-беттан 21-хь. Талламан версица, СБУ-н тIедилларца дагийна хилла цо КъурIан, цара 10 эзар сом лур ду аьлча. Ницкъахоша дIахьедина, Журавеля мукIарло деш, дIахьедина, ша СБУ-на лерина тIеман гIишлойн суьрташ дохуш вара аьлла.
  • Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыктн Александран тIедилларца, гIуллакх билггал Нохчийчу дIаделира, шаьш "волайнарш ду аьлла, дуккхаъчу Нохчийчуьра бахархоша дехарш дарна" аьлла, кхетийра цо цунах. Сацамна тIетайра оьрсийн юстицин министр а, цо элира, оцу гIулчо "гIо дийр ду дуккха а кеп-кепара къаьмнаш дехачу пачхьалкхехь дин а, делах тешачийн дог-ойла а лара".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG