ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн кIантана ГIезалойчоьнан лараме орденца совгIат дина


Кадыров Адам
Кадыров Адам

Нохчийчоьнан куьйгалхочун 15 шо долчу кIантана Кадыров Адамна ГIезалойчоьнан "Дуслык" йезачу орденца совгIат дина – "къаьмнашна а, динашна а йукъара барт, машар а чIагIбарна".

ГIезалойчоьнан куьйгалхочо Минниханов Рустама ша дIакхачийна Кадыров-жимахволчунна орден. Церемонира йаьккхина видео йаржийна социалан машанашкахь Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана а, Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама а.

"Шеко йац, и лакхара совгIат рогIера тоьшалла ду сан вешин кIентан Адам Рамзановичан башха корматаллаш а, къегина похIма а хиларан! Жимчохь дуьйна шен Iалашоне кхийдаш, чIогIа хьекъале, доьналла долуш стаг ву иза", - йаздина Делимхановс.

ГIезалойчохь 2015-чу шарахь йукъайаьккхина "Дуслык" орден. Омраца а догIуш, и луш йу "экономикан, йохка-эцаран, Iилманан, техникан, социалан, культурин зIенаш кхиорехь дакъалацарна, индустрин потенциал, пайде инвестицин, гIоьналлин, йукъараллин гIуллакхаш деш ГIезалойчоьнан республика кхиорна". 15 шо долчу Кадыров Адамца царех муьлха догIуш ду, Iедалхоша дуьйцуш дац.

Цу тIе, "Дуслык" орден йала магош ду "ГIезалойчоьнан республикана гIуллакх дар" аьлла мидал йеллачул тIаьхьа. Цуьнца Кадыров Адамна совгIат динера аьлла хьалхо бина хаам бацара.

ГIезалойчоьнан йеза орден Кадыров Адамна йелла, кIира хьалха оцу мехкан Пачхьалкхан кхеташонан депутато Хамаев Азата массарна а хьалха дIахIоьттина, Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь 19 шо долчу Журавель Никитина йиттинчул тIаьхьа Кадыров Рамзанан кIантана Нохчийчоьнан Турпалхо седа баларна ша реза цахилар дIахаийтинчул тIаьхьа. ТIаьхьо Хамаевс бехк цабиллар дийхира, цо ма-аллара, "вежараллин къаьмнийн йукъаметтигашна зен дийр долу" шен "эмоционале къамелана".

  • КъорIан дагийна аьллачу шеконашца Журавель лецира стигалкъекъа-беттан 21-хь. Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран тIедилларца, гIуллакх билггал Нохчийчу дIаделира, шаьш "зен хилларш ду аьлла, дуккхаъчу Нохчийчуьра бахархоша дехарш дарна" аьлла, кхетийра цо цунах.
  • Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь Журавель Никитина йиттира 15 шо долчу республикан куьйгалхочун кIанта Кадыров Адама. Шен кIанта динчух дозалла до ша аьлла, дIахьедира Кадыров Рамзана.
  • Нохчийчуьрчу полицино таллам болийра, амма сацам бира – Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIант жоьпалле озон йиш йац иза дукха жима хиларна аьлла.
  • Кадыров Адамна Нохчийчоьнан Турпалхочун цIе йаларх гIадужу-беттан 6-чохь шен телеграм-каналехь хаийтира Пачхьалкхан думин депутато Делимханов Адама. Цо дIахьедира кхиазхочо дешарца а, спортехь а кхиамаш бахарх, хастийра иза дика кIант ву аьлла, амма совгIат хIун динчунна делла, билгал ца даьккхира.
  • Кавказ.Реалиин сайте дийцира "Дозор" боламан куьйгалхочо, Журавель Никита ваьхначу Волгоградан кIоштара боллу депутаташа цунна йеттар тергамза дитира аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG