ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн кIантана пачхьалкхан совгIаташ дарх хууш дац шена аьлла Песковс


Песков Дмитрий/ Архивера сурт
Песков Дмитрий/ Архивера сурт

Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарьна Песков Дмитрийна хууш дац Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана Кадыров Адамна пачхьалкхан совгIаташ дарх лаьцна, дуьйцу пачхьалкхан хаамийн ТАСС агенталло.

"Пачхьалкхан совгIаташ дан иза хьалхататтарх лаьцна соьгахь информаци йац. Суна хууш хIума дац цунах лаьцна", - жоп делла Песковс, Кадыров-жимахволчунна регионалан тIегIанехь мидалш йелла ца Iаш, Оьрсийчоьнан президенто совгIат лур долуш дуй аьлла, шега хаьттича.

Хьалхара совгIат делира Кадыров Адамна, КъорIан дагорна бехкевина Соьлжа-ГIаларчу талламан изоляторехь латточу Журавель Никитина йиттинчул тIаьхьа. Полицино дуьхьало йира цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх доло, жоьпалле озон хан йац цуьнан аьлла.

Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана ворхI совгIат дира: йуьхьанца республикин "турпалхо" вира цунах, цул тIаьхьа ГIезалойчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта Балкхаройчоьнан а совгIаташ делира, цул совнах, "Умматана хьалха гIуллакъаш дарна" I-чу бараман орденца а, иштта нохчийн "Даймехкан сий" орден, "Оьрсийчоьнан спецназан университет кхиорехь дакъалацарна" I-чу барамера орден а йелира. Охьадаргардинчех цхьадолу совгIаташ дала хан йолуш а вац иза.

  • КъорIан дагийна аьллачу шеконашца Журавель Никита лецира стигалкъекъа-беттан 21-хь. Талламан версица, цо дагийна КъорIан I0 эзар сом лур ду аьллачу СБУ-н тIедилларца. Ницкъахоша дIахьедина, Журавеля мукIарло деш дIахьедина, ша СБУ-на лерина тIеман гIишлойн суьрташ дохуш вара аьлла. Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран тIедилларца, гIуллакх таллийта билггал Нохчийчу дIаделира.
  • "Мемориало" Журавель политикан тутмакх лерира. Бакъоларйархой шек бу, бусулбачийн коьрта книга йагийнарг и хиларна, иштта цара бохура, иза Нохчийчу дIавалар, совнаха нах цунна тIебитар "вуно чIогIа низам дохор ду".
  • Нохчийчоьнан урхалхочун кхоалгIа кIант – 15 шо долу Кадыров Адам – масийттаза нисвелла федералан тIегIанера скандалашна йукъахь. Ринга тIехь ницкъбора жимчохь Кадыровн кIанта, ткъа Украинехь тIом болийчхьана кест-кеста нахана йукъаволу иза герзаца, цо дакъалоцу тIамна йечу пропагандехь а. Кавказ.Реалиин сайто дуьйцу, махкахь цуьнан васт муха хьалхатоьтту.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG