ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн кIентан "толам," Янгулбаевх "экстремист" вар, цIера йедда йоI "маьрша хилар". КIиранан хаамаш


Блогер Тамаев Асхьаб а, Кадыров Адам а
Блогер Тамаев Асхьаб а, Кадыров Адам а

Кадыровн Iаткъам а, Пригожин дIаволлар а, "Iазапашна дуьхьал Команда" арахьара агент ларар, Кадыровн кIанта "корматалла йолчу" ницкъахошлахь толам баккхар – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршонан 26-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Кадыров а, Пригожин дIаволлар а

Санкт-Петербургехь дIавоьллина ЧВК "Вагнеран" куьйгалхо Пригожин Евгений. Оьрсийчоьнан турпалхо цIе йолу стаг леррина дIавуллуш Iедал ду, амма цуьнан церемони йа герзаш ца кхуссуш, совнах тешаш боцуш дIайаьхьна. Ца веара цига йа президент Путин Владимир а, тIеман министраллина дуьхьал вистхуьлучу хенахь "хьомсара ваша" а баьхна, тIаьхьо ойла хийцина йа Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а. Редакцино хеттарш дина эксперташ тешна бу: "Пригожин дIаваккхар Кадыровгахьа ду" аьлла.

ЧВК "Вагнеран" долахочух ша тIаьххьара йазйинчу постехь Кадыровс дIахьедира, Пригожинан а, шен а доттагIалла долу "дуккха а хан йу" аьлла. Къаьсттина нахана гергахь Кадыров Рамзанан а, Пригожин Евгенийн а доттагIаллин йукъаметтигаш чIагIйелира Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно тIом болийначул тIаьхьа. Нохчийчуьра лаамхой олурш тIамтIехь ЧВК "Вагнере" хьийсор доцург а, лаккхарчу даржхойх Кадыров цхьаъ бен воцург ву, йолахойн куьйгалхочунна цуьнан тIеман министраллина дуьхьал иккхинчу конфликтехь тIетайнарг.

ХIетахь Пригожина критика йира Шойгу Сергейна тIеман гIирс цатоарна, ткъа инарла-лейтенантана Лапин Александрна – тIамтIехь кхиамаш цабахарна. "Коьртачу штабехь кIелхьарвоху" инарла "похIмадоцург" ву элира Кадыровс.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо "хьомсара ваша" баьхна Пригожин дарбанан цIийнехь политикан бIанакъосташна тIе а хIуьттура, Кадыровца гергарло теснера цо, шен долахь эскар вовшахтоха ойла а хиллера эццахь Кадыровн. Делахь а, зазадокху-баттахь Москвахь хиллачул тIаьхьа шен ойла хийцира Кадыровс цIеххьана. "Хьекъале" хIума ду элира цо тIеман министралло мел дийриг, ткъа патармаш тоаме бац бохуш, латкъамаш бийраш шаьш бехке бу бохура.

Оцу дешнашна хIетахь Пригожина жоп ца делира, амма "вежарий" хиллачу шиннан йукъаметтигаш гамйелира. Мангал-беттан йуьххьехь массарна а гергахь, шайн бIанакъостий йукъа а балош, къийсамаш хилира церан, хьенан тIеман дакъа пайден ду бохуш. Масех де даьлча нохчийн "Ахмат" декъо "лаамхойн" тобанхойх уггар а хьалха контракт дира тIеман министраллица – ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочунна хIуьттарена.Ткъа бутт бовш кадыровхой Ростов-на-Дону гIала баха новкъабевлира, тIеман бунт гIаттийначу йолахошкара гIала схьайаккха Iалашонца. ТIеттIа ца кхечира уьш: нохчийн эскархой севцира Ростов чувуллучохь, ткъа Пригожин реза хилира Беларуси дехьавала.

ЧВК "Вагнеран" "Нийсонан маршах" лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхо вистхилира цул тIаьхьа 12 сахьт даьллачул тIаьхьа, Путин цунах лаьцна дош аьлча.

Цунна тIаьххье Кадыровс бунт гIаттор "йамартло" йара элира. ТIаьхьо хаамбора, Украинерчу тIамтIехь йолахойн метта Нохчийчуьра эскархой хир бу бохуш.

Талламо официалехь Пригожин валарх дIахьедале, амма Путин вистхиллачул тIаьхьа, кема чударах йуха а комментарий йира Нохчийчоьнан урхалхочо.

Кадыровс кадам бира ЧВК-н долахочун доьзале, иза "Iаламат чIогIа ийна, къарлур воцуш стаг вара" аьлла, билгалдоккхуш. Иштта дIахьедира, Пригожинна "тIаьхьарчу хенахь йа ца гора, йа ган ца лаьара пачхьалкхехь хуьлуш долчух ма-дарра дерг". Пригожин вала хьаьхна ву ала гIератарий Нохчийчоьнан куьйгалхо, ца билгал ца даьккхира.

Кадыровхоша лоьху нохчо дIавала хьийза Польша

Нохчийчуьра вахархо О.Зеламха лаьцна Польшин дозанхоша, депортацин набахте хьажийна иза, хаамбина Кавказ.Реалиига цуьнан хиллачу хIусамнанас. Даймахкахь цунна веран кхерам бу, тешна йу иза.

Оьрсийчоьно федералан лехамашка велла, Интерполехула дIавехна Зеламха, Шемара террорхойн организацешца йукъарлонаш хилла ву аьлла. Редакцица къамелдечо бахарехь, шайггара дехкина бехкаш ду уьш. Цуьнан хилла хIусамда биллгал хилла ву Шемахь, амма президентан Асад Башаран рожана дуьхьал лаьттачу "Маьршачу шемахойн эскаран" декъехь. Францихь и тоба террорхойн лоруш йац, боху цо. ХIетте а, Нохчийчуьра вахархочо пхи шо даьккхина набахтехь терроризмана бехкевина.

Марсхьокху-беттан 23-чохь Францира аравелира Зеламха, хIунда аьлча, оцу махкахь ваха бакъо ца йеллера цунна. Цуьнан гIуллакхан йоллу материалаш оьрсийн ницкъахошка дIакхачийна Францино, билгалдоккху къамел дечо, - цул тIаьхьа иза лехамашка велла боху цо.

Польшин бакъоларйаран органийн белхахоша иза лацаран бахьана документашца доьзна ду аьлла. Кхин сов даьккхина хIуммаъ а ца аьлла Iедалхоша.

"Iазапашна дуьхьал Команда"-арахьара агент + Янгулбаев экстремистийн тептарехь

Арахьарчу агентийн реестре йазйина юстицин министралло "Iазапашна дуьхьал Команда". Оцу хаамах лаьцна хиъна марсхьокху-беттан 30-чохь, бакъоларйаран организаци кхоьллина 23 шо кхочуш. Къилбехь а, Кавказехь а шен филиалаш йолчу "Командо" кхин а дIа а бийр бу шайн болх.

Бакъоларйархой лерина бу юстицин министраллин сацамна латкъамбан, хаамбина бакъоларйаран организацин куьйгалхочо Бабинец Сергейс.

Оцу статусо мел новкъарло йийр йу балхана башха къаьсташ дац, амма уггар а хьалха хьаькамашна Iаьржа билгало йу из аьлла, тIетоьхна цо.

Хьалхо "Iазапашна дуьхьал Командин" цIе йара "Iазапашна дуьхьал Комитет" – и организаци 2022-чу шеран мангал-баттахь кхоалгIа а арахьара агент лерира, и сацам йухабаккхийта ницкъ ца кхечира бакъоларйархойн. ХIетахь Краснодарера КПП-н филиалехь толлуш дара полицихь ницкъбина 30 гIуллакх Къилбаседа Кавказехь – 22. "Комитет" дIайаьккхира, цуьнан метта керла "Iазапашна дуьхьал Команда" аьлла йукъаралла схьайиллира, цо кхин дIа бехьира и болх.

Цул совнах, кху кIиранах гучудаьлла нохчийн бакъоларйархо Янгулбаев Абубакар Росфинмониторинган террорхойн а, экстремистийн а тептаре ваккхарх.

Мича артиклан буха тIехь иза тептаре вазвина, билгадаьккхина дац. Хьалхо Кавказ.Реалиино хаамбира жигархо федералан лехамашка валарх – иштта карточки тIехь а йаздина дацара, мича буха тIехь велла.

Марсхьокху-баттахь дийца даьккхира, Янгулбаевна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхарх, терроран гIуллакхаш дар хьоьхуш, интернетехь кхайкхамаш барна. Бахьана хиллера, стохкалера Янгулбаевн телеграм-каналера публикаци: "2022-чу шеран стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь тротил эккхар ду, 2004-чу шеран стигалкъекъа-беттан 9-чохь а санна" аьлла, цо йазйина хилла. Соьлжа-ГIаларчу стадионехь Нохчийчоьнан президент Кадыров Ахьмад кхалхар ду дуьйцург.

Оцу гIуллакхах лаьцна иштта дуьйцу Янгулбаевс: "Суна хетарехь, цунах лаьцна дешча, иштта ойла йен йолчу нахана лерина дина хIума ду и: "Янгулбаев Абубакар – террорхо а, экстремист а верг вуй иза? Аааа, тIаккха кхеташ ду, иза хIаллакван Кадыров стенна гIерта". Шайн планехь нохчийн бахархой Iадийначул тIаьхьа, хIокху дуккха а шерашкахь иштта схьабогIу уьш, цунах цхьа а цецвер вац. Кхин а тIе психологина Iаткъам бар ду хIара. Оцу артиклашкахула Интерполе лехамашка лойла ду. И бохург хIун ду, кхечу пачхьалкхашкахь кхин а тIе совнах бюрократин халонаш Iитталур йу".

Жигархочунна дуьхьал айдина шолгIа гIуллакх ду хIара. Мангал-баттахь цунах шеко хилира, цо экстремистийн гIуллакх лелор вовшахтоьхна аьлла. Бахьана дара, цуьнан вежарша ИбрахIима а, Байсангура а лелочу оппозицин 1АДАТ боламан эфирашкахь дакъалацар. Оцу йукъанна ша бакъоларйархочо масийттазза дIахьедира, шен телеграм-каналаца гIуллакх дац, йа цара лелочунна реза а вац ша аьлла.

Нохчийчуьра йеддачу йоIана кхерам бац - омбудсмен

Нохчийчуьра адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура дIахьедина, махкара йахархо Сулейманова Седа "кхерамзаллехь" йу, цуьнан "цхьана а хIуманах кхоьрийла дац" аьлла. Шен дешнаш тIечIагIдеш цхьана а кепара тоьшаллаш ца далийра цо. Иштта ца хьхийра цо, къола дина аьлла, бахьана а хIоттийна, Нохчийчу Сулейманова дIайигинчу гIуллакхах лаьцна а. Лачкъийначул тIаьхьа йоьIан таро ца хилла шегарчу хьолах лаьцна дийца.

Карладоккху, марсхьокху-беттан 23-чохь Сулейманова а, цуьнца хилла Кудрявцев Станислав а дIадигира Петербургера петарера веа стага, царех шиммо шаьш полицин белхахой ду элира, биссинарш могIарерчу нехан духарца бара, дийцинера Кудрявцевс бакъонашларйархошка.

ЙоI а, Кудрявцев а гIалин 54-чу полицин декъе далийнера. Жимстаг дIавахийтина, ткъа Сулейманова сацийна I50 эзар соьмана цо хIуманаш лечкъийна аьлла.

Бакъоларйархошна хетарехь, къола дарх гIуллакх шайггара кхоьллина ду – Нохчийчохь нах лечкъочу заманчохь гуттар а хIоттош бахьана ду и.

Кху шеран чиллин-баттахь Сулейманова лачкъон гIоьртинера цуьнан вежарий, цул тIаьхьа болх а, ша йеха адрес а хийцинера цо. 2022-чу шеран гIадужу-баттахь бакъоларйархошка орца дехнера цо, ша кхачам боллуш динехь цахиларана, гергарчара "сий лардеш" йерна кхоьру ша аьлла. ТIаккха Нохчийчуьра йеддера йоI.

Хьалхо Кавказ.Реалиин сайто дийцира, гIело латторах бевддачаьрга йуха Нохчийчу дIабигча камерана хьалха а хIиттош, шайн проблемаш йац бахийтарх. Бакъоларйархоша хIиттийна суьрташ ду боху и сюжеташ: лечкъийна бигина нах, шайна тIехь гIело латтийначийн йуха каракхаьчча, царна дуьхьал бовла ницкъ ца кхочу аьлла.

Кадыровн кIентан тобано баьккхина толам

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбина шен 15 шо долчу кIентан Адаман тобано герз тухучу чемпионатехь, цо ма-боххура, "элитан ницкъахошлахь", толам баккхарх. Къийсамаш дIабаьхьна Гуьмсерчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь", Кадыровс бахарехь, цигахь дакъалаьцна 17 тобано. Цуьнан дешнашца аьлча, "Оьрсийчоьнан 10 регионера элитан ницкъаллин структурашкара эскархоша".

СовгIаташ доькъучу барамехь Кадыров Адаман тобанна 1 миллион соьмана сертификат делла. "Спецназан университетан" куьйгалхочунна Вайханов Байбетарна "Нохчийчоьнан Турпалхо" аьлла, цIе йелла, иштта машенан догIанаш а. Доллу совгIаташ Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан чоьтах эцнера боху.

Сцени тIе кхайкхира иштта "уггар къона" къийсаман декъашхо Кадыров Адам а –"лидеран хьуьнарш" хиларна цунна а совгIат дира. И хьуьнарш цо хIун дина гайтина а, дуьйцуш дац.

Нохчийчоьнан хиллачу президентан Кадыров Ахьмадан винчу денна лерина йара чемпионат.

Iалашонашлахь дара – боллу кечамца дуьхьалонан асанах чекхвалар, тайп-тайпана герз кхийсар, тIом бар, иштта машенчохь а, гIагI диллинчу транспорта чохь а болх бар, йаздина Кадыровс.

Маршо Радионо масийттазза хаамаш бора, къийсадаларшкахь Нохчийчохь а, цул арахьа а дукха хьолахь толам Кадыровн берашкахь буьтуш хиларх.

Хьаькаман воIарий а, йоьIарий а "къаьстина" бу аьлла, сурт хIиттон хьийзаро дискриминаци йо Нохчийчуьра кхечу берашна, билгалдаьккхира редакцица къамел динчара.

***

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

  • Google Podcasts
  • YouTube
  • Spotify
  • Overcast
  • Amazon
XS
SM
MD
LG