ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна критика йарна лачкъийна волчу шина вешин да инсультех кхелхина


Солсаев Хьамзат а, Леча а
Солсаев Хьамзат а, Леча а

ХIара шо долалуш Нохчийчуьрчу Iедална критика йарна лачкъийна волчу шина вешин Солсаев Лечин а, Хьамзатан а да кхелхина инсультах. Цунах лаьцна дуьйцу оппозицин 1ADAT телеграм-канало. Кавказ.Реалиин редакцина аьтто баьлла и хьал девзаш волчу стаге хеттарш а дина, и хаамаш тIечIагIбан.

Телеграм-каналан хаамашца, синлазамаш бахьанехь хилла СолсаевгIеран вежарийн дена инсульт. Веллачун цIе йуьйцуш йац.

Дечкен-беттан 9-хь хиира, нохчийн Iалхан-ГIалахь ницкъахоша 20 гергга стаг лачкъийна хилар, царлахь вара Леча а, Хьамзат а СовсаевгIар. Уьш дIалецаран официалера хаамаш девзаш дацара, амма Кавказ.Реалии сайтан масех хьостано дийцира, экстремизмана бехкебеш хила мега уьш аьлла.

ТIаьхьо гучуделира, СолсаевгIеран вежаршна тIехь къиза ницкъбина хиллера Нохчийчоьнан куьйгалиина критика йарна – уьш дуьххьара Соьлжа-ГIалин РОВД-н кертахь латтийра, тIаккха экстремизмана дуьхьало латторан центре дIавигира. 1ADAT-н хаамашца, СолсаевгIарна дуьхьал хIинца харц кхоьллина гIуллакх доккхуш ду, амма официалехь царна бехкаш дехкина дац.

Тоьшаллашца дуьстича, вежарша зуламаш лелийна дацара, бехктакхман гIуллакхаш а ца даьхнера царна дуьхьал. Вежарех цхьаверг телефонаш йухкуш вара, важа балхахь вацара, ша лачкъоле ши де хьалха зуда йалийнера цо. Церан нана 4-чу тIегIанерчу онкологех бала хьогуш йу.

Царна тIехь Iазап латторах а, уьш лечкъорах а болчу хаамашна комментари ца йира.

  • 2022-чу шеран гIадужу-баттахь Нохчийчохь даге лазар а деана велла Мурадов Адам – юьззина йоцу мобилизаци дIакхайкхийча Соьлжа-ГIалахь хиллачу митинган декъашхочун хIусамда вара иза. Адамийн бакъонаш ларъяран "Мемориал" Центро яздарехь, шен зудчунна йеттийтина цуьнга, тIаккха церан 18 шо долу кIант Валид (цхьаболчу хаамашца Абу ву иза) Украинерчу тIаме хьажийна.
  • Нохчийчуьра Алхазов Аюб а, Тазабаев Рамзан а кхелхира, махкарчу полицин декъехь Iазапаш хьегначул тIаьхьа. Ницкъахоша лачкъийна вигина, хьийзийначул тIаьхьа ца ваьллачу денна Оьрсийчуьра дIавахначу Алхазов Мубарикан деваша а, стунда а вара и шиъ.
  • Къайлах набахтеш республикехь йац бохуш, дохку бехкаш тIе ца дуьту Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Доккхачу декъанна, цо дIахьедира, шен шахьаран дозана тIехь бакъо йоцуш лецнарш чохь латтон лармаш йац аьлла. Оппозицин блогеро Янгулбаев ИбрахIима дийцира, ша чохь валлийначу къайлахчу набахтех лаьцна, дийцира иштта Кадыровс дакъалацарх ницкъбеш.
  • 2019-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Нохчийчохь тIепаза вайна 4 984 стаг. Шен барамашца йаккхийчу Москвахь а, Москван кIоштахь а долчу терахьашца дуьстича, дукха лахара дац иза. Байна нах наггахь бен ца карочу регионашлахь а иштта "лидер" ю Нохчийчоь. Республикехь хIора шарахь бовш болчу 1 700 нахалахь схьакараво 20-30. Къилбаседа ХIирийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а хьал дика ду, делахь а, цигахь карош вац хIора иттолгIа бен. И зераш 2021-ра шо довш зорбане дехира пачхьалкхан РИА "Новости" агенталло, Оьрсийчоьнан МВД-н диллинчу хьасташна тIетевжина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG