ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн критикаша дӀакхайкхийна Нохчийчохь кхин а бахархой лечкъийна аьлла


Кадыровхой Нохчийчохь, гайтаман сурт
Кадыровхой Нохчийчохь, гайтаман сурт

Дозанал арахьа бехачу Кадыров Рамзанан Ӏедална критика йечара хаам бира Нохчийчуьрчу Шела кӀоштан дуккха а бахархой ницкъахоша дӀабигарх лаьцна. Кхечу хьостанашкара и хаам тӀечӀагӀбина бац.

Оппозиционераша дийцарехь, верриг а лачкъийна 30 гергга стаг, зорбане йаьккхина итт стеган цӀе – оццу фамилешка хьаьжча, уьш бу АхматхановгӀеран а, ДжаватхановгӀеран а шина доьзалера нах. Кхечу хьасто цӀе яьккхина лачкъийна бохучу кхин а шина Джаватхановн, царех цхьаннан 14 шо ду боху. Иштта де хьалха хаам баьржира Соьлжа-ГӀалин гергарчу Гикало юьртахь Исаев фамили йолчу шина лачкъийначух лаьцна, ткъа товбеца-беттан 6-чу дийнахь – Шелахь Домбаев Ӏабдуррахьман лачкъийна хиларх лаьцна а.

И нах лечкъоран бахьанаш хууш дац, Нохчийчоьнан куьйгалхочо а, махкара бакъоларйаран органаша а, меттигерчу пачхьалкхан зорбанаша а бина хаам бац Шела кIоштахь рейдаш дIайахьарх.

  • Хьалхо товбеца-беттан юьххьехь махкал арахьа вехачу оппозицин нохчийн блогеро Халитов Хьасана дӀакхайкхийра республикехь шен да а, ши ваша а лачкъийна хиларх лаьцна. Иза кхоьрура Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана царна дуьхьал цхьана 1алашонца репрессеш ян мегаш хиларна.
  • Мангал-бутт чекхболуш нохчийн оппозиционерша хаам бира, Дагестанехь герзашца тӀелатарш дарца доьзна республикехь рейдаш йина аьлла. Рейдаш дӀайолаелира Кадыровс "юкъараллин кхерамзалла ларъярехь болх чӀагӀбар, терроризмана а, динан экстремизмана а дуьхьало яр" тӀедожийначул тӀаьхьа. Иза дуьххьалд1а "Дагестанехь хиллачу бохамечу хиламашца" дузура цо. Ницкъаллин структурийн белхахошна тӀелетарш дечу нехан гергарчарна ч1ир кхайкхор йу, уьш бойур бу аьлла кхерамаш туьйсура Кадыровс.
  • Стигалкъекъа-баттахь Нохчийчохь ницкъхоша лачкъийна бӀеннашкахь меттигера бахархой, лоьмарш тӀехь "Дустум" дош а, неӀарехь "К13" йоза а долу "Лада Нива" машенах цӀетасар бахьана долуш – машен хиллера Кадыровн кӀанта Адама лелош. Цул тӀаьхьа дуккха а меттигашкахь рейдаш дIайахьарх а, нах лечкъорах а информаци тӀечӀагӀйира "Мемориало". Лачкъийначех цхьаъ, нохчийн оппозиционерийн информацица, полисхоша ницкъ бинчул тIаьхьа велла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG