ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровн леррина жоьпалла": Мусаева Заремин гIуллакхехула ЕСПЧ-кхелан сацам


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Нохчийн оппозиционерийн ненан Мусаева Заремин гIуллакх листина Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Бакъо йоцуш Соьлжа-ГIала иза дIайигарна а, ницкъахоша йуьйр йу бохуш кхерамаш тийсарна а, цунна тIехь гIело латторна а сацамбина кхелахоша компенсаци дIало аьлла. Таханалерачу хьелашкахь Оьрсийчоьно ЕСПЧ-кхелан юрисдикци къобалъйеш ца хиларна, оцу сацамах хIун хир ду къастийра Кавказ.Реалии сайто.

Колонихь йолчу 54 шо долчу Мусаева Заремина 54 эзар евро компенсаци кхачийна, кхин а 6,5 евро цуьнан хIусамдена, Нохчийчуьра Лакхарчу кхелан суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдина а, цу шиннан йоIана Алияна а дIадалар тIедожийна Оьрсийчоьнна. Сацамехь билгалдаьккхина, шина кIиранах гергга лачкъийначух лаьцна хууш хIума дацара цуьнан гергарчарна, Нохчийчоьнан урхалхочо кхерамаш тийсарна кхоьрура цуьнан кхоллам муха нислур бу ца хууш аьлла.

"Iазапашна дуьхьал Командин" юристаша чуделлера арз Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле. Иск къобалйар ду - Нохчийчуьра Iедалхошна луьйш болчу цуьнан кIенташна бекхам бар хилар Мусаева лаьцна йитар, йаздина бакъоларйаран организацин куьйгалхочо Бабинец Сергейс.

Кхера а кхоьруш, сийсазаллаш лар

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бинчу сацамехь кхачам боллуш вовшахтоьхна хиллачух хронологи.

2022-чу шеран дечкен-беттан 20-чохь дийнахь ши сахьт долучу заманчохь пхиъ-йалх полицин белхахо цхьаьна а волуш цхьа тоба кхечира ЯнгулбаевгIеран петаре. Оцу хенахь Оьрсийчуьра дIабаха шайн хIуманаш вовшахтухуш хиллера доьзал. Нохчийчуьра полицин белхахоша, цара шаьш тIаьхьо ма-дийццара, дIахьединера Мусаева а, цуьнан хIусамда а тешашка санна хеттарш дан Соьлжа-ГIала дIадига даьхкина ду шаьш аьлла. Чиллан-беттан 14-чохь тIедахка деза шу аьлла, кара кехат деллера цара.

Цул тIаьхьа йалх сахьт даьллачу заманчохь полисхой йуха чулилхинера церан хIусаме, цу тIе шолгIа чугIоьртинчу хенахь ницкъ бинера цара: 21 шо долу Мусаеван йоI Алия лаьтта охьайиллинера, ткъа Янгулбаев Сайди йуьстах ластийнера, шен хIусамнене йовха бедарш, паспорт, диабет йолчу цунна оьшу молханаш а дIакховдочу хенахь. Лачкъийна йуьгучуьнга царех цхьа а хIума схьа ца эцийтинера. Соьлжа-ГIала дIайуьгучу оцу бехачу новкъахь – ши эзар километар гергга- Мусаевана йуург ца йеллера, шен гIуллакх дан пурба деллера некъа йистехь лайтIехула когашIуьйра дIа а хьажош.

Цхьахволчу полисхочо йуьхьа тIе буй тоьхна хиллера цунна. Полисхочунна тIелеттера аьлла Соьлжа-ГIалахь Мусаеван хьокъехь хIоттийна протокол лерира кхело кхин а цхьа низам цо дохийна аьлла. И протокол бахьана долуш дуьххьара чохь даккха 15 дей-буьйсий туьйхира цунна.

Нохчийчоьнах хьакхалуш дуьххьарлера сацам бу хIара, "пачхьалкхан векалийн" цIераш а йохуш

Оцу заманчохь цунах хилларг хууш боцчу гергарчарна кхерамаш хезабора мехкан Iедалхоша боллу доьзалан цIарах. Мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана дуьххьалдIа элира, церан "доьзале хьоьжуш набахтехь, йа лаьтта бухахь меттиг бу", ткъа Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама дуй биира церан коьртеш даха. Цу кепара чулацам болу роликаш дIайазйира Нохчийчоьнан вице-спикеро Висмурадов Абузайда а, Соьлжа-ГIалара чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллин хьаькамо Айдамиров Денис а, вице-премьеро Тумхаджиев Iийсас а, орцанан министраллин урхалхочо Цакаев Алихана а, Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан командир Чалаев Замида а.

Дечкен-беттан 21-чу дийнера чиллан-беттан 3-чу дийне кхаччалц доьзална хууш хIума дацара Мусаеван могушаллех а, иза йолчу меттигах а - ши кIира даьллачул тIаьхьа цунна дуьххьара тIебитира адвокаташ, ЕСПЧ-кхело билгалдаьккхина и кхин а цхьаъ низам дохийна меттиг бу аьлла.

"Кхело хIинцале а комментари йина регионехь таIзар деш цахиларан, нохчийн Iедалхошна шайн оппоненташ хета нах байъарх, бертаза уьш къайлабахарх, царна тIехь къизаллаш хьегарх долчу гIуллакхашкахула сацамаш беш. Массарна а хезаш тийсина и кхерамаш билггал а дендерг дара, царна йина чевнаш йацахь а, дIахьединарш кхерамечу хьолехь бара", - аьлла хьесап дина Страсбургера кхело.

ЦIерашца охьабагарбина

Шен цхьа бакъахьара контекст йолуш бу и сацам ша, хIунда аьлча цу йукъаэцна Кадыровс а, иштта кхинболчу лаккхарчу даржхоша а и кхерамаш тийсина хилар, билгалдоккху Мусаеван кIанта- бакъоларйархочо Янгулабаев Абубакара.

"Со кхетарехь, цIераш ца йохуш "пачхьалкхан векалш" билгалбаьхна ца Iаш, шайн цIерашца лаккхара даржхой буьйцуш, уггар хьалха Кадыровн цIе а йоккхуш, нах билгалбаьхна Нохчийчухула хиллачу кIезигчех гIуллакх ду хIара. ХIара тайпа сацам коьрта бу цуьнан диктатурина къийсам бечохь, хIунда аьлча, цо персоналан жоьпалла хилар билгалдоккху", - тергойира цо.

Камелдечо билгалдоккху, Кремль принципехь ца хIоьттира талламбан Кадыровс а, цул лахарчу тIегIанашкхаь болчу хьаькамаша а тийсинчу кхерамийн. Оьрсийчоьнан низамашкахула а гуш доллушехь, цара лелийнарг зулам хилар.

"Шайгарчу бакъонел совбуьйлуш лелла уьш, амма уьш жоьпалле ца ийзийна. Тахана а стенна леладо Кадыровс зуламаш? ХIунда аьлча, иза а, цуьнан тIедахкарш кхочушдийраш а тешна бу, шайна таIзар дийриг цахиларх. Сан доьзална кхерамш туьйсуш хиллачо цунна тоьшалла до", - дерзийра Янгулбаевс.

ЕСПЧ-н кхело бакъдина, цунна тIаьхьабовлар политикан буха тIехь хилар, цхьаъ бен йоцу Iалашо йара цуьнан – кIенташна Iаткъам бар

Оьрсийчохь болх бечу бакъоларйархочо, пачхьалкхехь репрессин низамаш чIагIдарнашен цIе кхайлайахьар дийхира цо, Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къамелехь билгалдаьккхира, суьдхоша дIало аьлла кхайкхийна 52 эзар евро Нохчийчуьра гIуллакхашкахула ЕСПЧ-кхелана сацамаш бан башха барам бац аьлла.

"Шо гергга хьалха изза ахча кхачийра Iазапаш хьегийтар аьллачу гIуллакхехула Кавказан халкъийн ассамблейн президентана Кутаев Русланна. ХIетахь иштта элира – йукъаралхочунна дуьхьал айдина гIуллакх таIзар дар ду Сталинан къам махках даьккхина рогIера шо кхачарна лерина конференци цо вовшахтохарна", - билгалдаьккхира къамелдечо.

Ткъа хIинца Европан кхело тIеэцначу сацамо цхьана а агIор йан гIоле йац Мусаева Заремин кхолламна, цунна гIо а хир дац цунах, хIунда аьлча, Оьрсийчоьно ЕСПЧ-н сацамаш кхочуш ца бен ши шо а ду, кхетийра цо. Амма тIейогIучу заманчохь пачхьалкхера политикан хьал хийцаделча, Европан Кхеташо а йухайерзийча, и сацам кхочушбан тарло, тешна ву иза.

"Мусаеван хьокъехь айдинчу гIуллакхехула ЕСПЧ-кхело жамIаш ца до, хIунда аьлча, и таIзар кхайкхийна ду адамийн бакъонаш ларъйечу Конвенцин тIедахкарш кхочушдарна Оьрсийчоьно жоьпалла тIера даьккхинчул тIаьхьа дина хиларна. Кхул а хьалха теллинчу администраиван бакъо йохорах гIуллакхехула низамаш талхийна хилар бен къобалдина дац", - тIетуьйхира къамелдечо.

Йуьстахбиллина сацам

Кадыров Рамзан а, цуьнан го а дуьххьалдIа цIераш а йохуш хьахийна Страсбурго шен сацамашкахь, амма и хьал тамашен дац, билгалдоккху адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" центран юристо Черникова Татьянас.

"Оцу кепара прецеденташ нислора, цхьана хьаькамо цхьанна кхерамаш тийсина, йа бакъонаш хьешна аьлла дуьххьалдIа тIечIагIдан ницкъ кхаьчча. Бакъду, хIоранна а йуьхьдуьххьал кхерамаш ца туьйсу Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Нах лечкъорах, кхел йоцуш адам хIаллакдарх долчу республикера гIуллакхашкахь дукха хьолахь билгал ца бохура бакъ болу и зуламаш динарш, уьш карон аьтто ца хилла олий", - кхетийра эксперто.

ХIинца-м цхьа а цец ца волу, Нохчийчоьнан куьйгалхочо массарна а хезаш нах байъа бохург хиларна

"Мемориалан" юристо чIоIга уникале ду элира Конвенцин 18-гIа артиклах пайдаэцар – цу тIехь боху, "легитиман бакъонан Iалашонашца" бен бакъонашна дозанаш деттар дац.

"Кхузахь бакъдина, Мусаева лачкъор а, цунна дуьхьал цкъа хьалха административан, цул тIаьхьа бехкзуламан гIуллакх деллар цхьана Iалашонца хилла хIума хилар -кIенташна Iаткъамбан, оппозицин болх Нохчийчохь цаьрга сацабайта. Аьлча а, ЕСПЧ-кхело бакъдина цунна тIаьхьабовлар политикан бахьанашца хилар", - билгалдаьккхира Черникова Татьянас.

Оцу сацаман тIаьхьенах дуьйцуш, спикеро билгалдаьккхира, Европан Кхеташона йукъара Оьрсийчоь арайалале хьалха тIехь хилла юридикан декхарш кхочушдина хила дезаш ду: "И хила тарлун хIума ду, нагахь санна пачхьалкхан Iедале демократин бакъонан Iедал кхачахь, Оьрсийчоь Европан Кхеташонах йуха дIакхетахь а".

Кхело къастийна билгалдаьккхина бакъоларйархошна а, Нохчийчоьнан оппозицин векалшна а кхерамаш тийсарх хIоьттина хьал, хьахийра "ОВД-Инфо" бакъоларйаран проектан юристо Фицнер Виолеттас.

"Регионера адамийн бакъонашца долу хьал кхин тIе а телхина догIуш ду, ткъа таIзар цадар чIагIлуш лаьтта. Рожан критикаш байъа бохуш, массарна а хезаш мехкан урхалхочо мохь беттарх, цхьа а цец ца волу, и кхайкхамаш бечарна деш таIзар цахиларо а цхьа а цец ца воккху", - элира къамелдечо.

ЕСПЧ-кхелан хеттаршна жоп лучу Оьрсийчоьнан Iедалхоша кхетийнера: лаьцнарг Нохчийчу йалийра, хIунда аьлча, полисхоша тIекхойкхуш дахьийтина кехат жоп доцуш дитинера цо. 2022-чу шеран чиллан-беттан 13-чохь Страсбурго тIедожийра Оьрсийчоьнан Iедалхошна лаьцначунна оьшу дарба латтор, амма цул тIаьхьа дукха ца Iаш Украинехь тIом баьккхира. ТIаккха шайга схьайоьху информаци дIа ца кхачайора Оьрсийчоьно.

  • 2022-чу шеран зазадокху-баттахь Оьрсийчоь Европан Кхеташонна йукъара йаьккхира, Украинана шуьйрачу тIамаца тIелатарна. Цунна дуьхьал жоп лучу Москвано сацам бира тIейогIучу заманчохь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамаш кхочуш ца бан. Оцу кепарчу омрана куьгйаздира президенто Путин Владимира мангал-беттан 11-чохь.
  • Стохка товбеца-баттахь Соьлжа-ГIалахь Мусаевана пхи шо ахшо кхайкхийра набахтехь даккха, тIаьхьо хан йацйира кхин а эхашарна. Бакъоларйархошна хетарехь, цунна тIаьхьабовлар "цуьнан доьзалера божарий цIа бахкийта Iалашонца, йа царна бекхам беш" дина хIума ду аьлла. Адвокаташа дIахьедора цуьнан гIуллакхца харцонаш лелорах. 2023-чу шеран гIуран-баттахь хенал хьалха Мусаева Зарема набахтера арайаккха дуьхьало йира.
  • 2023-чу шеран гIуран-баттахь Мусаева хенал а хьалха лаьцначуьра маьршайаккха дуьхьало йира. Стигалкъекъа-беттан йуьххьехь, цуьнан могушалла эшна йоллушехь, таIзархо дарбанан цIийне охьайилла дуьхьало йира. Устрада-ГIаларчу колонихь Мусаева йолчахь хиллачу адвокато Савин Александра дийцира хIетахь лазар теден молханашна тIехь иза хилар, Iасанаш йоцуш лелалуш цахиларх.
  • Кху шеран стигалкъекъа-баттахь дуьйна дийца даьккхира Мусаевана стационаран хьелашкахь деш дарба ду аьлла. Оханан-баттахь дуьйна далхадора Мусаева Заремас кога чохь лазар ду, и бахьанехь буса наб ца йо ша, молханийн барам а алсамбаккха дезна шен бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG